ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхошна ламазаш дан бертаза шайн бераш гулдарх латкъамбина Соьлжа-ГIалара дайша-наноша


Нохчийчуьра яхарха Соьлжа-ГIаларчу маьждигна хьалха, гайтаман сурт
Нохчийчуьра яхарха Соьлжа-ГIаларчу маьждигна хьалха, гайтаман сурт

Соьлжа-ГIалин бахархоша латкъамбина, гIалин коьртачу маьждигехь кадыровхошна тIера ламазаш дан бертаза шайн бераш дIагулдинера аьлла. Берийн бошмашкара дайша-наноша дIасабахьийтинчу хаамехь боху, йоллу республикехь тIедожийна хилар оцу "флешмобехь" дакъалаца.

Хьалха оппозицин нохчийн 1АДАТ боламо зорбане даьккхинера Соьлжа-ГIаларчу маьждигера сурт. Цу тIехь кIайн, сийна, цIен духаршца бераш ду Оьрсийчоьнан байракх тIерачу беснашкахь дIахIиттийна.

"Флешмобехь" дакъа ца лаьцначийн дайшна-наношна кхерамаш тийсинера, бераш дIадохур ду школазхойн дешаран хьукматашкара аьлла, дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте Соьлжа-ГIалара а, цуьнан гонашкара а масех къамел динчара.

"Кхерамаш тийсина, цхьана а берийн беша тхан бераш дIаоьцур дац аьлла. Вуьшта къаьстина элира, и кхерам бац, дIахаийтина информаци ю, кхиндIа оха тхаьш хьесап дан деза аьлла", - дийцина Соьлжа-ГIалина гена йоццучу эвлара вахархочо.

Шен бер маьждиге дахийта декхаре йира ша аьлла, дийцина кхечу къамелдинчо. И барам вовшахтоьхначийн Iалашонех иштта кхетийра цо: "Украинехь болчу салтих ламаз дан вовшахтоьхнера и бераш, хIунда аьлча, берийн дехаршна Дала жоп ло аьлла, КъурIанехь яздина хиларна".

Бертаза берашка оцу акцехь дакъалацийтарх Нохчийчоьнан Iедалхоша комментарий йина яц.

  • Кавказан регионашкахь акциш ю дIахьош Украинехь йолийна спецоперацина гIо латтош. Нах вовшахбеттачу флешмобашка, зорбанан гIирсаша дийцарехь, лоьхку суденташ а, дешархой а, бюджетан белхахой а.
  • Магасан Iедалхоша пачхьалкхан "Юнармия" боламера кхиазхой юкъабалийра бIе метар йолчу Бертан БIавна тIе Z элп тIехь долу байракх тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG