ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхошна лерна гIуда а, эскаран сий дайар а: Оьрсийчоьнан Къилбехь керла таIзарш


Архивера сурт
Архивера сурт

Украинехь тIом барна реза боцчу меттигерчу бахархойн хьокъехь административан гIуллакхаш луьстуш ду Оьрсийчоьнан Къилберчу мехкашкара кхелаша. Зазадокху-баттахь тIеэцначу КоАп Iедалан къепехь – пачхьалкхал арахьа пайдаоьцучу тIеман эскарийн сий дайарна, административан жоьпалле ийзабо уьш. Дукха хьолахь, тIаьхьало сингаттаме хила кхерамна а, полицино а, кхело а Iаткъам бой, бехкехетачара бехкаш тIелоьцу, шаьш дохкодийларх дIа а хьедеш.

Сочехь ехачу Популовская Светланина 30 эзар сом гIуда тоьхна. Кхелан хаамашца, дийнна Зазадокху-баттахь ватсапан мессенджерехь а, телеграман тобанехь а цо зорбане йохуш хиллера, Оьрсийчоьнан эскаро йитина тIаьхьало ю бохуш, йохийна гIишлойн а, лазийначу берийн а суьрташ а, видеош а. Цул совнах, Украинехь йолчу Нохчийчуьра тобанех а Популовскаяс "негативца дуьйцура". Субдхоша бахарехь, кхеле хIоттийначо социалан машанашкахь дIахьединера, Нохчийчу хьежош долу ахча саца ма диннехь, субъекто кхерамаш туьйсур бу йисинчу Оьрсийчоьнна бохуш. Кхеташоне ца еанера Популовская, амма мукIарло динера бехкехиларх, дохкояларх.

Ростовра Советский кIоштан кхело Мангал-беттан 9-чохь гIуда тоьхначу Ростоврчу Миклюков Борисан административан гIуллакхах лаьцна а къаьстина. Кхелан версица, телеграман мессенджерерчу "Обсудим" тобанехь эскаран сий дойуш, пост хIоттийнера цо. Кхелехь Миклюковс бехкана даредира, шегара даьллачунна дохковелира.

Краснодар-махкарчу Новороссийскера Приморскан кхело "сий дайарна" гIуда туьйхира меттигерчу яхархочунна Бучинская Ольгина. Зазадокху-бутт юккъе баьллачу хенахь кхачийра цуьнан гIуллакх кхеле, амма полици юхахьажийра, процессуалан бакъонаш талхийна хиларна. Нисйинчул тIаьхьа материал кхеле юха кхачийра, цо тIечIагIдира Бучинская бехкехилар.

Краснодар-махкарчу Темрюкскан кIоштахь дискредитаци лелорна протокол хIоттийра меттигерчу вахархочунна Остапенко Евгенийна. КIоштан кхеле кхаьчна иза, цкъачунна листина дац.

  • Ставрополерчу Октябрьскан кхело бехкевина 20 шо долу эскаре кхайкхина Морозов Савелий, Украинехь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш хиларна "дискредитаци" ярна, цунна гIуда туьйхира 40 эзар сом. Мангал-баттан 10-чохь масех сахьтехь лаьттира кхелан кхеташо. Оцу юкъанна кхело дуьхьало йира лингвистикан экспертиза яйта. Морозов лерина ву кхелан сацам къовса.
  • Дуккха а петарш йолчу цIийнан лифт чуьра "Zа наших" тIеяздина плакат, видео а йоккхуш, схьадаккхарна, цул тIаьхьа "Сайн ма-хуьллу зетца къийсам латтош ву со" аьлла, телеграмехь зорбане яьккхинчу Отраднов Николайн хьокъехь бина сацам Кранодарерчу Прикубанскан кхелан сайтехь зорбане баьккхина. Кхелехь Отрадновс кхетийра, "плакат тIерачу билгалоно – вежараллин шина къоман – Оьрсийчоьнан а, Украинан а, балахьегар дагадоуьйту, Оьрсийчоьнан эскархоша дIахьочу спецоперацицга йолу дог-ойла гайта лууш вара" ша аьлла.
  • Кранодаран вахархочух Васюков Дмитрийх 30 эзар сом гIуда хьарчийна. ГIуллакхан материалшаца а догIуш, цхьааллин пикете ваьллера жигархо "Машарна-Машар! Спецоперацеш ца оьшу" аьллачу плакатца. Кхелан версица, шен леларца цо "массарна а гуш-хезаш кхайкхамбина Оьрсийчоьнан интересаш Iалашъярхьама, дуьненаюкъара машар хилийтархьама тIеман эскарех пайдаэцарна дуьхьало йина". Кхелехь Васюковс бехк тIелаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG