ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхой Украинехь: Нохчийчоьнан урхалхочун куьйгакIелара ницкъахойн терахь эшна догIу


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Украинера хаамаш кхочу, нохчийн ницкъахоша Оьрсийчоьнан луларчу махка чугIортарехь дакъалоцу, бохуш. Оцу тайпа хаамаш зорбанашкахь а, социалан машанашкахь а гучубовлу. Иштта цхьайолчу видео тIехь боху, шайх "кадыровцаш" олурш, тIеман ковранца Киевн къилбаседехь бу, бохуш. Видео яьккхина меттиг а, хан а хIинца а билгалъяьккхина яц.

Иза хилале социалан машанашкахь гучуелира Нохчийчуьра эскархой бу бохучара Гостомель гIалара тIеман декъана тIе оьрсийн байракх уллуш видео – и юрт Украинан коьрта гIалин къилбаседа-малхбузехьа 50 километр генахь Iуьллуш ю. Цу тIехь цхьаволчу тIемалочо Кадыровга шен къамел доладо, шен тобано кхо тIелатар юха а тоьхна, гIишло схьаяьккхина, бохуш.

Украинан тIеман ницкъаша бакъдира видео тIехь дерг, амма цара тIачIагIдира, кадыровхоша даьсса тIеман дакъа схьадаьккхина хилар – цигахь тийсадаларш ца хилла аьлла. ТIаккха социалан машанашкахь кхин видео гучуелира, хетарехь, кхечу эвлахь яьккхина, Киевн къилбаседехь йолчу Буча гIалахь. Оцу тIехь меттигерчу вахархочо гойту йохийна тIеман техника, цо олу: "ХIорш кадыровцаш бу".

Официалехь олуш дац Украине хьажийначу Нохчийчуьрчу тIемалойн терахь, царна хьалха лаьтта Iалашонех лаьцна а

Официалехь олуш дац Украине хьажийначу Нохчийчуьрчу тIемалойн терахь, царна хьалха лаьттачу Iалашонех лаьцна а. Зорбанаша гIарабехира тIечIагIбина боцу хаамаш, дуьйцура шех оьрсийн леррина операци олург дIахьочу юкъанна шиъ Нохчийчуьра командир вийна, бохуш, амма Соьлжа-ГIалахь бакъ ца бо и хаам. Оцу хеначохь Кадыровс дIахьедора тIемалошна юккъехь вийна стаг вац, бохуш: "Аса шуьга официалехь дIабоху: таханалерчу дийнахь, хIокху минотехь, тхан вийна стаг вац, лазийна стаг вац, цхьа а кховра ца даьлла. Йа шело хьакхаелла стаг а вац".

Чиллан-беттан 28-хь шен телеграмерчу каналехь Кадыров къера хилира Нохчийчуьра ши тIемало вийна хиларна, амма церан цIерш ца ехира: "Халахеташ олу, Нохчийчуьра схьабевллачарна юкъахь белларш бу. Шиъ велла, кхин ялханна тайп-тайпана чевнаш йина".

Талламан Conflict Intelligence Team цхьанакхетараллан хьалханчас Левиев Руслана Кавказ.Реалиига еллачу интервьюхь элира, кадыровцхоша баккъала а оьрсийн тIелатарехь дакъа лоцуш хила мега, амма хIинца цхьа а хаамаш бац уьш шогачу тийсадаларшкахь тIом беш хилар гойтуш.

"Кадыровхойн [Украинан] дозанехула дIасалелар тхуна хааделира Чиллан-бутт болалуш, - боху Левиевс. – Тхуна гира, уьш мел-кIезга а масех бIе стаг вара. Эзарал сов хила а тарло уьш, хIунда аьлча тхуна дIаязйина видео гира, уьш казармашкахула дIатарбеш, цигахь гуш шортта нах бу, техника ю. Цул тIаьхьа тхуна уьш Беларусин Украинаца йолчу дозанехь гира. Кхин дIа Гостомель гIалахь гучубевлира".

Левиевна хетарехь, Гостомелера тIеман дакъа баккъала даьсса хиллера кадыровцаш цигахь гучубовлалц – иза гойту нохчашкахь байинарш гойтуш, яьккхина видео цахиларо.

Кадыров Ахьмадан полк цигахь хилла, аьлла тIечIагIдарш тхоьга хIинца а кхаьчна дац

"Кадыровхоша схьа а баьхкина, шайн байракх оьллина, ма-дарра аьлча, тийсадаларшкахь дакъа ца лаьцна. Царна хьалха лаьтта Iалашонаш вайна гур ю, цара шаьш тIелаьцнарг дан долийча. Тхуна цхьа а видео ца гина цара тIемашкахь дакъа лоцуш. Селхана мотострелкован эскарийн бригадера лаьцна цхьа закъалтхо вара дуьйцуш, шаьш Черниговн кIошта чугIоьртича, шайца Кадыров Ахьмадан цIарах полк а яра бохуш. Амма цхьана закъалтхочун къамел бен дац иза, Кадыров Ахьмадан полк цигахь хилла аьлла, тIечIагIдарш тхоьга хIинца а кхаьчна дац", - билгалдаьккхина эксперта.

Чиллан-беттан 25-хь Украинехь нохчийн тIемалой бу, царна баккхийра бохамаш хилла, боху видеош гIараялале Соьлжа-ГIаларчу коьрта маьждигна хьалха дIахIиттийра карахь герзаш долу, тIеман барзакъ доьхна эзарнаш Оьрсийчоьнан Къоман гвардин ницкъахой. Царна хьалха Кадыров вистхилира, цо дIахьедира, нохчийн тIемалой кийча бу "муьлхха лаьтта тIехь муьлхха леррина операци дIакхехьа Оьрсийчоь кхерамах ларъярхьама".

Республикан куьйгалхочо тIетуьйхира, шен куьйгкIеларчу тIемалоша лардийриг ислам дин ду, аьлла. Оцу тайпа дIахьедар дира Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа а. Цо элира, Украинана чугIортар - иза пайхамаран дуьхьа беш тIом бу, ткъа цигахь кхелхина нохчий – шахIидаш бу, аьлча а, АллахIан некъа тIехь кхелхинарш.

Кавказ.Реалиин хаамца, маьждигна хьалха дIагулбина Кадыровн куьйгкIелара ницкъахой акци чекхяьлча шайн республикерчу базанашка дIасахьийсийра. Нохчийн политиолога Кутаев Руслана Соьлжа-ГIалахь тIемалой гулбар "шоу" ю элира, иза хIоттийнарг, цунна хетарехь, Кремль ю.

"Уьш тахана тIеман декхар дIакхоьхьуш нах бу. Цигахь полицин декъашкара нах хилла хила тарло. Карахь герз лелон бакъо йолу муьлхха стаг а. Стенна оьшура иза Кадыровна? Со гуттара тешна ву, иза Кадыровна дагадеана дац. Кремльна оьшург ду иза. ХIунда аьлча, шортта шерашкахь хIоттийна Кадыровн а, кадыровцийн а хатI ду иза", - тешна ву Кутаев.

Политологна хетарехь, кадыровцийн васт хIоттийна чоьхьа а, арахьа а пайда эца. Муьлхха кхачамбацар къастон кадолучу нехан кепехь гайта безаш бу уьш.

Суна хетарехь, иза Украинана а, дуьненна гайтархьама хIоттийна шоу ю – кадыровцаш схьа а баьхкина тIеман болар шайгхьа дерзор ду, бохуш

"ХIинца иза арахьа пайда эца лелош дара, - билгадоккху Кутаевс. - Иза Украинана Москвано тессина кхерам бара. Кремлехь кхета [Нохчийчуьра] оцу тIемалоша дохьург хIумма а доцийла. Мухха делахь а, [Кремлехь] говзанчаш хир бу, оцу тIама тIехь [кадыровцаш] оьшург хилар хууш. Оцу кхерамна тIехьа лаьтташ баккъала ницкъ бац, цара болуш санна гайтахь а. Цундела суна хета, иза Украинана а, дуьненна гайтархьама хIоттийна шоу ю – кадыровцаш схьа а баьхкина, тIеман болар шайгахьа дерзор ду, бохуш".

Оцу хеначохь Евробертан мехкашкара нохчийн диаспорийн декъашхоша дIахьедира, Оьрсийчоьнна агрессина дуьхьало ярехь Украинана тIехIотта кийча хилар, нагахь санна, шайца официалехь куьйгъяздеш барт бахь. Украинан агIо лаьцна тIом беш ю хIинца шиъ шайн лаамехь араяьлла нохчийн батальон – шейх Мансуран а, Дудаев ЖовхIаран а цIарах. Кавказ.Реалиин хаамца, и ши батальон Киев ларъярехь дакъа лоцуш ю.

Европехь бехачу нохчийн Оьрсийчоьнна дуьхьала Украинехь тIом бан лаам хилар дIахьедира, масала, политика Закаев Ахьмада, иза ву тIе ца эцначу Ичкерин 1990-чу шерашкара цхьаволу хьалханча хилла, хIинца Британехь веха иза.

"Аса къамел дина Лаккхарчу Радан депутаташца, цара тIе тидам бахийтинера оцу а, кхечу а хеттаршна, гергарчу хенахь президентца Зеленский Владимирца, йа цуьнан векалшца сан цхьанакхетар хIотто безаш бу уьш. Коьртаниг – тхан дIахьедарехь билгалдаьккхина ду, тхан [Ичкерин] Iедалша тIеман барт беш кехатна куьйг яздан деза. Иза оьшу, оха лелориг дуьненаюкъарчу бакъонашца догIуш хилийтархьама", - хаамбина Закаевс.

Чиллан-беттан 28-хь ООН-о бинчу хаамца, Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртичхьана мел-кIезга а 100 маьрша вахархо вийна, 300 сов стагна чевнаш йина. Украинан Iедалхоша дIахьедо, байинчу Оьрсийчоьнан тIемалойн терахь пхи эзарал сов хилар. Официалехь хууш ду, царлахь шиъ нохчийн а, цхьаъ Дагестанера контрактхо, цхьаъ ГIалмакххойчуьра тIемало а хилар. Москвано бакъдина эскархой байъар, амма ца аьлла церан терахь. Малхбузера мехкаша йозуш йоцу пачхьалкхана чугIортарна Оьрсийчоьнна дуьхьал цкъа а ца хилла санкцеш яьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG