ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхойх "заградотрядех" санна пайдаэцар тIечIагIдина Дудаевн батальонан командиро


Оьрсийчоьнан
Искореженные останки российской военной техники на дороге в городе Буча, недалеко от Киева, вторник, 1 марта 2022 года
Оьрсийчоьнан Искореженные останки российской военной техники на дороге в городе Буча, недалеко от Киева, вторник, 1 марта 2022 года

Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх.

"Цул совнах, дуккхаъчу оьрсийн тIемалошна ца беза кадыровхой, царна тешнабехк бан а гIерта. Со цецвер вац, нагахь санна, царна юкъахь тийсадаларш хилахь, оха цуьнан терго йина кест-кеста Нохчийчохь", - билгалдоккху къамелдинчо.

Зазадокху-беттан 21-чохь Украинан кхерамзаллин сервисо зорбане дехира шайн карадаьхкина, хетарехь, Росгвардин эскархочо шен хIусамненаца нохчийн маттахь дина къамел. Шен коьртачу Iалашонех дуьйцу цо цуьнга – тIеман майданара дIасауьду Оьрсийчоьнан эскархой сецор ю шен коьрта Iалашо бохуш. Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, Росгвардино а кху муьрехь тIе ца чIагIдина, йа бакъ дац аьлла, дIа а ца теттина оцу хаамехь дерг.

Телефонехь дечу къамелехь эскархочо доьху хIусамнене са ца гатдар, хIунда аьлча, церан дакъа тIемаш бечу хьалхарчу позицешкахь дац: "Тхан Iалашо – артиллерино тохар дича дIасауьду и мезех буьзна салтий юха лахкар (тIаме – Редакцин билгалдаккхар) ду". Иштта цо боху украинхойн артиллерино дийнахь а, буса а Оьрсийчоьнан позицешна тIеетташ хиларх.

Къамелехь Осмаевс билгалдоккху, Оьрсийчоьнан тIеман урхалло кадыровхой Донбассе цхьана Iалашонца тийсина хиларх, "цхьа мехала толам гайтархьама". "Делахь а, ерриг гоне ерзийна Мариуполь схьа ца яккхалун масалгIа де ду, хIаваэра, лаьттахула, хIорданера тIехдикалла йоллушехь", - аьлла цо.

Украинан кхерамзаллин урхаллин официалан дIахьедарехь аьлла ду, кадыровхойх хIинца "ТикТок-эскарш" бен олуш дац, сурт хIиттон роликаш яхар дезаш хиларна, хIунда аьлча, тIамехь уьш "къаьстина" бу "видеозIенаш латторца а, маьршачу нахана дуьхьал къизаллаш лелорца а".

  • Оьрсийчоьнан эскаро Украинана динчу тIелатарехь дакъалоцучу Нохчийчуьрчу ницкъахойх велла лоруш ву бIе стаг, бисинарш юхабирзира Соьлжа-ГIала Зазадокху-беттан 13-чохь. Цунах лаьцна дIахьедира Украинан кхерамзалиин сервисо.
  • Чиллан-беттан 24-чохь Украинан дозана тIе чугIоьртира Оьрсийчоьнан эскархой президентан Путин Владимиран омраца. Iалашонаш а лоьцуш, шайн бахархойн инфраструктура хIаллакъярна Москва бехкейо Киево. ТIеман объекташна бен шаьш йетташ яц бохуш, чIагIдо Оьрсийчоьнан агIоно.
  • Кадыров Рамзана кест-кеста видеош хIиттайо махкарчу эскархойх лаьцна, украинхойн тIемалошна а, иштта пачхьалкхан суверенитет Iалашъян, шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчашна а кхерамаш туьйсуш, кхайкхамаш бо конфликт кхин а тIе чIагIъян. Украина Iалашъечу тIемалоша а, нохчийн батальонийн декъашхоша а Кадыров а, кадыровхой а тIеоьцу Оьрсийчоьнехьара агрессин символ санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG