ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхойн штабана тIе тохар дарна 40 гергга стаг вийна хила тарло Украинехь


Кадыровхой Соьлжа-ГIалахь (гайтаман сурт)
Кадыровхой Соьлжа-ГIалахь (гайтаман сурт)

Кадыровхоша шайн штаб санна лелош хиллачу школана тIе Украинан тIеман ницкъаша тохар дарна 40 гергга стаг вийна, 100 гергга лазийна. Цунах лаьцна дуьйцу украинхойн а, нохчийн оппозицин а телеграмерчу каналаша, амма ВСУ-н официалан чоьтехь цхьа а хаамаш бац.

Тохар дича дийнабиссина нах гойтуш яьккхина видео арахийцира "УНИАН" телеграмерчу каналехь, и хила тарло Херсонан кIоштан Каиры эвлахь.

"Ищи своих" укринхойн телеграм-канало дийцарехь, 40 стаг вийна, кхин 60-на чевнаш йина. ТIаьхьо нохчийн оппозицин Niyso телеграм-каналехь дIахьедира, лазийнарш 100 стаге кхачалц хила мега, аьлла.

1ADAT оппозицин телеграм-каналехь яздарехь, уьш шех "Нефтеполк" олучун эскархой бу – Нохчийчуьрчу Росгвардин хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолу полицин полк ю иза. Видео тIехь байъина хила мегачу нехан суьрташ гойту, иштта аудиохаам хозуьйту. Цу тIехь дийнависсинчух цхьамма боху, "Хаймарс" ракетица дина и тохар.

Иштта нохчийн оппозицин каналаша социалан машанашкара а, мессенджерашкара а скриншоташ гойту оцу тохарх лаьцна, иштта байъинчу нахах лаьцна а. Иза баккъала а хилар тIечIагIдан аьтто бац.

  • Украинехь байъинчу 140 Нохчийчуьрчу бахархойн цIерш евза Кавказ.Реалиина – официалехь бохучул а масийттаза дукха ду иза.
  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина зазадокхзу-баттахь тIечIагIдира, нохчийн дакъойх заградотрядех санна пайдаоьцуш хиларх. Цо дийцарехь, оьрсийн эскарна каракхаьчначу дозанашкахь лела уьш, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду тIеман министраллин кхечу дакъойн эскархой а сецабо кадыровхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG