Украинан тIеман министраллан иччархойн коьртачу урхаллан сайта тIехь информаци зорбане яьккхина, шайн пачхьалкхехь тIемаш бечу нохчийн ницкъаллин структурийн дакъойн командирех а, цара телефонашчухула динчу къамелийн а.
ДIахьедина, и хаамаш Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурашкара шайга кхачарх, шаьш "таIзарх хьалхадевр доций хууш", "хенан йохалла шаьш лелийначу зуламех кIелхьардовла некъ буьтуш елла информаци" хиларх, цул тIаьхьа украинхойн иччархоша тIечIагIйина, яздо Кавказ.Реалиино.
Хаамбо, Украине чубаьхкинчу "Север", "Юг", батальонийн а, Росгвардера а нохчийн ницкъахойн а, "Ахмат-Грозный" ОМОН-н эскархойн а терахь 1200 ду аьлла.
"Ахмат - Грозный" ОМОН-н эскархойн Украинехь куьйгалла ден Бисаев Анзорца къамелаш динчех ву Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, мехкан вице-премьер Висмурадов Абузайд а. Кавказ.Реалиин аьтто белира Соьлжа-ГIаларчу хьасташкахула тIечIагIдан, телефонан номерш билгалбаьхначу хьаькамийн билггал хилар.
"Юг" батальонан командир Межидов Хьусайн, оцу хаамашца а догIуш, ворхIазза зIене ваьлла Нохчийчуьрчу зорбанан а, информацин а министрца Дудаев Ахьмадца.
Зорбане яьхна Бисаевс а, Межидовс а лелочу телефонийн номерш, заводан IMEI идентификаторша цхьана, иштта цаьрца къамелаш динчийн мобилан телефонийн номерш а.
"Север" батальонан куьйгалхочух Тушаев Мохьмадах лаьцна Украинан агIоно дIахьединера, Чиллан-беттан 26-чохь иза верах. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзан къар ца ло, иза дийна ву бохуш. Тушаевн "майраллица, доьналлица" тIамехь леларх тIаьххьара хаамбира цо Зазадокху-беттан 3-чохь.
- Чиллан-беттан 24-чохь Оьрсийчоь Украинан дозана тIелетира.
- Кадыров Рамзана кест-кеста зорбане йоху махкарчу эскархойх видеош, украинхойн тIемалошна а, шайн лаамехь пачхьалкхан суверенитет Iалашъян хIиттинчу Нохчийчуьрчу бахархошна а кхерамаш туьйсуш, конфликт кхин тIе а марсайоккхуш, кхайкхамаш а беш. Украина Iалашъечу тIемалоша а, цаьргахьа тIемаш бечу нохчаша а Кадыров а, кадыровхой а тIеоьцу Оьрсийчоьнан агIор йолчу агрессин символ санна.
- Цкъачунна Кадыровс Нохчийчуьрчу эскархойх шиъ валар, ялханна чевнаш яр бен бакъдина дац.