ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн 500 миллион соьманна сахьташ карийна Навальныйн тобанна


Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан сахьтийн коллекцих лаьцна фильм арахецна оппозицин политикан Навальный Алексейн тобано – церан вовшахтоьхна мах 500 миллион сом гергга бу.

Кадыровн уггара деза сахьтан мах 187 миллион сом бу – юьйцург ю Franck Muller Aeternitas Mega бренд, фильман авторша бахарехь, уьш "дуьненахь уггаре лело хала сахьташ лоруш ду". Цул сов регионан куьйгалхочун долахь ю Greubel Forsey (37,5 миллион сом) 33 сахьтех цхьаъ экземпляр, иштта Bovet Fleurier (36 миллион) бархI сахьтех цхьаъ а. Цуьнан коллекцехь ду Patek Philippe Sky Moon Tourbillon (90 миллион сом) сахьт, уьш шарахь шишша арахоьцуш ду; кIайн деших дина алигаторан цIоках йина чухнаш йолу Bovet Fleurier Minute Repeater (36,7 миллион) а, Greubel Forsey (40,5 миллион) сахьташ а. Кадыровн уггара дорахниг 11 миллион сов мах болу Richard Mille RM 010 сахьт ду, олу видео тIехь.

Видео тIехь дуьйцу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентан Кадыров Адаман сахьтех лаьцна а, цуьнан долахь 3,7 миллион сом мах болу Rolex ду. Хьалхо Кавказ.Реалиино дийцира, шен йижарий Хадижат а, Iашура а декъалъеш доьзалехь даьхна суьрташ тIехь нохчийн политикан кIант гуш ву Richard Mille 35-01 сахьтах чIогIа тера догIучу сахьтаца. Церан мах 30 миллионал сов бу. Цхьахдолчу суьрташ тIехь Кадыров Адамехь Hublot олу 1,7 млн доьху сахьт ду.

ТIедолучу ахчийн декларацица а догIуш, 2020-чу шарахь Кадыровс уггара дукха 381 миллион сом даьккхина, шен тIаьххьарчу шина шарахь хилла алапа 50-зза совдоккхуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIедолу ахча 2019-чу шарахь 147 миллион дара, 2018-чу шарахь – ворхI а ах а.

  • ТIом болалуш Кадыров Рамзан Соьлжа-ГIалахь нохчийн эскарийн дIахIиттаршкахь гучувелира 125 эзар сом мах болу Prada мачашца. Политико дIахьедира, шена церан мах ца бевзара аьлла – уьш, дийцарехь, цунна вешин кIанта еана.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан долахь тоьлла вилла ю Дубайхь. ГIарбаьллачу пальман куцехь боьттинчу гIайранна тIехь ю иза, Zabeel Saray Royal Residences at Palm Jumeirah цIе йолчу отелан юкъайогIуш ю иза 21 номерца. Юккъерчу барамахь оцу тайпа лулара виллаш цхьана денна аренде оьцург кхоъ эзар доллар гергга мах бу (долара хIусам оьцуш цунах боьху мах буьйцуш бац). Кадыровн вилла – оцу отелехь уггар йоккхачех цхьаъ ю, дуьйцу "Украинская правда" ресурсан талламехь.
  • Оппозицин политикан Навальный Алексейн бIанакъоста Любовь Соболя шен ютуб-канале хIоттийна ю "Кадыровс муха сийсазбо ницкъахой" цIе йолу фильм. Цуьнан коьрта маьIна ду — шен леларца Нохчийчоьнан куьйгалхочо йохош хилар ницкъ болчу президентах Путин Владимирх а, майрачу Оьрсийчоьнан ницкъахойх а лаьтта миф.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG