Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхиазхойн хенаш йолу бераш Украинерчу тIеман хьалхенехь ду бохуш яьккхина видео масех дакъах вовшахтоьхна ю, аьлла тIелаьцна регионерчу зорбанан министра Дудаев Ахьмада.
"Цигахь иштта яьккхина масех видео ю… Оха [царах] монтаж йо. Монтажан режиссерийн болх бу иза. Цара… масех сурт, видео хоржу, тIаккха аудио тIеюьллу – и монтажхойн рогIера болх бу", - хаамбина Дудаевс шен телеграмерчу каналехь.
ГIадужу-беттан 19-хь Кадыровс дIахьедира, шен кIентарша - 16 шо долчу Ахьмада, 15 шо долчу Элис, 14 шо долчу Адама а – тIеман тийсдаларшкахь дакъалаьцна аьлла. Цара пулеметаш, гранатометаш етташ видео арахийцира цо шен дешнашна тоьшалла деш. Амма нохчийн оппозицин телеграм-каналаша тидамбина ма-хиллара, видео тIехь гуш долчу сурто гойту, уьш тылехь яьхна хилар.
Масала, "тIемаш бен" меттиг, кхул хьалха Кадырова Iайшатан делегаци тIеэцначу локацица йогIуш ю. Дитташ, коьллаш, хьуьнан го а цхьатерра бу шина а видео тIехь.
Дудаевс бахарехь, Кадыровн берашца йолу видео уьш арахецале ши де хьалха яьккхина ю – гIадужу-беттан 17-хь.
- Шен берхIитта шаре бовлазчу воIарша "Украинехь тIом бийр" хиларх Кадыров Рамзана дIахаийтинера гIадужу-беттан юьххьехь. Регионан куьйгалхочо тIеман хьалхарчу позицешка могIарера нохчий хьийсабо, шен гергара нах ца бохуьйту аьлла, оппозицин блогерша бехкаш даьхначул тIаьхьа йина реакци яра иза. Кадыровн дешнашца, тIеман кечамаш бина кхиазхоша "дуккха а хьалха, бераш долчу хенахь дуьйна".
- Бакъонашларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаребечарлахь заьIапхой а, кхел йина нах а бу бохуш. Кегийрхой лечкъабо регионехь, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, тIемаш бечу меттигашка дIахьийсабо, йа кIелхаьарбовлуьйту даккхий ахчанаш делча, чIагIдора оппозицин нохчийн 1ADAT боламо а.