ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн бIананкъостан кIанта ша лачкъийна бохург бакъ ца дина


Украина, Бородянка. Охан-беттан 2022 шо
Украина, Бородянка. Охан-беттан 2022 шо

Аннекси йинчу ГIирмехь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовсан кIанта Саидов Мурада украинхойн журналистана Золкин Владимирна еллачу интервьюхь харцдина, Украинан къайлахчу сервисаша Мелитополехь ша лачкъийна бохург.

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало Зазадокху-беттан 17-чохь хаамбира, 20 шо долу Саидов беттан юьххьехь шен цIера лачкъийна аьлла. Бахьана дара, Кадыров Рамзанан бIанакъостан воI иза хилар. Саидов Мурадан дешнашца, иза лачкъорах цунна хиънера кIентан ненера, кIиранах хьаькамна хууш дацара шен кIант стенгахь латтош ву. Оцу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь кхайкхамбира украинхойн Iедалхошка, СБУ тIаьхьаяьлла лела нохчий дIахеца аьлла.

Украинхойн журналистана еллачу интервьюхь, "Ищи своих" телеграм-каналан авторна ша Адама дийцира, ша билггал украинхойн ницкъахоша сацорах, амма урамехь нисделлера иза. Кхуьнан кехаташка а хьоьвсина, полисхойн декъе дIавигинера иза, тIаьхьо "кхерамзечу меттиге дIанисван". Билггала шена кхерам бара, боху Саидовн кIанта: "Сан халкъана [Нохчийчоьнан] харцдерг дийцархьама, сох цхьа баланехь верг а вина".

Мел хан яьккхина цо лочкъийлехь, билггал стенгахь вара Адам, къаста ца дира цо. Къаьстина, и жимстаг Украинан вахархо хилар, карарчу хенахь юридикан факультетан 3-чу курсехь доьшуш ву иза, Мелитополь IалашIъярехь гIо деш а ву. Кадыровхой "тилла лела" нах бу элира цо интервьюхь, цо кхайкхамбира нохчашка, Украинерчу тIамехь дакъа ма лаца аьлла.

  • Аннекси йинчу ГIирмехь 2019-чу шарахь лецира Саидов Мурад, нуьцкъала ахчанаш дахарна бехкевина. Саки гIаларчу ресторанехь лецира иза, цу чохь леташ нах бу аьлла, цхьаммо полици анониман хаам бинчул тIаьхьа. Зорбанехь хаамбарехь, кхайкхина баьхкинчу ницкъахошна карийра, нохчийн бизнесхочунна Алиев ИбрахIимна йетташ болу герзашца нах. Радиостанцин хьастийн хаамашца, дов даларан бахьана хиллера бизнесан дакъа шега схьало аьлла, Саидовн тIедожорна Алиевс дуьхьалояр. Иштта, публикацехь яздарехь, лаьцначаьргара даьккхинера герз а, патармаш а. ДIасавалар а доьхкуш, Охан-баттахь арахийцира СИЗО-ра Саидов.
  • Хьалхо Кавках.Реалиино талламбира, стенца гIарабевлла бу Оьрсийчохь Кадыровн эскархой – гучудедира, царех дукхахберш Украинехь тIом а балале хьалха дуьйна нах бойуш, царна тIехь къизаллаш лелорца бевзаш хиллийла. Мел лахара а, тIом бечарех шиъ лехамашка велла киллер ву, ворхI юкъара ву Нохчийчуьра дуккха а нахана тIехь гIело латтош, кхел йоцуш нах хIаллакбарна, цхьа эскархо-м вийна лоруш вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG