ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн цIарах шайна школа йе ца баьхна Сербин бусулбанаша


Кадыров Ахьмад
Кадыров Ахьмад

Нови-Пазар гIалахь КъорIан Iамон Кадыров Ахьмадан цIе а туьллуш, школа йе аьлла, Нохчийчоьнан Iедалхошка шаьш дехар дина бохуш, Оьрсийчоьнан зорбанашкахь дуьйцург бакъ дац аьлла, дIахьедина Серберчу бусулбанаша, яздо Кавказ.Реалиино.

"Дукха хан йоццуш Европерчу бусулбачийн форуман делегацина дагадеанера КъорIан деша Iамош Исламан центр хьалаян. Цунна тIаьххьа Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа тIечIагIдира, инициативана гIо лаца чIагIо а еш", - хаам бина Серберчу Исламан юкъаралло Свобода Радион Балканан сервисе.

Пресс-гIуллакххоша билгалдаккхерехь, школа ярх проект динан а, дешаран а ю, цундела цхьана а кепара политикан тIаьхьало хила езаш яц оцу хаттарца.

Нови-Пазар гIалин Iедалхоша хаам бина журналисташка, Европан бусулбачийн форуман делегаци вовшахтохар шайгара дацара аьлла. Динчу дIахьедарехь билгалдаккхарца, Сербин Конституцица а догIуш, динан цхьанатохараллийн болх Iедалхошца боьзна бац.

Мангал-бутт бовш Оьрсийчоьнан официалан зорбанашкахь дийцира, Сербин динан урхалло дехар дина Нохчийчоьнан куьйгалле, Нови-Пазарехь КъорIан Iамош, центр еш гIодахьара аьлла. Масала, Новости агенталлан агIонехь баржийра хаам: "Серберчу бусулбанаша гIо дехна Нохчийчоьне" аьлла.

Сербехь хилла барам боьзнера Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачарца. Цуьнан гурашкахь Европан бусулбачийн форуман декъашхой кхечира цхьа могIа Балканан мехкашка.

Нохчийчоьнан хаамийн гIирсаша яздира, школа йоцург а, дийцаредина урамашна а, тIайна а, паркна а Кадыровн цIе тилларх лаьцна а аьлла.

Оцу юкъанна, эксперташа билгалдаьккхира, Балканерчу бусулбанашна моттаргIанечу гIо лацарна а, Югославехь тIом боьдучу заманчохь Кремлан бакъйолчу политикана а юкъахь лаьттачу цхьанацадарах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG