ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн фарс. Нохчийчоьнан куьйгалхо а, Украинан президентана ен беламе роликаш а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинан президентана Зеленский Владимирна лерина, иза аьшнашвеш, ша а цхьаьна дакъалоцуш, беламе кхо ролик зорбане яьккхира шина кIираночохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо телеграм-каналехь. Чоьхьарчу бахархошна хьажийна ю Кадыровн керла амплуа, оцу юкъанна камерана хьалха гIаравийла гIертачу политикан "кхечу амате верзар" дуьххьара дац, билгалдоккху эксперташа.

Кадыровца цхьаьна оцу роликашкахь дакъалаьцна Санкт-Петербургерчу блогеро Комикадзе Макса. 148 эзар стаг агIоне язвелла ютьюб-канал лелош ву иза, цуьнан боллу белхаш Украинан президент сийсазвеш, цунна яьхначу пародешна лерина бу. Масала, роликийн могIарехь Зеленскийн вастехь гучуволу актер, кIайчу хIурца бехбина мара а болуш – Оьрсийчоьнан пропагандо тIом болабелчхьана лелош фейк ю, Украинан президент наркотикашца воьзна ву бохуш

Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь хьалха гучуяьллачу видео тIехь Зеленскийн вастехь волчу пародисто куьйгъяздо "биллам боцуш Украина каравоьдучу актана", оцу юкъанна, цуьнан белшаш тIехь Кадыровн куьг ду, шолгIачу ролика тIехь – йийсаре воьдий, Соьлжа-ГIаларчу резиденци вогIу, «Ахмат» батальоне эца ша олий, амма цунна дуьхьало йо, кхозлагIчунна тIехь - иза гойту кадыровхоша герзаш деттачу меттигехь гIакх санна, видеон чакхенехь яздо "тIаьхье хир ю". Цаьрга хьоьжучара латкъамаш бора, "чIогIа испанхойн эхь" хийтира шайна, цуьнга хьаьжча, видео "беркъалла" лерира.

Клоунан тIегIа жигара караерзош ву Кадыров, циркан арене а кхача а тарло иза, элира Кавказ.Реалиига Украинан Лакхарчу Радин депутато Гончаренко Алексейс.

"Вукху агIор аьлча, чIогIа жигараваьлла ша лоьхуш ву иза, "воккха, буьрса" боху цуьнан васт Украинехь доьжна, дисинарг цхьа "дон-дон" ду", - аьлла украинхойн политико. Къамелдечо тIетуьйхира, билггал Украинехь баккхий толамаш бохучу меттана, Кадыров декхаре ву шен меттиг а, ша а схьалаха аьлла.

Юккъерчу оьмарера схьа "Непосредственно Кахи" сериална тIекхаччалц

Актеран говзаллехь ша гайта волавелира Кадыров Рамзан къона волчу хенахь, республикехь урхалла дан ма хIоьтти.

2014-чу шарахь кхаа минотехь йолу "Волшебный геребень" ролик яьккхира, цу чохь цхьаъ бен воцчу турпалхочунна шира гIем карадо, цуьнан гIоьнца яхначу замане кхочу иза. Цигахь хьуьнаречу тIемалочо нуьйр туьллу акхачу говрана, толам боккху говраш хохкуш, секха Iад тухуш, шаьлтанашца латарехь, атта жоьпаш ло къанойн хIетал-металшна. Оцу коьртачу турпалхочун васт ловзийра Кадыров Рамзана.

"Волшебный гребень" кино юккъера скриншот
"Волшебный гребень" кино юккъера скриншот

"Фильмехь гойту, мел хаза баьхна вайн дай, мел ларам хилла церан вовшашка, хьаша исбаьхьа тIелоцуш хилла, къахьегар дезаш хилла, бакъболу къонахий, майра кегийрхой кхиош хазахеташ хилла", - дуьйцура Кадыровс видеох лаьцна, хIетахь шен дIакъовлазчу инстаграмерчу аккаунтехь.

2015-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь политико анонс зорбане яьккхира: "Кеста шайн телехьожийлийн экранаш тIехь хьовсалаш "Кто не понял, тот поймет" кинога. ЧIогIа кино ю иза, цу чохь коьртачу турпалхочун дакъалаца реза хилира со дехха дийцарш хиллачул тIаьхьа". Оцу текстаца хIоттийначу ах минотехь йолчу видео тIехь герзах воьттина Кадыров дIахьоду некъаш доцчу меттигехь а маса хоьхкучу бархI машенах. Пост хIоттийнера Оьрсийчоьнан вице-премьер лаьттина Немцов Борис вийначул тIаьхьа – цхьа могIа бакъонашларъярхоша а, журналисташа а дIахьедора Кадыров оцу зуламца воьзна хиларх.

2016-чу шеран Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо инстаграмехь шен сурт хIоттийра, камуфляжан духар доьхна, снайперан топ карахь йолуш, "Кто не понял, тот поймет" аьлла, - цул а масех де хьалха изза яздира цо Оьрсийчоьнан политик Касьянов Михаил снайперан тоьпан биргIана лаьцна суьртаца хIоттийначу постехь. Публикацеш гучуйийлира дукха ца Iаш Соьлжа-ГIалин юккъехь Оьрсийчоьнан оппозицин лидерех, шайлахь Касьянов а волуш, кхаьрдаш, уьш сийсазбеш митинг хIоттийначул тIаьхьа.

Ах шо даьллачу заманчохь Кадыров юха а гучувелира керлачу вастехь – гIагI диллинчу къегаш долчу духарца. Иштта декъалбира цо гулбелларш зударийн денца.

Соьлжа-ГIалахь блогершца-миллионникашца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа политико масех видео хIоттийра комедин актерашца Сардаров Амиранца а, Литвин Михаилца а, Калайджанян Артемца а, «Непосредственно Каха» веб-сериалан авторца а. Цхьана видео тIехь церан къамел юкъахдоккху юх-юха телефон йеттачу Калайджанянан хIусамнанас. Кадыровс схьаоьцу телефон, нохчийн маттахь цуьнга вистхуьлуш. Йоьхначу зудчо жоп ло цунна кхул хьалха бийцина боцчу нохчийн маттахь, кхийти ша, бехк ма билла, "шен ма-ттов Iен йиш ю" хIусамден олий.

"Седарчийн" декъах хилар

Зеленский гойту актеран тIаьххьара видеош Оьрсийчоьнан гIорасизалла ю аьлла. Боьдуш къиза тIом бу, шина а агIор леш адамаш ду, украинхойн гIаланаш дIахьокхуш ю лаьттта тIера, оцу юкъанна Оьрсийчоьнан эскаран гIорасизалла хаалуш ю, тешна ву "Кавказан халкъийн Ассамблейн" хьалханча Кутаев Руслан.

"Кадыровн «Киев кхаа дийнахь схьайоккхур ю» боху, зевне дIахьедарш юьхьIаьрже хили. Баккъал а хьайн дуьхьалонча йийсаре лаца хьан ницкъ бацахь, виртуалехь и дар дуьсу. Оццу Кадыровс дIа ма хьедира, Зеленский ведда, иза фейк хилира – Оьрсийчоьнан агрессига иза кхера ца велла,- билгалдоккху къамелдечо. – Украинан президент масийттазза вахара тIом бечу меттиге, цхьана а бункерш чохь лечкъина а вацара, хьалхарчу позицешкахь вара".

Беламечу роликашкахь а цхьаьна Кадыровс  чIагIйо, доза доцуш ницкъ а, Iедал а ду шега боху месседж

Доллу дуьнено а, капитуляцина реза ца хилла, доьналла долу политик Зеленский Владимир лоруш хиларна тIе тидам бохуьйту Кутаевс. Амма Оьрсийчоьнан юкъараллина пачхьалкхан пропагандо наркотикех воьзна, ледарчу украинхойн президентан санна васт кхуллу цуьнан.

"Кадыров кхеташ вац, оцу роликашца Зеленский сийсаз муххале а ша ца войла, мелхо а цунна реклама йеш хиларх", - аьлла хета «"Кавказан халкъийн Ассамблейн" куьйгалхочунна.

Украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочо, политикан Iилманийн доктора, профессоро Савва Михаила билгалдоккху: беламечу роликашкахь а цхьаьна Кадыровс чIагIйо, доза доцуш ницкъ а, Iедал а ду шега боху месседж аьлла.

"Кавказан контекстехь чIогIа коьрта ду, тIехула тIе тайп-тайпачу гIирсащца, ницкъе хилар а, тоьлаш хилар а дIагайтар. Зеленский Соьлжа-ГIала валаво – Украинаца болчу тIамехь Оьрсийчоь а йоцуш, Нохчийчоь тоьла. Нохчий а, нохчийн пачхьалкхалла а Оьрсийчоьнел а тIехдикалла йолуш ю боху ойла цхьа кхайлах гойтуш ю, цундела фарсан формат ю къастийнарг, амма иза ма-ярра гуш ю. Москвана кхерам бу иза", - тешна ву эксперт.

Политолого билгалдоккху, комедин роликашка воккха а вуьйш Кадыровс дакъалоцуш хилар, и дузу цо 2000-чу шерашкахь "седанийн" гIарабийларца, Нохчийчоьнан куьйгалхо политик хиллачу хенахь.

"Бюджетан миллиардашка кхаьчначу Кадыровн таро хилира Оьрсийчуьра а, дозанал арахьара а уггар гоьбевлла артисташ Соьлжа-ГIала кхийкха, церан гIарабевлла хиларх хьакхавалархьама. Оцо цхьа чIогIа лараме вора иза", - кхин дIа дуьйцу Саввас.

Кавказ.Реалиино яздира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца шайн уллера юкъаметтигаш йолуш санна дIахьедарх Киркоров Филиппа а, Джигурда Никитас а, Зверев Сергей а, Галустян Михаил а,Тимати а, Бузова Ольгех пайдаийцира Кадыровн йоIана бутикана реклама ярхьама.

Кадыровна чIогIа лаьа, мухха а ша вуьйцуш хилийта, масала, технократ йа кхиаме урхалхо хуьлучул а

Нохчийн юкъараллехь Iаламат лааме ду гоьваьлла хилар, кху заманан модернизаци йолчу юкъараллашкахьчул а чIогIа, тIетуху Саввас.

"Юкъараллин башхалла ю иза, Iаламат чIогIа ламаст хилла юьсуш йолу. Цо кхетадо, Оьрсийчоьнан кхечу субъектийн губернаторша хIунда дакъа ца лоцу киношчохь. Масала, технократ йа кхиаме урхалхо хуьлучул а Кадыровна чIогIа коьрта хета, шен гIараваьлла хилар латтор", - дерзийра къамел Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

"Тамашен делахь а, Iедалан коьртехь болчу куьйгалхошлахь Кадыров уггар а кхузаманца богIучу Оьрсийчоьнан политикех хета цхьаболчарна. Цо жигара пайдаоьцу, кхечаьрга кара ца ерзалучу коммуникацин каналех. "Кхечаьрга дацалург шега дало" бохург ду и цуьнан, билгалдоккху Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь политолого Калачев Константина. – Политика шоу санна тIеоьцу цо. Шоу кхин дIа а хила езаш ю".

"Тикток-бIахо"

Скетчашкахь дакъа а лоцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо лакхайоккху шен капитализаци, системин интересашкахь и дан а деш, кхин дIа дуьйцу эксперто. Оьрсийчохь йолчу аудиторино тоъал эвсара хеташ тIеоьцуш хиларх тергойо Кадыровн рожан критикаша а.

"Иштта хIума дезаш болчу дуккхаъчу нахана аьлла, хьажийна ю оцу кепара роликаш. Политтехнологин элемент ю хIара. Кхузахь, гуш ма-хиллара, роль ловзочунна луурш а, цуьнан психологин портрет а гучудолу. ХIунда аьлча, актер хила аьлча, муьл-муьлха а губернатор реза хир вацара оцу ловзарна – цуьнан урхалхочун статус йожайо кхо мел а. Амма Кадыровна и мегаш ду", - боху Европехь куп тоьхначу «Толам» Комитетан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

Иза тешна ву – Кадыровна хазахета актер хуьлуш, иштта вазло иза, шен дагахь. Масала далош, Сулеймановс хьахийра ММА-н латархошца политикна хIиттон летарш тIехь долу роликаш.

"Гуш ма ду, цунна хаьа, ша толийта, уьш оьший. Амма хьовсийша, ша баккъал а тоьлла моьттуш, цуьнан воккхавер, даггара гIадвахар. Иштта оцу ролах дIавулуш хир ву-кх иза", - дерзийра къамел нохчийн юкъаралхочо.

Кадыровн тIаьххьарчу роликех дерг кхетош тамаш бу жоп политологашкара деза эшахь, кхузахь этнографашка а, психологашка а хатта деза, боху Украинан стратегин талламаш бечу Къоман институтан белхахочо Замикула Николайс.

Оцу йиллинчу пропагадин видеошца шен рейтинг хьала а йоккху, аьлла, тешначух тера ду Кадыров

" Оцу юкъанна, цу йиллинчу пропагадин видеошца шен рейтинг хьалайоккху, Украинан президент пайдабоцчу а воккху ша аьлла, тешначух тера ду Кадыров. Тарло аьлла хета суна, цуьнан агIончашна цуьнан иштта лелар товш хир ду. Амма лартIахьчу стагана гергахь иштта видеош цхьана а логикаца кхетайойла яц", - боху эксперто.

Замикулас билгалдоккху, Оьрсийчоьнан политтехнологаша оцу тайпа аьшнашчу кепехь украинхойн политикийн хьокъехь пайдаоьцу дуьххьара дац. ЛДПР-н скандале депутат Митрофанов Алексей автор а волуш, 2005-чу шарахь "Юлия" порнофильм арахийцира, цу чохь актераша гойтура оцу хенахь Украинан премьер-министр хилла Тимошенко Юлия а, Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил а.

"Таханалера Кадыровн чугIертар а – оцу тайпа ду. Роликехь цхьа ша воккхачу лидеран вастехь гойту цо, ткъа Зеленскийн васт кхечу кепара. Оьрсийчоь Украине чугIоьртинчул тIаьхьа тхуна дукха дика гуш ду, арахьарчу агрессица лата кийча волу ницкъе лидер мила ву а, тикток-бIахо мила ву а", - дерзийра къамел Замикулас.

Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыров оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан аккаунте язбеллачийн терахь 60 эзарна тIера ши миллион ахмиллион лакхадаьлла. Эксперташа масийттазза билгалдоккхура, цуьнан каналехь гучуюьйлу информаци бакъа цахиларх.

ТIом боьдучу хьалхарчу кIиранашкахь къаьстира, кадыровхой хьалхарчу позицешкахь тIемаш беш боцийла, дIахьедеш ма-хиллара, меттигера нах кхерош, яьсса гIишлош дIалоьцуш, цигахь хIиттийна роликаш йохура. Оцу тIехула «тикток-эскарш» аьлла, цIе яхара церан. Кадыровс хIинцале а дийцина Украинера президент Зеленский Владимир вадарх а, ша тIемаш бечу меттигашка вахарх а – и дерриг а бакъ ца хиллера. Массарна а гуш шаьш гучудаьхча а, Нохчийчоьнан куьйгалла ца сецира.

Украина Iалашъечу Шейх Мансуран цIарахчу лаамхойн батальоно тидамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхерамийн – "махкара бевдда террорхой" бу аьллера цо уьш. Батальонехь дIахьедира, Кадыровн агрессиве риторика йоьзна хила тарло, ша республикехь лелош йолчу политикана тIехула шена бекахм барна кхерарца аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG