ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн гергарчун гонера нахах шеконаш йу цхьа могIа зуламаш дарна - хьоста


Москвара ЦIечу майданахь полисхойн машен, гайтаман сурт
Москвара ЦIечу майданахь полисхойн машен, гайтаман сурт

Москвахь талламаш болийна "Кадыров Рамзанан [Нохчийчоьнан урхалхо] гергарчун гонерчу нахах", чIагIдо хетарехь Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашца йоьзначу "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало. Официалан тIегIанехь а, кхечу хьасташкахь а оцу хаамна дина тоьшаллаш дац.

"ВЧК-ОГПУ" телеграман хаамашца, таллам беш бу стаг лачкъор, бертаза ахчанаш дахар, зуламан тоба кхоллар аьллачу бехкзуламан гIуллакхашкахула. Телеграм-каналан кхул а хьалха хиллачу постехь чIагIдарца, зуламаш дина Нохчийчоьнан а, Москван регионан а дозанаш тIехь. Стаг лачкъорал совнах, "низамехь доцуш иза маршонах хьегор, хаа а хууш, цуьнан могушаллина зенаш дар, ахчанаш дахар, къоладар, бахам лачкъор, шайггара бехктакхаман гIуллакхаш кхоллар, иштта дуккха а кхиндерг а ду" хIара.

Билггал маса стаг ву шеконашка эцна "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канална хууш дац, амма билгалдоккху, йу бохучу зуламхойн тобана "йукъахь хилар шуьйра го – полицин белхахой, нотариус, риэлторш". "Нохчийчуьра цхьахйолчу ницкъаллин структурашкара" лаккхарчу шина белхахочо куьйгалла дина боху церан. ЧIагIдарехь, уьш хила тарло ДенивегIеран ши ваша Аслан а, Руслан а.

Хьалхарниг – гIоьнча а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "йишин йа вешин кIентан тIедахкарш кхочушдийриг ву, йаздо телеграм-канало. 2020-чу шарахь Дениев Аслан хьахийра Ноьвран-кIоштан администрацин куьйгалхочо винчу денца декъалвеш, полисхочун Кадыров Рамзанца даьккхина сурт хIоттийнера цо постехь. "ВЧК-ОГПУ" каналан хаамашца, Дениев Руслан, Подмосковьера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина чуйогIучу урхаллехь оперативан белхахо ву.

"ВЧК-ОГПУ-н" информацих лаьцна йина комментарий йац Соьлжа-ГIалахь.

  • Де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочун 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатана мехкан "турпалхо" цIе йелира, хIун динчунна седа белла – хууш дац. Кадыров Хьамзат – мехкан урхалхочун ницкъалин блокехула гIоьнча а, бахаман, латтанийн меттигийн министр ву. 20I8-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелира цунна, кху шарахь Росгвардин "ГIо дарна" мидал а, президентан Путин Владимиран омрица II-бараман орден йелира "Даймахкана хьалха гIуллакха дарна" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG