Соьлжа-ГIалин мэрана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун шича кIантана Кадыров Хас-Мохьмадна шолгIа мехкан "турпалхочун" седа белла. Хьалхо шолгIа а турпалхойн цIераш йелира Кадыровн кIантана Адамна а, гергарчу бIанакъосташна, ДелимхановгIеран шина вешина Адамна а, Iелабекна а.
СовгIа дIаделира шича кIантана мехкан урхалхочо Соьлжа-ГIалин дезачу дийнахь, и даздо гIадужу-беттан 5-чохь, Кадыров Рамзан винчу дийнахь. Стенна дина ду шахьаран мэрана совгIат, билгалдаьккхина дац. Шен комментарихь Кадыров Хас-Мохьмада аьлла, Нохчийчоьнан беркате гIуллакхаш бахьана долуш дина совгIат ду.
Духхьара мехкан "турпалхо" хилира Кадыров Хас-Мохьмадах 2023-чу шарахь. ХIетахь а ца хьахийра, хIун динчунна йелла и цIе. Цул а хьалха Соьлжа-ГIалин мэрана 2016-чу шеран охан-баттахь президентан Путин Владимиран омраца ДоттагIаллин орден йелира "къинхьегамехь кхиамаш" бахарна а, "дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а" аьлла.
2021-чу шеран зазадокху-баттахь Соьлжа-ГIалин мэран дарже хIоттийра Кадыров Хас-Мохьмад, Кадыров Рамзанан магийна. Цул а хьалха цо куьйгалла дира Нохчийчоьнан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин, Устрада-гIалин мэр а лаьттира иза цхьана хенахь.
Соьлжа-ГIалахь наркоконтролехь а, полицихь а цо болх бечу хенахь иза вуьйцура наркотикаш лелош бу бохуш, дуккха а нах лецна, уьш а хи а, йуург ца луш латтийнера, гергара нах тIе а ца буьтуш бохуш. Ткъа Устрада-ГIалин мэр волчу заманчохь бакъонашларйархоша кест-кеста хьахавора иза ЛГБТ-йукъараллин векалш а, гIаттамхошца зIенаш хиларца шеконаш йолу нах а, Iедалхошна луьйш берш а чохь латтош, царна тIехь ницкъбо цо бохуш.
ШолгIа а "Нохчийчоьнан Турпалхо" аьлла, цIераш Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамна а, цуьнан вешина Iелабекана а стенна йелла а, дуьйцуш дац. Мангал-бутт йуккъе баьллачу хенахь изза цIе шолгIа а йелира Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Адамна. Кхиазхочунна совгIаташ до цуьнан 15 шо кхаьчча дуьйна. ХIетахь йиттира цо КъорIан дагорна Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь латточу Журавель Никитина. Цул тIаьхьа цунна 20 сов орден а, мидалш а, сийлахь йеза цIераш а йелира, ишта масех Iедалан а, эскаран структурашкара даржашка а хIоттийра иза.
- Кадыров Рамзанан 50 кхачарна лерина эскаран инарла цIе йелира цунна, омрана куьгйаздинера президенто Путин Владимира. Эскаран дакъошкахь цкъа а гIуллакх дина вац Нохчийчоьнан урхалхо. Эскаран инарлин дашо погонаш а, боьмаша берет а йохьуш Соьлжа-ГIала веанера Оьрсийчоьнан къоман гвардин директор Золотов Виктор. ДIахIиттийначу йукъарчу барамашца, боьмашан берет йоккхуш верг квалификацин зерех чекхвала везаш ву, нагахь санна, тIеман чевнаш йина иза велахь, тIаккха бакъо йу берет цунна вуьшта йала.
- Ишта 50 шо кхачарца Кадыров декъалвеш, Оьрсийн православин килсан патриархо Кирилла (Гундяев Владимир) I-чу даржан Сийлаллин орден йелира цунна. РПЦ-н цIарах дуьххьара дина лаккхара совгIат ду и Нохчийчоьнан куьйгалхочун.