ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн герггарниг даржехь лакхаваьккхина Путинан администрацихь


Кадыров Рамзан а, Эдельгериев Руслан а
Кадыров Рамзан а, Эдельгериев Руслан а

Цхьа могIа указашна куьгйаздина Путин Владимира Оьрсийчоьнан президентан администрацира даржашкахь хийцамаш беш ша керлачу ханна тIечIагIвеллачул тIаьхьа. Доккхачу декъана, президентан гIоьнча хIоттийна Нохчийчуьра Эдельгериев Руслан (Абубакар).

2018-чу шарера схьа дуьйна Эдельгериев президентан хьехамча а, климат хийцарехула долчу хеттаршкахула леррина векал а вара. Оьрсийчоьнан президентан администрацин структура дIахIоттийна "Федералан пачхьалкхан бахархойн сервисан даржийн реестраца", оцу документаца президентан гIоьнчан позици лакхара йу, хьехамчан позицел а.

Ишта президентан гIоьнчаш бина кхерамзаллин Кхеташонан секретарь хиллачу Патрушев Николайх а, Тулан кIоштан губернаторх Дюмин Алексейх а, ший а хьаькам Путинан уллорчу бIанакъостех ву.

Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедина, керлачу даржехь Эдельгериевс луьстур ду экологин а, климатан а хеттарш, хаамбина пачхьалкхан РИ "Новости" агенталло.

  • Эдельгериев Русланан 49 шо ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йуьртахо ву иза, цуьнан нана Дерябина Вера Кадыров Рамзанан школехь хьехархо хилла йу. Кхоъ лаккхара доьшийла чекхъйаьккхина ву Эдельгериев, юридикан а, йуьртабахаман а цхьаьна, масех шарахь болх бира цо Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин структурашкахь, цул тIаьхьа карьера йина корматалла йолчу хьаькамо санна.
  • 2012-2018-чу шерашкахь Эдельгериевс куьйгалла дира Нохчийчуьра министрийн кабинетан, цул а хьалха вице-премьер вара, махкара йуьртабахаман министраллин коьртехь а Iийра. Ишта "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин Нохчийчуьра декъан куьйгалхо хилла иза.
  • Стохкалера шо довш Эдельгериев вара Дубайхь хIоттийначу СОР28 климатан саммитехь Оьрсийчоьнан делегацина хьалхаваьлла. Цуьнца цхьаьна саммите баьхкинера Кадыров Рамзанан доьзалхой – 18 шо долу Ахьмад а, 23 шо долу Хадижат а, иштта цуьнан цIийнда Алханов Адам а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчу оцу наха пачхьалкхан даржаш дIалецна, амма цара бен болх цхьана а агIор боьзна бац климат хийцарца долчу хеттаршца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG