ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хьаькаман кIант Саидов Адам Украинехь вуьсуш ву – журналист Золкин


Саидов Адам
Саидов Адам

Аннекси йинчу ГIирмерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовсан Саидов Мурадан кIант, Саидов Адам, Украинехь ву, иза хийцина вац парамедикца Паевская Юлияца.

Оцу кепара дIахьедар дина, масех бутт хьалха 20 шо долчу Саидовца къамел динчу Киеверчу журналисто Золкин Владимира. Интервью йинчул тIаьхьа дуьйна Кадыровн векалан гIовсан кIентан хьолаца хIуммаъ а хийцаделла дац, ткъа хийцина боху хаам "шайггара болийна бара", чIагIдо Золкина.

"Суна хууш хиларца, Адам дукха дика Iаш ву, могуш ву, дийна а ву. Цуьнан хьолаца а, йа цуьнан тIамехьа йолчу ойланца а хIуммаъ хийцаделла дац", - дийцина Саидовн хьолах лаьцна журналисто.

Саидовн гергарчаьргара а, йа официалан структурашкара а нохчочун кхолламах лаьцна комментареш яц Кавказ.Реалиин.

  • Охан-баттахь Золкинца хиллачу интервьюхь Саидовс дийцира, украинхойн ницкъахоша кхераме йоцчу меттиге дехьаваьккхина ша, хIунда аьлча, кадыровхошкахьара кхерам бара шена аьлла - церан пропаганде шех пайдаэцийта кхоьрура ша аьлла. Иштта кхайкхам бира нохчашка, Украинерчу тIамехь дакъа ма лаца, кадыровхой "тилла лела нах" бу аьлла
  • Мангал-баттахь "Хьалхарчу каналан" журналисто Куксенкова Иринас хаамбира, украинхойн парамедик йолчу Паевская Юлияца хийцина Саидов Мурадан кIант аьлла, цул тIаьхьа Нохзчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада бехкейира журналист провокаци лелорна.
  • Саидов Адам Украинан вахархо ву, иза вина а, кхиъна а ву Запорожьехь, карарчу хенахь юридикан факультетехь доьшуш ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG