Исс шо кхачарца декъалдина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийн спецназан университетан инструкторийн дакъа – Гуьмсара долара цхьанакхетаралла ю иза, Нохчийчу богIу йолахой Украинерчу тIаме бигале кечбеш йолу меттиг. ХIора кIирнахь оцу Iаморан центро 200 эскархо кечво – шиъ юьззина батальон – тIаме хьажорна. Амма университетан статус шеконаш йолуш ю: юридикан бух тIехь иза Спортан герз кхийсаран клуб бен яц.
2016-чу шарахь хиира республикехь спецназан ницкъаш кечбаран центр схьаелла Iалашонаш хиларх лаьцна, "Интерфаксана" Кадыровс еллачу интервьюхь цо дийцина, "дуьненахь уггара тоьлла 200 говза хьехархой, шайн декъехь Америкера долара тIеман компанешкара" Африкехь, Латинан Америкехь, Азехь а тIеман конфликташкахь дакъа лецна болу говзанчаш схьабахко лаам бу, аьлла. "Дерриг дуьненара" гулбийр бу дешархой, бохура.
"Цхьайолчу пачхьалкхашна ца лиира оцу центран курсанташ хир болчу спецназан белхахойн цIерш яха. Хетарехь, иза нийса хила а мега. Амма СНГ-н ерриг аьлча санна пачхьалкхашна лаьа шайн терроризмаца къийсам латторан белхахой цига хьажо", - бохуш къамелаш дора Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Амма тIаьххьаре а "Америкерчу говзанчех" лаьцна цхьа а хаамаш гучу ца бевлира спецназан университетехь. 2017-чу шеран зазадоккху-баттахь Кадыровн ницкъаллин блокехула волчу гIоьнчас, регионерчу Росгвардин куьйгалхочун гIовсо Мартынов Даниила дийцина РБК-га "доккхачу декъанна нохчех лаьтташ йолу" батальон Шема хьажорах лаьцна, цуьнан инструкторш бу элира цо оьрсийн "Альфа", "Вымпел", ГРУ-хь а болх бинарш, амма ца хьахийра кхчечу пачхьалкхашкара цхьа а.
ООО "РСУ-Э" сайте хIоттийна ду спецназан университетан чоьтан кехаташ. Цигахь дуьйцу, хьукматан латтанаша 45 гектар меттиг дIалоцу, цига юкъайогIу командан-диспетчеран пункт, шиъ кеманаш хьалагIиттаран-охьаховшаран некъаш, беркеманийн майданаш а. ТIаьххьарчу хаамашкара хууш ду, комплексехь иштта аэродинамикан биргIа, тактикан жима гIала, герз кхийсаран галерея, ши гектар кечваран Iам а хилар. Ала дашна, ООО "РСУ-Э" кхойкхура Соьлжа-ГIаларчу административан гIишлош йотта.
2018-чу шарахь центран цIе хийцира Оьрсийн спецназан университет, аьлла. Цуьнан дозанахь гуттара Росгвардин а, ОМОН-н а эскархой Iамош балахь а, царах цхьаннан а куьйгкIелахь яц иза. Кехаташка и университет ю бохург коммерцехь йоцу автономан цхьанакхетаралла спортан герз кхийсаран "РУС" клуб ю. Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министраллин лицензи ю оцу клубан. Цо кхин а лелочу гIуллакхашна юкъахь – книгаш арахецар, зурманаш, кинош яхар, культуран барамашка билеташ дIалецар, экскурсийн, туристийн гIуллакхаш дар. Амма официалан сайтехь "лерринчу тобанашна говза кечам баран Iаморан хьукматех пачхьалкхехь дуьххьарниг ю", аьлла яздина ду, иштта, "дуьненахь оцу тайпа меттигех яккхийрачех".
Клуб кхоьллинарш тайп-тайпанчу хенахь Гайсин Расул, Абуева Элен, АО "Республикан урхаллан компани" яра – цуьнан коьрта директор ву хьалха ницкъахо хилла волу Чудан Алексей, иза тIаьхьо вуьйцур ву вай. 2021-чу шеран чакхенехь дуьйна хьукматан хьалханчийн цIерш ЕГРЮЛ-чу кехатехь яц.
Вовшахтохараллин сайтехь далийначу бартбаран кехатехь программаш а, дешаран мах а бу: спортан залехь цхьа сахьт даккхарна (цхьана стагер 500 сом), кечамаш дарна а, тапча кхийсарна (2500 сом тобанахь а, 4 эзар сом – ша цхьаъ волуш) тIера "IPSC INTENSIV тапча" цIе йолу герз кхийсаран экзамен дIаяларна кечвеш йолчу курсанна тIе кхачалц - цуьнан мах 95 эзар сом буш а цхьаъ волчунна.
Тамашена ду, юридикаца хьажча, иза долара компани хилар
Ше цIа яккха ца лиъначу оьрсийн тIеман эксперта Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дийцина, герз кхийсаран клубашна а, Iаморан центрашна а баккъала регистраци йо коммерцехь йоцу автономан кхоллар санна (АНО), мелла а атта чоьталла хилийта. Оьрсийн спецназан университетан лаккхарчу дешаран хьукматан санна статус ца хилар кхета мегаш хIума ду, аьлла цо – оцу гIуллакхна цуьнан дезар дара дешаран министраллина а, Рособрнадзорана Iуналле яла. Центран гIуллакхаш шатайпа хиларна, и хIума дар пайдехьа хир дац.
"Ма-дарра аьлча, юстицин министралла йоцург, цхьанна а хьалха чот яла ца еза цуьнан. Амма зевне эпитеташ а, "дуьненахь уггар диканиг" ю спецназ кечъяран центран статус, бохуш дина дIахьедарш а тидаме эцча, тамашена ду, юридикаца хьажча, иза долара компани хилар, цул сов, Нохчийчохь – чоьташ цIена хиларца шеконехь йолчу регионехь", - дерзийна эксперта.
"Нехийн" девелопер ву декъехь
Университет цхьанна а ницкъаллин хьукматашна юкъайогIуш яцахь, тIаккха хьенан чоьтах йоьттина иза? Регионерчу Росгвардин куьйгалхочун гIовсо Мартынов Даниила РБК-га дIахьедира, инвесторш – уьш цхьа хьенехан "Москвахь, Санкт-Петербургехь, мехкан кхечу регионашкахь а кхиамаш баьхна" нохчийн бизнесхой бу. Ша Кадыровс къадамаш бора "доларчу инвестицешца кхаьчначу оьрсийн ахчанна".
Republic хьостано дийцарехь, спортан-Iаморан "Мастер" центро Нохчийчоьнера аренде эцна Гуьмсарчу тIеман жима гIалара латта, ООО "Грозный-Ситин" долахо волу бизнесхо, Кадыровн юьртахо Альвиев Мовсади. 2019-чу шарахь "Дуьххьара коррупцина дуьхьало латторан зорбано" цунах Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан Нохчийчохь баккхийрачех цхьаъ волу соинвестор аьлла. Ур-аттала, цуьнан цхьамогIа компанеш Гуьмсарчу Кадыровн проспектехь фондан уллехь регистраци йина ю. 2015-чу шарахь фондера Альвиевна кара кхечира ООО "Грозный-Сити" компанин 90% дакъош – цо йоьттина Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь стигал-баххьаш. И компани яра Кадыров Рамзанан резиденцин уллерчу латтанан долахо.
Альвиевн компанаш гуттара толамаш боху Нохчийчохь яккхийрачу тендерашкахь – пачхьалкхан эцарийн сайтехь 150 гергга каро йиш ю уьш. Масала, 2019-чу шарахь цуьнан долахь йолчу ООО "Ониксаца" бархI шарна нехаш дIаяхаран контракт хIоттийнера, цуьнан мах бара 12 млрд сом. 2019-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу Black Star Burger бизнесан дакъа Альвиевна дIаделира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца доттагIалла лелорца вевзаш волчу репера Тиматис.
Кхузахь кхин а цхьаъ вовшашца ийна хиларан билгало ю – латта аренде эцначу "Мастер" центран долахо Алексей Витальевич Чудан ву, аьлла яздина ду. Иза ФСБ-н "Альфа" спецназан директор ву, иштта "РУС" клубан 38 шо долу директор а, аьлча а, Оьрсийн спецназан университетан. "ВКонтактерчу" цуьнан агIонца дуьстича, ставрополхойн Зеленокум гIаларчу Новосибирскера лаккхара тIеман буьйранчан доьшийла чекхяьккхина Чудано (2008-чу шарахь), совдегараллин, бакъонийн Мосеварчу институтан юридикан факультет а (2011-гIа шо), иштта физическан культуран, спортан, кегийрхойн, туризман пачхьалкхан Оьрсийн университет а (2015-чу шарахь).
Цул сов цо куьйгалла до АО "Республикан урхаллан компанина", "Практическан герз кхийсаран Федераци" регионера спортан юкъараллин кхолларна, иштта ООО "Чаборз" компанин кхоллархо а ву иза – 2017-чу шарахь дуьйна цо баггиш арахоьцу (вочу некъийн яйн машен), ницкъаллин хьукматийн Iаморашкахь лелайо уьш.
Шуьйра дIакъевлинчу бIаьргашца
2021-чу шарахь дайъинчу ахчийн чоьтаца а догIуш, коммерцехь йоцучу организацина 54 млн сом ахча кхаьчна, иштта 8,4 миллион кхаьчна совдегараллин гIуллакхехула тIедаьллачу ахчан кепехь. Минюстана еллачу чоьтехь дуьйцу, "РУС-о" сурсаташ духкура, гIуллакхаш дора, белхаш бора, иштта оьрсийн коммерцехь йоцучу кхолларшкара ахчанаш кхочура.
Цуьнан коьрта ахча дохкар – иза урхаллин аппарат латтор ду (53 млн сом – цул а хьалхарчу шарахьчул а шиъ а, ах сов), кхин а 11 млн гергга сом доьхкина керла гIирс оьцуш. Шо чекхдолуш диссина дерриг ахча 7 млн сом дара.
Ахчанан барамаш кIезга бац, амма дайначу шерашкахь "РУС-н" болх иштта эвсаре бацара. Масала, 2020-чу шарахь 16 млн сом бен ца кхаьчна, тIаккха тIедаьлла ахча 3 млн хилла.
РУС-н цIенна тIедаьлла ахча 8,4 млн сом дара дерриг шарахь, делахь а, 2020-чу шарахь организацино 850 эзар сом шена зен а хуьлуш чекхдаьккхира финансийн шо. 2019-чу шарахь тIедаьлла ахча 1,4 млн сом хилла, цул а шо хьалха - 166 эзар.
60 млн – иза йоккхачех НКО ю, иттанаш белхахой болуш, берриг махкахь жигара болх а лелош
"Барамаша цецвоккху: шарахь 60 млн сом – иза доккха ахча ду коммерцехь йоцучу кхолларна. Юккъерчу бармерчу НКО-на 10 млн ахча бюджетехь хилар тоал лоруш ду. Ткъа 60 млн – иза йоккхачех НКО ю, иттанаш белхахой болуш, берриг махкахь жигара болх а лелош", - комментари йо Кавказ.Реалиина "Гражданин и армия" бакъоларъяран кхолларан директора Кривенко Сергейс.
Эксперта билгалдоккху, рогIерчу дешаран хьукматашна а атта дац шайн болх дIалело оьшуш йолу лицензи яккха, тIеман кечамаш дарехула доху кехаташ дийца а ца оьшу.
"Нохчийчоьнан куьйгалхочо идея хьалхатотту, тIаккха цхьамма кечбо цуьнан лаам АНО-н кепехь. Кхеташ ду, Кадыровна цхьамма а таллам бийр бац, цундела эскархой кечбар йиллинчу кепехь дIахьош ду коммерцехь йоцучу кхолларо санна. Иза жоьпалле озорг ца хиларе дог дахар ду, иза низамехь догIуш дац", - кхетийна къамелдечо.
"Иза университет яц, официалан спецназ яц, шен долара цхьа эскархой бу, мичара долу ца хуу, цIена доцу ахчанца. ЧВК санна, оцу тайпа тобанаш оьрсийн низамашца хила ца еза. Амма федералан центро бIаьргаш дIакъовлу оцу гIуллакхна", - аьлла хета Кривенкона.
Нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо а реза ву эксперташа бохучунна: оцу спецназан университетан белхзан бакъонан хаттар цIена дац, иза Украинерчу тIаме хьажоран Iалашонца дIагулбаран, кечбаран, дIахьежоран база хиллехь а.
"Иза Кадыровс оцу тIамехь ладаме дакъа лацар ду, иштта цуьнан Путинехьа муьтIахь хилар гайтар а. Оцу университетан цхьа квалификаци хир яра ала ца оьшу, амма, суна хетарехь, и хаттар Кремло хьехош а дац. Коьртаниг – конвейер болх беш хилар ду", - билгалдаьккхина спикеро.
Гуьмсара спецназан университет карарчу хенахь Оьрсийчоьнан ерриг регионашкара лаамхой шайх олучарна Украинерчу тIаме баха аьтто луш йолчу кхаа меттигех цхьаъ ю. ТIамехь дакъа лацарна царна ахча лур ду олу, вийна меттиг хилахь, доьзална гIо а дийр ду, бахарехь.