Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхерамашна жоп делла Шейхан Мансуран цIарахчу лаамхойн батально - "махкара бевдда террорхой" бу аьллера цо царна.
Шен телеграм-каналехь Кадыровс дIахьедира, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира омра а дина, шен эскархой Украина Iалашъечу Ичкерин агIончашна "бекхам бан" хьовсор бац-те аьлла, шен хиллачу дегайовхонех
2014-чу шарахь дуьйна ю Шейх Мансуран цIарах батальон Украинан суверенитет ларъеш украинхойн тIемалошца цхьаьна, дийцина батальонан информацин декъан куьйгалхочо Чеченский Богдана. ТIамна тIехь пиар ечу Кадыровца дешнашца къийсамаш латтон йиш яц шайн аьлла, билгалдаьккхина цо.
"Вайн къамел дечу юкъанна, тIеман хьелашкахь дIатарбала Запорожьен агIор хьажийна Европера керлачу эскархошца цхьа тоба", - дийцина батальонан векало, белхан шерашкахь батальонехула дукха нах чекхбевлла, "кху заманахь тIом бар карадерзийна", "кадыровхойн тик-ток камарилья" дIахьакха кийча болу аьлла, тIетоьхна цо.
Хьалхо Кадыровс бехкейира Шейх Мансуран цIарах батальон, цуьнан эскархой "дIабов" нохчийн ницкъахой герга мел кхочу, шайн Ичкерин билгалонашца йолу шевронаш а, седанаш а охьа а туьйсуш аьлла. Кавказ.Реалиига хаамбира батальоно, Лисичанск ларъечохь шайн эскархой хилла бац, Запорожьен агIонехь позицешкахь хилла бу аьлла, хетарехь, Кадыровс зорбане хIоттийна видео цигахь яьккхина ю. Кадыровхоша гойтуш йолу амуници, Мариуполера Киеве воьдучу агIор дехьабохучу заманчохь йитина яра утилизаци ян аьлла, кхетийна цара.
- Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыров оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. ТIом болабеллачу хьалхарчу кIиранашкахь къаьстира, кадыровхоша тIамехь хьалхарчу могIаршкахь дакъалоцуш доцийла, дIахьедарца, меттигера бахархой кхерош, яьсса гIишлош дIа а лоьцуш, роликаш йохуш хиллера цара, оцу тIехула церан дакъошна "тик-ток-эскарш" аьлла, цIе тиллинера.