ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кхоалгIа йоI цуьнан секретариатан куьйгалхочун гIовс хIоттийна


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхоалгIа йоI – ХутIмат – цуьнан секретариатан куьйгалхочун гIовс хIоттийна. Хьалхо директор яра иза "Грозненский дельфинарий" комплексан.

Кадыровс ша йовзийтина шен йоI секретариатехь, керла куьйгалхо, хьалхо "Ахмат" спортан клубан директор хилла Эдилов Валид вовзуьйтуш, хаамбира "Грозный-информ" агенталло. Цо чIагIдарехь, Эдиловс дIалаьцна иштта Оьрсийчоьнан боксан Федерацехь дарж а.

Цул тIаьхьа масех сахьт даьллачу хенахь Кадырова ХутIмат декъалъеш, вистхилира Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбан а, информацин а министр Дудаев Ахьмад а, парламентан депутат Ханбиев Мохьмад а.

20 шо ду Кадырова ХутIматан. 2019-чу шарахь юккъера школа чекхъяьккхина цо. Пачхьалкхан гIуллакхдарехь даржашкахь белхаш бан лаккхара доьшийла цо чекхъяккхарх цхьа а информаци яц йиллинчу хьосташкахь.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиино дийцира, Кадыров Рамзанан цхьа могIа чоьхьара гергарнаш махкарчу пачхьалкхан даржашка хIитторах лаьцна а, царна кеп-кепара совгIаташ дарх а.
  • Кадырова ХутIмат евзаш яра нашидаш аларца а, оцу жанрехь иллиалархо а, шейх а волчу Кувейтерчу Мишари аль-Афасица цхьана нашид лакхарца а. Нохчийн хаамийн гIирсашкахь яздора ХутIмат "Оьрсийчохь уггар къона фермер" ю бохуш. 2020-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу школазхойн дешаран департаментан куьйгалле хIоттийра иза. Кху шеран Дечкен-баттахь цо хьалхара меттиг баьккхира зударшлахь Дуьненаюкъарчу герз кхосаран конфедерацин а, Гуьмсерчу спецназан университетан спортан-кхийсархойн клубан а къийсаршкахь:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG