ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIант Нохчийчохь спортан министр хIоттийна, нуц - кегийрхойн гIуллакхашкахула министр


Кадыров Ахьмад
Кадыров Ахьмад

Нохчийчоьнан урхалхочо дIакхайкхийна мехкан куьйгаллехь бинчу хийцамех лаьцна. Цуьнан 18 шо долу кIант Ахьмад спортан министр хIоттийна – хьалхо кегийрхойн гIуллакхашкахула министр вара иза. Цунах маьршадаьллачу дарже хаийна цо Нохчийчоьнан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан 18 шо долу кIант – Висмурадов Рамзан. Кадыров Рамзанан йоI Кадырва Табарик йу цуьнгахь.

Хучиев Темирлан (Тамерлан), шинарин дийнахь дарж охьадиллинчу Хучиев Муслиман ваша, индустрин, энергетикан министр хIоттийна. ТIаьхьо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, оцу министраллин сферех дIатохарх йохкаран дакъа а.

Хьалхо Хучиев Тамерлан ТIехьа-Мартанан кIоштан администрацин куьйгалхо вара, цул а хьалха 11 шарахь – Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан, "Кадыровн бохча" а олу цунах, директор лаьттира.

Ибрагимов Iийса, хIинццалц схьа физкультурин а, спортан а министр хилла волу Нохчийчоьнан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун гIовс хIоттийна. Ибрагимов – Кадыров Рамзанан гергара стаг ву.

Нохчийчоьнан куйьгалхочун воккхаха волу кIант Кадыров Ахьмад министр хIоттийнера кегийрхойн гIуллакхашкахула чиллан-баттахь, цул а хьалха спортан а, кегийрхойн политикан а министран хьалхара гIовс вара иза. И дарж деллера цуьнга цуьнан 18 шо ма-кхоччура. 2023-чу шарахь Кремлехь кхиазхо тIеийцира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира – Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана цо зуда йалош дина совгIат ду и элира политологаша.

2022-чу шарахь хIоттийра Висмурадов "Ахмат" клубан коьрта директор. Цул хьалха клубан латархо вара иза, цо дакъалецира ийначу кепехь хIиттийначу профессионале латаршкахь. Кху шеран чиллан-баттахь мидал йелира цунна "Нохчийчоьнан Республикина гIуллакхаш дарна" аьлла. 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин куьйгалло "терроризмана дуьхьал къийсам латторна" некха тIехь лело билгало йелира цунна.

Висмурадов Рамзанехь йолу Кадыров Рамзанан йоьалгIа йоI Кадырова Табарик Украинан а, Цхьаьнатоьхначу Амкрикан Штатийн а санкцийн тептаршкахь йу, санкцеш тоьхна ишта "Ахмат" клубана а.

Висмурадов Рамзанан да Висмурадов Абузайд – Нохчийчоьнан вице-премьер, нохчийн "Терек" СОБР-н командир ву. 2019-чу шарахь Висмурадов санкцийн тептаре йазвира "Магнитскийн актаца" а догIуш, хаамбира Американ финансийн министралло.

Пачхьалкхан кеп-кепарчу тIегIанера даржашкахь Нохчийчохь ву КадыровгIеран 100 ца кхоччуш гергара стаг – бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира КадыровгIеран цIийнах мел волчу, республикин пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечех дуьззина тептар.

  • Стигалкъекъа-беттан 21-чохь шегара дарж охьадиллира Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима, цунах лаьцна хаамбира мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, Хучиев кхечу балха дехьаволуш ву – стенга, билгал ца даьккхира цо. Цуьнан декхарш цкъачунна кхочушдийр ду Тумхаджиев Iийсас – автомобилан некъийн министр ву иза республикехь, Кадыровн нуц лоруш ву иза.
  • Стигалкъекъа-беттан 15-чохь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада хенал а хьалха дарж охьадилларх дIахьедира. Нохчийчоьнан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа сацам бинера цо шена тIера декхарш охьадохкуш, цуьнан хIун бахьанаш ду цкъачунна хууш дац. СВО дIахьош гIо латточу регионалан штабан куьйгаллехь виссина иза – "СВО" олу Оьрсийчуьра Iедалхоша Украинерчу тIамах
  • Социалан машанашкахь "нохчийн оьздангаллица а, гIиллакхашца а" лелаш боцчу бахархошца "кхетош-кхиоран" къамелаш дан дагахь бу Нохчийчохь кху шарахь. Оцу белхан куратор хир ву, дукха хан йоццуш кегийрхойн гIуллакхашкахула министр хIоттийна волу регионан куьйгалхочун 18 шо долу кIант Кадыров Ахьмад.
  • 2023-чу шеран аьхка, хIетахь кхиазхо волчу Кадыров Ахьмада йуьхьйаьккхира жимчу кIантера, иза ницкъахоша лаьцна хиллера бакъо йоцуш машен хаьхкина воьдуш. Оцу йукъанна ала догIу, цул а хьалха Кадыров-жимахверг а хаавеллера машенахь воьдуш, Оьрсийчохь 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бен машен лелон магош доццушехь.
  • Нохчийн мотт Iалашбан, кхион вовшахтоьхначу экспертийн кхеташонан дIахIоттам карлабаьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана зазадокху-баттахь, шен йоI Хадижат (Карина) а, кIант Ахьмад а цу йукъа а тухуш.
  • Дахна шо доьрзуш Хадижат а, цуьнан 18-шо долу ваша Кадыров Ахьмад а лахьан-беттан 30-хь йолийна гIуран беттан 12-чу дийне кхаччалц Дубайхь дIайаьхьначу климатан СОР28 саммитан Оьрсийчоьнан делегатийн тобанан тептаран йуккъе дахара. Церан болх-некъ цхьана а кепара климат хийцайаларца боьзна боцушехь. Цига уьш бахар доьзна дара регионан куьйгалхочо шен берийн статус хьалайоккхуш, уьш политикан дахарна жигара йукъаийзош, аьлла билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG