ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIант винчу денца декъалвина берриг аьлча санна нохчийн Iедалхоша


Кадыров Рамзан (юккъехь) шен вешин кIантаца а, шен кIенташца а. Кадыров Iела - аьтту агIорхьара шолгIа
Кадыров Рамзан (юккъехь) шен вешин кIантаца а, шен кIенташца а. Кадыров Iела - аьтту агIорхьара шолгIа

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIант Кадыров Iела 15 шо кхачарца декъалвина шайн социалан машанашкарчу официалан аккаунташкахь берриг аьлча санна болчу Нохчийчуьрчу Iедалхоша.

"Iела догдоккхалла долуш а, Ӏалашо юьхьарлоцуш а, хьуьнаре а жима стаг ву. Иза къаьсташ ву ира а, кхетаме а хьекъал хиларца а, ткъа иштта вуно бакъхьахиларца а", - яздина шен инстаграмехь, масала, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама.

Нохчийчуьрчу парламентан спикерна Даудов Мохьмадна хетарехь, "Iела дуьйцийла доцуш, шен нийсархошна масалла ду. Иза гIиллакхе, похIма долуш, хьуьнаре кIант ву. Дагахь Iамийна цо Къуран, хафизан лараме цIе лелош ву иза. Исламо хьоьхург, къоман ламасташ, гIиллакхаш, вуно чIогIа лардеш ву иза, баккхийн нах лору цо",

Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахмеда яздина, Кадыров Iелас "вуно чIогIа лардо нохчийн гIиллакхаш а, ламасташ а", ткъа тиштта иза ву "кхане йолуш РСК "Ахмат" клубан латархо" аьлла.

Ша Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана декъалвина шен кIант инстаграмерчу аккаунтехь цхьана фразица – "Далла бу хастам массо а хIуманна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG