ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критик Абдурахманов Тумсо вийна аьлла Закаев Ахьмад бехкевина Нохчийчохь


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо вийна хила мега къобалйанзачу Ичкерин урхаллин куьйгалхочо Закаев Ахьмада, аьлла дIахьедира ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директоро Ахмадов Чингиза.

Закаевс куьйгалла деш йолу ЧРИ-н урхалла низамехь йац бохуш Абдурахмановс дина хиллачу дIахьедаршца доьзна цо и, амма цхьа а тоьшаллаш ца далийна. Делахь а, Абдурахманов дукха шерашкахь дуьйна Кадыров Рамзанан критик ву, республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада чIир кхайкхийнера цунна, республикан куьйгалхочун дех лаьцна дешнаш аларна.

Лахьан-баттахь Абдурахмановс "Нохчийчоьнан Аз" политикан парти кхолларца доьзна хила мега и вийна боху хаамаш, аьлла хета Ахмадовна.

"И хиллачул тIаьхьа кхо кIира даьлча Закаевс шен агIончийн гулам цхьанатуьйхира, цигахь Закаевн берриг критикаш низамехь боцуш лерира", - дIахьедира нохчийн пачхьалкхан телеканалан куьйгалхочо, иштта билгалдаьккхира, Закаевс кIирнахь реакци ца йора Абдурахманов вийна бохучу хаамашна.

ЧРИ-н урхаллин арахьарчу премьеро Ахмадовн дешнашна комментари ца йина. ГIуран-беттан 6-хь "Киев" телеканалана интервью йелира цо, цигахь элира, Абдурахмановн лелар вуно лазаме ду Кадыровна а, цуьнан гонна а, шайн аьтто хилча, кадыровхошка и "дIаваккхалур вара" аьлла цо. Закаевс дагадаийтира, Абдурахманов Оьрсийчуьра дIавахара, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчу стагаца дов даьллачул тIаьхьа.

Швецихь Абдурахманов Тумсо вийна аьлла тIечIагIбаза хаам гучубелира къобалйазчу Ичкерин цхьахйолчу телеграм-каналан агIонехь гIуран-беттан 1-чохь. Цул тIаьхьа, гIуран-беттан 5-хь Кадыровн критик верах лаьцна дуьйцура 1ADAT телеграм-канало а, иштта и хаам арахийцира нохчийн диаспоран хьалханчех цхьаъ волчу Масхадов Анзора. Кавказ.Реаллино дахьийтинчу кехатна деллачу официалерчу жоьпехь Швецин полицино тIе ца чIагIбира, йа харц ца бира Абдурахманов верах лаьцна хаамаш.

  • 2020-чу шеран чиллан-баттахь кIело йира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. 36 шо долчу блогерна коьртах жIов тоьхнера, амма цуьнан аьтто хиллера тIелеттачуьнгара и схьа а йаьккхина, полици кхайкха. ТIаьхьо киллеро Мамаев Руслана кхетийра, дуьххьара ша блогерна тIехь тидам латто безаш вара, амма "Соьлжа-ГIаларчу наха" шена 50 эзар евро хьехча и ве реза хилира ша аьлла. Кхелехь прокуроро а билгалдаьккхира, "ларша Соьлжа-ГIала вуьгу". ТIелатар дарехула сацам 2021-чу шеран дечкен-баттахь хилира. Мамаевна итт шо хан туьйхира, цуьнца цхьана хиллачу Шапиаева Эльмирина – бархI.
  • Гезгмашин-беттан 27-хь 30 гергга герзаца болу нах Йоккхачу АтагIа баьхкира Абдурахмановн гергарчу нахе. Царна ультиматум хIоттийра: блогеран дIахьедарш цара ца хийцахь, царна чIир кхайкхор йу аьлла. Цул а цхьа де хьалха Абдурахмановца хиллачу телеграмерчу чатехь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад зIене велира. Жигархочунна кхерамаш тийсира цо, цуьнан дешнех цуьнан гергарчу нахе жоп долуьйтур ду аьлла дош делира.
  • 2019-чу шарахь Даудовс блогерна Абдурахманов Тумсона чIир кхайкхийра. Кадыров Ахьмад-хьаьжан иэсе цабезам бу шен, и къоман йамартхо хета шена аьлла Абдурахмановс динчу дIахьедаршна дуьхьал тийсина бара и кхерамаш.
  • Оьрсийчоьнан арахьа бехачу Кадыровн критикашна масийттаза дира т1елатарш. 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Берлинехь вийра Масхадов Асланан а, Басаев Шемалан а тIемало Хангошвили Зеламха. 2017-чу шеран гезгмашин-баттахь Киевехь йийра нохчо йолу Окуева Амина. И хиллачул т1аьхьа масех де даьлча Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчо Махаури Тимур. 2009-чу шеран дечкен-баттахь Венехь герз диттина вийра Кадыровн хилла волу хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу шеран чиллан-баттахь Къатарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла волу Яндарбиев Зеламха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG