ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критикан гергарнаш лечкъийна Нохчийчохь


Халитов Хьасан
Халитов Хьасан

Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштарчу полисхоша да а, ваша а вигина Туркойчохь вехачу Халитов Хьасанан. Хецна емалвора цо мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Де хьалха шайн цIера дIавигина ницкъхоша 75 шо долу Халитов ГIани а, 46 шаре ваьлла Халитов Рамзан а. Цул совнах, лачкъийнера Москвахь веха цуьнан жимахволу ваша, Халитов Хьусайн а. Кавказ.Реалин корреспонденте дийцина цунах лаьцна ша Халитов Хьасана.

Цо бахарехь, цуьнан оппозицин юкъараллин гIуллакх а, социалан машанехь Кадыровна дуьхьал сих-сиха вистхуьлуш хиларна а цуьнан нах кхуьнца уьйраш латтош бацара. Цунела шен нах бигарх лаьцна хиина цунна юьртахошкара а, анонимехь болчу блогершкара а.

Дахначу кIирандийнахь бевзаш боцчу наха Стамбулехь Кадыровн агIончана еттарна тIехула бигина цуьнан гергарнаш аьлла, чIагIдо Халитовс.

" Телеграмерчу Security Turkey тобане, сайгарчу информацица, сайн кIоштахь гинчу масех кадыровхочун сурт дахьийтинера ас. Диканна баьхкина ца хиллера уьш. Кхузахь дуккха а бу, гергарнаш дIабигина, тIехь ницкъбина, церан зударий хьийзина Нохчийчуьра нах. Суна а кIело ян гIоьртинера уьш. Вийна дIа ца ваьккхича совцур болуш бац уьш. Сан публикаци дIакхаьчначул тIаьхьа кара а вина, кадыровхочуьнца къамел дина хиллера цара. Цхьана а хIуманна дохко ца ваьлла ша аьлла хиллера цо, ницкъаллин структурашкахь болх барх лаьцна дуьйцуш. ТIаккха йиттина цунна", - дийцина Халитовс.

Цо чIагIдо, телеграм-каналца шен юкъарлонаш дац, йа цуьнан авторш а ца бевза шена бохуш. Де-буьйса а ду Халитовн гергарнаш ТIехьа-Мартанан кIоштарчу полицин декъехь болу.

"Цаьрга кхийдош бехкаш дац, массарех а дIахадийна латтош бу уьш. Цаьргахула суна тIеIаткъм бан хьийза, со кхеро. Амма ас сайн дешнаш юхаоьцур дац. Нохчийчоьнан Республикехь Кадыров – уггар а доккха шайтIа ду. Стенна оьшу царна сан нах? Соьга хIара къамелаш ца дайта, хаза а хеташ сацор ма вара со цара. Соьца къастаде полисхоша, йа со вен хьовса, йа лачкъаве. Суна тIаьхьадовлийша, сан нах Iад а битий. Царна ца тов ас лелориг. Нагахь санна, хIинца а со тапъаьлла Iахь, сайн нах байъинарг со хуьлу-кх", - боху Халитовс.

"Iазапашна дуьхьалояран комитете" ваьлла Халитов, шен гергарнаш дIабигича. Шен юьртара цхьаболу нах юкъара бу аьлла хета цунна уьш бигарна.

Иштта, шен Нохчийчуьрчу СемаIашкахь веха да а, кхо ваша а лачкъийна вигина аьлла, Кавказ.Реалиига дIахьедина Европехь вехачу Мамакаев Iилмана. Шоьтан сарахь цIа ваийтина цуьнан 73 шо долу да, амма маьршаваккхале, иза сийсазвеш, цуьнан мекхаш дIадаьшна. Бисинарш хIинца а латтош бу полицехь.

"Йиттинчун гергарнаш тхан цIа баьхкина хиллера. ЧГТРК-с камераш латийна, Хьамзат а, Iимран а, кегийболу вежарий а, да а дIа а хIоттийна, Iелех дIахаьдда шаьш бахийтина. Туркойчохь вехаш ву тхан кхин а цхьа ваша - Iела. Оцу стага динчу тIелатарехь ша хилла вац боху цо", - дийцина Мамакаевс.

Маршо Радионо яздира оршотан дийнахь, муьлш бу цахуучу наха йиттина Истанбулехь Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашкахь еххачу заманчохь болх бинчу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIончана. Хетарехь цуьнан цIе ю Iабдурахьман. Security Turkey телеграм-канало бина цунах лаьцна хаам.

Хьалхо хаамашкахь яздора, шаьш а, шайн махкахой а кхерамаш туьйсучу кадыровцех а, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахойх а Iалашбархьама Нохчийчуьра масех вахархо вовшахкхетта бохуш. Нохчийчуьра Туркойчу оьхучу полисхойх а, уьш бахкаран Iалашонех а, хьенан лар лаца уьш хьийза хаа Iалашонца Security Turkey аьлла, цIе тиллина телеграм-канал кхоьллинера диаспоран векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG