ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критикаш лечкъорах Путине дIахьедарна жоп делла Нохчийчохь


Министр Дудаев Ахьмад
Министр Дудаев Ахьмад

Нохчийчуьрчу информацин министро Дудаев Ахьмада харцдерг а, дезинформаци а ю аьлла республикехь Нохчийчоьнан куьйгалхойн критикаш лечкъорах дина дIахьедарш. Нах лечкъор талла аьлла, Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъара а бакъонашларъярхой президенте Путин Владимире бовларх лаьцна иштта комментарий йина министро. Цуьнан жоп инстаграмехь зорбане даьккхина пачхьалкхан "Грозный" телехьожийло.

Бакъоларъяран белхаца цхьа а юкъарло доцу нах бу Путине кхайкхам бинарш, Кадыровн критикаш а бац аьлла, дIахьедина видео тIехь нохчийн министро.

"Европехь хевшина Iачу масех провокаторера тхуна хезарг - иза критика яц", - чIагIдо министро шен къамелехь.

Дудаевс бахарехь, Кадыровн критикаша лачкъийна вигина бохучу масех стагаца зIене ваьллера иза. Цул тIаьхьа министро гайтира ши видео - блогеран Халитов Хьасанан а, политикан Закаев Ахьмадан а гергарчаьрца яьккхина.

"Тхуна оьшург цхьа гIо ду, оцу питанчан Хьасанан а, цуьнан накъостийн а баганаш аш дIасовцор", - боху хьалхарчу видео тIехь Халитовн цхьахволчу вашас.

Туркойчохь вехачу блогеро Кавказ.Реалиина комментарий елира зорбанан министро а, шен вежарша а аьллачух лаьцна. Видео - спектакль ю аьлла, хета Халитовна, шайн лаамца мехкан Iедалхойн йиш ю гергарнаш цIа бало а, цул тIаьхьа юха дIабига а аьлла.

"Цигахь долчух суна хууш дац. Амма вай дика кхета, муьлхха а видео, муьлхха а сурт хIоттон церан таро хиларх. Нагахь санна, уьш цIахь белахь а, цIахь лецна бу-кх уьш", - дIахьедина блогеро.

Видео тIехь Закаевн гергарнаш бистхуьлу махкахошка, доьху Лондоне дIавахначу политиках а, Нохчийчуьрчу Iедалхошна луьйш болчу нахах а ма теша.

"Тхо тхайн цIахь ду, тхо хьедеш стаг а вац", - боху видео тIехь цхьахволчо.

Ичкерин арахьарчу Iедалан векал волчу Закаев Ахьмада Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь элира, Нохчийчохь болчаьрца йоллу контакташ ша хедийна. Политикан дешнашца, зорбан министро шен кхайкхамехь гайтинчу видеош тIера нах масех бутт хьалха дIабигира, амма тIаьхьо цIа бахкийтира, карара доллу кехаташ схьа а даьхна.

"Ткъа важа нах билггал лечкъийна ма бу. Нохчийчохь дIабигинчаьрца зударий, бераш, доьзалхочух йолу зуда а цхьана яра, цаьрца хIун леладо а ца хаьа. Ткъа хIинца цара гойту, тхо дика Iаш ду боху сан а, кхечуьнан а гергарнаш", - эргIад вуьйлу Закаев. - Нохчийчохь гергара нах сан кхин бац, царна цигахь хIуъа дахь а, сан бала болуш хIума дац иза".

Лечкъийра нах ГIуран-беттан 21 -25-чу деношкахь, буьйсанашкахь ерриг а Нохчийчухула. Доьзалца шен зIе хаьдда хилар журналисташна хаийтинчех хьалхарниг вара Турцехь веха блогер Халитов Хьасан – шен да а, ваша а вен кхерам бу, бохура цо. Гергарнаш шен а, шен зудчуьн а бовдийна, хаам бира оппозицехь волчу блогера Абдурахманов Тумсос а.

ГIуран-беттан 23-чохь шен куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш лачкъорах лаьцна хаам баржийра адмийн бакъонаш тергалъечу "Вайфонд" цхьанакхетаралло. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг.

Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна орца кхайкхийра Германерчу блогера Мализаев Микаила а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристан Янгулбаев Абубакара а дIахьедира, шен ден а, ненан а агIора 40 гергга стаг дIавигарх лаьцна.

Нах лецале хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна хилла видеоматериалаш гайтира меттигерчу телехьожийлехь, яржийра инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.

Нохчийчохь нах лечкъийна хилар лач хьахийра Кадыровс йоьдучу пресс-конференцехь, амма тIе ца дитира цунна юкъара ша хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, и нах идорна тIехьа хила тарло, "блогерша а, бакъонашлархъярхоша а вас йина нах". Амма цIерашца а, масалшца а ца бийцира цо ша хьахийна нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG