ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн накъостан долахь йолчу "Грозный-Ситина" 23 млн соьманна пачхьалкхан контракташ кхаьчна


"Грозный-Ситин" сурт
"Грозный-Ситин" сурт

ООО "Грозный-Ситино" 2022-чу шеран ворхI баттахь тайп-тайпанчу Iедалан органашца 23 млн соьманна контракташ хIиттийна. Нохчийчоьнан коьртачу гIалара иштта цIе йолчу стигал-бохь чуьра чоьнийн аренда ю юьйцург. Компани кхоьллинарг а, цуьнан коьрта директор а Альвиев Мовсади ву, Кадыровн уллора накъост олу цунах зорбанашкахь.

"Грозный-Ситица" уггара доккха цхьа контракт – 14 млн соьманна – Нохчийчухула йолчу Росреестран урхаллица хIоттийна. 1,2 эзар а, 800 а, 13 а йиъкIов метр йолу масех чоьнашна аренда яр ду дуьйцург. Иштта оцу хьукмато дечкен-баттахь 4,8 млн соьманна арендан контракт хIоттийна. Кхечу арендхошлахь ю Нохчийчуьра ЗАГС а, таллархойн бахаман урхалла а, Соьлжа-ГIаларчу мэрин дешаран департамент а.

ООО "Грозный-Ситица" контракташ республикан Iедалхойн органаша сих-сиха хIиттайо. Масала, 2020-чу шарахь контрактийн берриг мах 23 млн соьмал сов бара, 2019-чу шарахь – 17 млн сом.

"Грозный-Ситин" долахойх цхьаъ а, коьрта директор а ву Ахмат-Юрт аьлла цIе хийцина йолчу, КадыровгIар схьабевлла йолчу ЦIоьнтарара Альвиев Мовсади. Зорбанашкахь цунах республикан ваккхийрачех цхьа девелопер а, Кадыров Ахьмадан цIарахчу гIоьналлин фондан хьалххе дуьйна хилла волу партнер а олу. И фонд Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативе казна" санна евзаш ю. Republic хьостано нохчийн бизнесменах оцу фондан "соинвестор" аьлла.

РБК-н хаамашца, тахана Оьрсийн спецназан университет цIе лелош йолу, Гуьмсарчу дуьненаюкъарчу лерринчу ницкъийн Iаморан центр хьалайотта Iалашонца Iедало аренде делла латтах пайда оьцург ву Альвиев.

ООО "Грозный-Ситин" долахо хиларал совнаха, спортан-Iаморан "Мастер" центран куьйгалхо ву Альвиев, иштта ООО "Оникс" компанин а (компанино республикера нехаш дIакхехьаран яккхийрчу тендерашкахь толамаш боху), ООО "Чеченпроектан" а, ООО "Шали-Ситин" а куьйгалхо а.

  • Нохчийчоьнан оьрсашкхьа хиллачех хьалхара президент лаьттина волу Кадыров Ахьмад кхелхина бутт баьлча цуьнан цIарах кхоьллина йолчу фондах зорбанаша республикан таханалерчу куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "альтернативан казна" олу. Дукха хан йоцуш фондо арахецна 202I-чу шарера финансийн чоьташ. Ах исламан дуьненна гIо латтош ю бохучу юкъараллин организацино, цхьана шарахь официалехь цхьа сом а ца доьхкина гIоьналлин акцешна. ТIаьххьарчу беттанашкахь фонд иштта масех коммерцин хьукматийн кхоллархо йолчура дIаьяьлла.
  • Гуьмсарчу оьрсийн спецназан университетан 2021-чу шеран финансийн жамIаш девзина, Нохчийчуьрчу Iедалхоша кхуза оьрсий дIакхойкху, йоццачу хеначохь кечам а бина, Украинерчу тIаме хьовсо Iалашонца. ЖамIаша гойту терахьаш ца догIу тIамна "эзарнаш лаамхой" кечбо, бохуш Кадыров Рамзана деш долчу дIахьедаршца.
  • Гуьмсара спецназан университет карарчу хенахь Оьрсийчоьнан ерриг регионашкара лаамхой шайх олучарна Украинерчу тIаме баха аьтто луш йолчу кхаа меттигех цхьаъ ю. ТIамехь дакъа лацарна царна ахча лур ду олу, вийна меттиг хилахь, доьзална гIо а дийр ду, бахарехь. Хаам бора, хIора кIирнахь университето тIамна 200 гергга "лаамхо" кечвора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG