ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн нанна а, Нохчийчуьра а, Ростовн кIоштара а хьаькамашна а дуьхьал санкцеш йаьхна Америко


Кадырова Аймани
Кадырова Аймани

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Iаьржачу тептаре" йазйина Кадыров Ахьмадан цIарах гIоьналлин фондан куьйгаллехь йолу Нохчийчоьнан урхалхочун нана Кадырова Аймани. Оцу тептарехь бу Американ бахархошна а, резиденташна а бизнес лелон дихкина нах.

Иштта санкцеш йаьхна Нохчийчоьнан премьер-министрна Хучиев Муслимна а, омбудсменна Солтаев Мансурна а, "Ахмат" полицин полкан командирна Чалаев Замидна а, Ростовн кIоштара берийн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Черкасова Иринина а дуьхьал.

Цул совнах, тептаре йаьккхина аннекси йинчу ГIирмера берийн "Артек" садоIийла а, кхин а Оьрсийчоьнан а, Украинан а пхи вахархо а.

Марсхьокху-беттан 24-чохь Украинехь даздира йозуш цахиларан де. КIайчу цIийнан сайтехь США-н президентан Джо Байденан цIарах зорбане даьккхинчу декъалдарехь дIахаийтина Украинера нуьцкъаша бераш арадаьхначу нахана дуьхьал керла санкцеш йаьхна аьлла, билгалдаьккхина Свобода Радионо.

  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш дуьхьалйехира Кадыров Рамзанна а, цуьнан зударшна Меднина а, шолгIа хIусамнана лоручу Хазуева Фатимина а, кхоалгIа зуда ю бохучу Ахмадова Аминина а. Иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIаршна Кадырова Iайшатана а, культурин министран даржехь йолчу, Каринина (Хадижат), школазхойн департаментан хьаькам йолчу, Табарикна а, хIетахь латтанан а, бахаман а министр хиллачу, карарчу хенахь кхерамзаллин кхеташонан секретарь волчу шичина Ибрагимов Турпал-Iелина а дуьхьал. Цул совнах, санкцеш туьйхира "Фирадаус" модан цIенна а, иза диллинарг лоруш йу Кадырова Iайшат.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо ваьккхира санкцийн «Магнитскийн тептаре». Урхалло цунна тIехь дитира кхел йоцуш нах байъарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненан юкъаралло тIеэцна кхин йолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла. 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.
  • Американ Iедалхоша "Ахмат" футболан клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре йехира 2020-чу шеран гIуран-баттахь. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
  • Мангал-беттахь Черкасова Иринина дуьхьал санкцеш йехира Евроберто. Иза а, Оьрсийчоьнан цхьа могIа кхин а хьаькамаш а бехке лору цара, низамехь йоцу депортаци йарна украинхойн берашна.
  • Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзалхошна а, нохчийн лаккхарчу даржхошна а дуьхьал хьалхо санкцеш кхайкхийра Украино, Евроберто, Японино, Керла Зеландино, Канадо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG