ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн нуц Нохчийчоьнан машенан некъийн министр хIоьттина – хьалхо цуьнан дегахь дара и дарж


Тумхаджиев Абубакар, Кадыров Рамзан, Тумхаджиев Iийса. Сурт: Кадыровн телеграм-каналерчу видео тIера скриншот
Тумхаджиев Абубакар, Кадыров Рамзан, Тумхаджиев Iийса. Сурт: Кадыровн телеграм-каналерчу видео тIера скриншот

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен нуц хIоттийна машенийн некъийн министран дарже – республикан парламентан куьйгалхочун хьалхара гIовс Тумхаджиев Iийса ву вуьйцург. ТIаьххьарчу 16 шарахь оцу даржехь цуьнан да, Тумхаджиев Абубакар вара.

И дарже хIотторах лаьцна хиира лахьан-беттан 14-хь, Кадыровс хьаькамашца кхеташо дIайаьхьча. Воккхахволчу Тумхаджиевна "Нохчийн республикан транспортан хьакъволу белхахо" чин делира, хIинца регионан куьйгалхочун гIоьнчан болх бийр бу цо. Цуьнан 41 шо долчу кIанта ший а дарж лелор ду цхьана хеначохь. Кадыровс бахарехь, "тайп-тайпана белхаш бина, доккха зенделларг долуш, куьйгалхочун говзалла йолуш, къахьега лууш" стаг ву Iийса.

Жимахволу Тумхаджиев Кадыровн нуц ву, цуьнан гергара йоI йигнарг ву иза. Шен дуьххьара дарж 25 шо долуш дIалаьцна цо, хIетахь республикерчу урхаллин хьалхачан хьехамча вара иза. Карарчу хене кхачалц масех дарж хийцина цо, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча хилла иза, администрацин куьйгалхочун гIовс а, иштта республикан Зерийн палатин куьйгалхо а.

Машенийн некъийн керлачу министран мел кIезга а йалх пачхьалкхан совгIат ду, царлахь йу таханалерчу Нохчийчоьнан лаккхара лоруш йолу Кадыровн цIарх орден, иштта "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" II и IV тIегIанера чинаш а, "Нохчийчоьнан хьакъволу гIишлойоттархо" а.

  • Лахьан-беттан 10-хь шен 18 шо кхачарна Кадыров Рамзанан воккхахволчу кIантана Ахьмадна республикан спортан министран хьалхарчу гIовсан дарж делла. Цул а масех де хьалха цуьнан ваша 15 шо долу Кадыров Адам шен ден къерамазалла ларйаран декъан коьрте хIоттийна.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун иттанаш гергарнаш лаккхарчу пачхьалкхан даржашка хIиттабо. Шен гергарнаш хьалхатеттарх галдаьлла хIумма цо Кадыровна. "Сайн тешам берг хIоттаво ас", – бохура цо.
  • Пачхьалкхан даржаш кхочу цуьнан берашка, йижаршка, невцаршка, вешин, йишин берашка. Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан 52 гергарчух тептар.
  • 2018-чу шарахь Оьрсийн "Би-би-си" телеканалан лараршца, Нохчийчуьра 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыров Рамзанан гергарнаш бу. 2021 шарахь цуьнан йоI Кадырова Iайшат, шен хIетахь 22 шо долчу йукъанна Нохчийчоьнан культурин министр хIоьттира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG