ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн полкан гIоьнчас Оьрсийчоьнан эскархойх "оккупанташ" аьлла


Соьлжа-ГIалина штурм яр. Воронов Владимиран сурт
Соьлжа-ГIалина штурм яр. Воронов Владимиран сурт

Кадыров Ахьмадан цIарахчу нохчийн спецназан командиран гIоьнчас, капитана Солтаев Ильяса оьрсийн эскархойх "оккупанташ" аьлла, 1995-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIалина штурм ярх лаьцна инстаграмехь комментарий еш. Йоккха резонанс гIаттийнера цуьнан сторизо, тIаккха шен аккаунт дIаяьккхина Солтаевс. Амма цуьнан терго ян ларийна Двач а, IАДАТ а телеграм-каналаш.

"Масех дийнахь нохчаша хIаллакйина дIаехира федералийн отрядаш", "БIеннаш техника, эзарнаш байина оккупанташ Iохкура Соьлжа-ГIалин урамашкахь", - яздина спецназхочо тIеман заманарчу Соьлжа-ГIалин суьрташна бухахь.

Сторизаш дIаяьхначул тIаьхьа яздинера цо: "Керлачу шеран буса ас хIоттийна статус лоьху тентикаш, 24 сахьт даьллачул тIаьхьа шаьш дIайовлу уьш. Цул хьалха инстаграмо дIаехира уьш, хьакхарчаша аьрзнаш динчул тIаьхьа, бераллехь дуьйна оха иштта олура шух".

Карарчу хенахь, 85 эзар стаг аккаунте язвелла хилла Солтаевн инстаграмера (polkovnik__95) агIо дIаяьккхина. Оцу юкъанна сторизийн скриншоташ йисина, цунан аккаунте язбеллачара Iалашъярна.

Кадыровн цIарахчу полкан официалан аккаунтехь яздина дац лаккхарчу белхахочун резонансе дIахьедарех лаьцна.

Капитанан Солтаев Ильясан скандалечу дIахьедарх лаьцначу хаамна бухахь йинчу комментарехь IАДАТ телеграм-канало хоьтту: "ХIун хир ду хIинца, иза а, Кадыров [Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан] а хьарчор ву аш экстремизм бахьана долуш?"

Нохчийчоьнан эскарех лаьцна видео зорбане йохучу chechen_warriors95 портало яздо Солтаев Ильясах лаьцна: "Тешаме накъост, шен даймахке болу безам а, президентан, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Кадыров Ахьмадан некъа тIехь а бакъволу патриот хилар дIагайтина" аьлла.

2019-чу шарахь оппозицин политико Навальный Алексейс видео яржийра "Единая Россия" партин цIарах нохчийн парламентан депутатах, Ичкерин заманахь тIеман министр лаьттинчу Ханбиев Мохьмадах лаьцна. Шен инстарамехь хIоттийначу эфирехь цо дIахьединера, ша Оьрсийчоьнан Iедална гIуллакх деш велахь а, оьрсашца цкъа а къамелаш ца до ша, тIом боьдучу заманахь оьрсийн кара вахна вац ша, оьрсий безаш вац, Ичкерин воI хилла вуьсу ша аьлла.

Де даьлча Ханбиевс комментарий йира шен позицех лаьцна: оьрсий беза, цаьрца къамелаш до, шен дешнаш нохчийн маттера нийса гочдина ца хиллера аьлла.

1995-чу шеран керлачу шеран буса Соьлжа-ГIалина йинчу штурмаца болабелира Нохчийчохь хьалхара тIом. Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш тIелетира еа а агIора, амма гIала схьаяккха ницкъ ца тоьира.

Шина баттахь бина хала тIемаш бирзира инарлан Лев Рохлинан тобано къилбаседа-малхбален агIорара тIелатар дина. Нохчийн Ичкерия Республикан ницкъаш боцурш а, гIала дIа ца луш бинчу тIемашкахь дакъалоцуш бара Оьрсийчохь йихкинчу УНА-УНСО организацера украинхойн националисташ а.

Оцу операцехь вийра 35 эзар стаг, шайлахь 27 эзар маьрша вахархо а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG