ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн посташна бухара хастаме йозанаш толлур ду боташа


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Нохчийчохь мехкан куьйгалхочун посташна бухахь юьту хастаме комментариш толлур ю боташа. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига хаийтина регионера цхьахйолчу школан куьйгалло, и хаам тIечIагIбина иштта кIоштан дешаран департаментан урхаллерчу хьасто а.

И барам болош бу доккхачу декъанна бюджетан организацийн белхахойн "белхан" эвсаралла зуьйш. Цунна лерина электронан кепехь хьалхе дуьйна кечйина цIераш, фамилиш, телефонан номерш, телеграмера id а, инстаграмера никнеймаш а ю.

"Бото ягарйийр ю, хьан, маса комментарий йитина, цу тIехь стикерш лоруш а яц, ткъа ша комментарий кхаа йа кхин а сов дешнашца хила езаш ю, иза ларийта. Иштта тIеоьцур яц комментарий, пост хIоттийна 24 сахьт даьллехь а", - кхетийра къамелдинчо, республикан куьйгалле дIакхачор долуш ду вовшахтоьхна зераш аьлла, тIе а тухуш.

Хьалхо Кавказ.Реалиино хааме даьккхира, Нохчийчохь хьехархой декхаребарх Кадыров Рамзанан посташна бухахь иза хестош йозанаш дита. Регионалан куьйгалхочо "социалан машанашкахь жигаралла лахъйелла" аьлла, бехк баьккхинчул тIаьхьа юкъадаьккхинера и хIума. ХIинццалц схьа бинчу балхах дIахаийта дезаш дара скриншоташ а йохуш.

  • Нохчийчохь тергойина "бендоцчу" бахархойн, режимана шаьш мутIахь хилар дIа а ца гойтуш, оцу юкъанна йа дуьхьал а ца буьйлуш Iаш болу. Регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана и нах "уггар кхераме" бу элира. Дукха хьолахь буьйцурш кегийрхой бу. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъонашларъярхоша тидам тIебохуьйту, оцу кепашца Кадыров республикехь шен раж чIагIъеш ву аьлла.
  • "Интернетехь патриотикан гIуллакхдан" декхаребарх дийцира Кавказ.Реалиин Нохчийчуьра бюджетан структураша. Къамелдинчара далхийра, интернетехь регионан Iедална луьйш гучуюьйлучу материалашна маса комментариш язъян тIедожорах. Зорбанан министраллера хьастийн хаамашца, Дудаев цхьанакхеттера цхьадолчу гIирсийн редакцешца, дийцира социалан машанашкахь "Нохчийчухула позитиве повестка" хьалхататта деза аьлла. Изза тIедахкарш динера кхечу хьукматийн белхахошна а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG