ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзана чIир кхайкхийна Украинерчу Ичкерин агIончашна


Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIир кхайкхийна Украинин агIо а лаьцна, тIамехь дакъа лоцучу къобалъянзачу Ичкерин агIончашна. Иштта дIахьедар Кадыровс шен телеграмерчу каналехь арахецна.

"Массочу хенахь, тхо дина мел ду, тхо шуна тIехьдевлла лелар ду, хIаллак а дийр ду, тхан вийначу хIора а вешинна дуьхьал оха шу эзарнашкахь бойъур бу. Бекхам къиза хир бу. Уьш миччахь хилахь а, тхо царна тIехьдевлла лелар ду", - дIахьедина регионан куьйгалхочо.

Къобалъянзачу республикан агIончаш тIелоцуш йолчу пачхьалкхашка а кхайкхам бина цо, чIир екъар зулам дар санна тIеоьцур далахь, уьш Нохчийчоьне схьабалар хьехна цо.

ЧIир екъар – иза шен цIе, доьналла, бахам, доьзал, юкъаралла, тайп лардаран универсале гIирс бу. Цуьнца а догIуш, вийначун гергарнах декъаре бу куьйгбехкечунна, йа цуьнан гергарчу наханна бекхам бан.

  • Карарчу хенахь Украинан агIо а лаьцна тIом беш Дудаев Джовхаран а, Шейх Мансуран а цIарах батальонаш ю. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан рожна а дуьхьал джихIад кхайкхийна къобалъязчу Ичкерин агIончаша товбеца-баттахь – социалан машанехула дIасакхуьйсучу видео тIехь боху иза. Нохчийчоьнан бахархошлахь къайлаха болу болам кечбарх лаьцна дIахьедира Ичкерин хиллачу президентан кIанта Масхадов Анзора а, Шейх Мансуран цIарах йолчу, Украинан агIо лаьцна тIом беш йолчу нохчийн батальонан спикеро Белокиев Ислама а. Цара бахарехь, оцу кечаман Iалашо – "Ичкери оккупацих мукъаяккхар а, маьрша хилийтар а".
  • Цул хьалха украинхойн парламенте проект кховдийра, Нохчийн республика Ичкерин йозуш ца хилар тIелацар хьоьхуш. Оьрсийн Iедалера оцу гIуллакхна комментари йинарг цхьа Кадыров Рамзан бен вацара – цо и хаам "беламе" бу элира, тIаккха дIахьедира, Ичкери "Малхбузенан проект яра", 2009-чу шарахь дIаяьлла а яра, аьлла.
  • Шейх Мансуран цIарахчу батальонан спикеро Белокиев Ислама Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира Нохчийчуьрчу репрессех, кадыровхойн кечаман тIегIанех, Кавказана деоккупаци ярах а лаьцна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG