ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн тIедилларца шена тIелата кечлуш бара аьлла, дIахьедина гуьржийн оппозиционеро


Гварамия Ника
Гварамия Ника

Гуьржийн оппозицин "Мтавари архи" телеканалан куьйгалхочо, Саакашвили Михаилан адвокато Гварамия Никас бехкевина Нохчийчоьнан куьйгалхо, шена тIелатар кечдайтарна. Regnum ресурс тIетевжинчу телеканалан репортажехь Гварамияс цIе яьккхина ша вен Гуьржийчу веанчу Оьрсийчоьнан кхаа вахархочун. Уьш бу, Гварамияс дIахьедарца, Кадыровн тIедилларца кхаьчна Гатеев Артур а, Гагиев Слава а, Гелиев Артур а.

Гварамияс бахарехь, иза вен аьтто ца кхаьчна цхьана бахьанаца, цуьнга хьалхе дуьйна бина хаам бара, цунна кIело кечъеш бу аьлла. Иштта цо бехкейина Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалла, киллершца юкъарло лелорна а, пачхьалкхе уьш чу богIуш царна гIо дарна а.

Билгалдоккху, Гварамиян дIахьедарх лаьцна журналистийн хеттаршна жоьпаш лучу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Гуьржийчуьрчу векало Дегнан Келлис шен дегайовхо ю аьлла, Iедалхоша цуьнан терго йийр ю аьлла.

Тбилисехь лецира 2020-чу шарахь ГIалгIайчоьнан вахархо Боков Васамбек. Гварамия Никас бахарехь, Боковн Iалашо хиллера журналист Габуния Георгий вен. Иза вен кхайкхийнарг а Кадыров вара аьлла Гварамияс, ткъа бахьана дара - "Рустави-2" телеканалан йоьдучу эфирехь 20I9-чу шарахь журналисто Оьрсийчоьнан президентах лаьцна скандале аьлларг. Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисаша лач хьахийра Боков цхьаннан тIедилларца стаг вен кечлуш хиллера аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG