ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн цIарах 13 миллион соьмана мидалш йойтуш ю Нохчийчоьнан Iедалша


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, архивера сурт
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, архивера сурт

Кадыров Ахьмадан цIарах 13, миллион соьмана 43 орден йойтуш ю Нохчийчоьнан Iедалхоша. Администрацин куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а балхана оьшург латточу центро хIоттийна ю лаккхара орден йан тендер. Кадыровн цIарах орден йина деших, кечйина дезачу тIулгашца.

13 орден йайта хIоттийна хьалхара тендеран мах хадийна 4 миллион сом аьлла, шолгIаниг – 30 совгIат 9,5 миллион соьмана. Цхьана мидалан мах бу – 315 эзар сом. Орденаш йайта тIедиллинчун дехарца Кадыровн цIарах мидал 750 цIеналла йолу деших, кечйина хила йеза 36 алмазца а, сапфирашца а, рубинашца а.

Ши а тендер яьккхина Кировн кIоштара индивидуалан совдегаро Гордин Ивана. Хьалхо а толам баьккхинера цо Нохчийчоьнан Iедалхойн тендерш йохуш – 2020-чу шарахь 18 миллион соьмана Кадыровн орденаш йира цо, 9,5 миллионна Кадыров Ахьмадан иэсана лерина мидалш.

Оцу орденца совгIат дина дукхахберш – США-н санкцешна бухахь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллорчу гонера нах бу. Масала, цхьана ДелимхановгIеран доьзалера кхо ваша билгалваьккхина оцу орденца – Шарип, Алибек, Адам.

Дукха хан йоццуш "Донецкан халкъан республика" олучу мехкан сепаратистийн куьйгалхочунна Пасечник Леонидна а, МММ финансийн пирамидин хиллачу функционерна Пушилин Денисна а дира цаьрца совгIаташ.

  • Ростовн кIоштан куьйгалло тендер хIоттийна Оьрсийчоьнан парламентан 13 депутат а, регионан цIарах волу ши сенатор а дIасалело 2023-чу шарахь. Оцу Iалашонашна бюджетера 14 миллион сом хьажор ду. Тендерх лаьцна дуьйцучу кехата тIехь яздарца, Украинера тIом бахьанехь Ростовра "Платов" аэропортера дIасалелачу кеманашна тоьхна дозанаш бахьана долуш, парламентхошна дуьхьал баха беза Волгоградера а, Ставрополера а, Минеральные Воды гIаланашкара аэропорташка.
  • 2020-чу шарахь Нохчийчохь 30 миллион сов сом доьхкира Кадыров Ахьмадан цIарах орденашна.
  • Меттигерчу дакъоша Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалоцучу юкъанна Кадыров Рамзана юкъадаьккхина Нохчийчоьнан Турпалхо аьлла цIетиллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG