ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн цIарах йолчу полкан тобан буьйранчан кхалхарх лаьцна дIахьедина Украино


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинерчу тIамехь кхелхина Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу леринчу полкан шолгIачу тобан буьйранча, полицин капитан Идрисов Асвад – цунах лаьцна дуьйцу Украинан стратегин зIенийн Урхалло.

ВЧК-ОГПУ телеграмерчу канало шен хьостанна тIе а товжуш, бинчу хаамца, из Стигалкъекъа-беттан 20-хь хилла Северодонецкан кIоштахь. Идрисовца, дийцарехь, пхоьалгIачу полкан буьйранча, прапорщик Дакалов Гапур а велла, иштта Кадыровн леринчу полкан йоьалгIачу тобан буьйранчан гIовс, лакхара сержант Бетишев Iела а.

ТIеман буьйранчаш кхалхарх лаьцна, йа оьрсийн агIонна эшамаш хиларх лаьцна кхин цхьа а хаамаш дац,

Нохчийчохь официалехь тIелаьцна Украинерчу тIамехь исс стеган кхалхар: Тарамов Iабдулбекан а, Исаев Тимирланан а. Охан-беттан 7-чохь "Чечня Сегодня" агенталло яздира, регионера кхин а ворхI бIаьхочун кхалхарх: лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев Шахрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек а, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам. Кавказ.Реалиин хьосто бинчу хаамца, Украинерчу тIамехь вийна Нохчийчуьра 60 вахархо. Карарчу хенахь и терахь кхин а сов хила тарло.

Украинан тIеман министраллан талламан коьртачу урхалло хьалхо Нохчийчуьра дIахьийсийна оьрсийн "лаамхой" шайх олучарлахь кхелхинарг 10 стаг ву аьлла мах хадийра.

  • Украинерчу тIамехь кхелхина Кхарачойн-Чергазийчуьра вахархо, Оьрсийчоьнан тIеман-хIаваан ницкъийн инарла-майор хилла волу Боташев Канамат. Цул сов тIамехь кхелхина Оьрсийчоьнан Турпалхочун, Къилбан тIеман гонан эскаран буьйранчан гIовсан – инарла-лейтенантан Мурадов Рустаман вешин кIант Сулейманов Салман. И хаам Кавказ.Реалиина тIечIагIбира Дербентан администрацехь - оцу юьртара бух болуш ву велларг. Иштта хиина Украинехь Оьрсийчоьнан тIеман министран, ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан гIовсан гергарчу стеган Хамхоев Адаман кхалхарх лаьцна. Стигалкъекъа-беттан 22-хь Евкуров цуьнан тезета веара.
  • Гражданскан жигархойн тобано – бакъонашларъяран "Мемориал" центран хиллачу белхахоша – Нохчийчуьра ницкъахой шайн тIеман накъосташа герз диттина вийна боху шиъ хаам теллина, уьш тIе а чIагIбина.
  • Оьрсийн эскаран мел-кIезга а 317 эпсар кхелхина Украинехь тIом боьдучу шина баттахь, кхелхиначийн кхолгIа дакъа – уьш лакхара эпсарш бу – майоран чинера, инарла-майоран дарже кхачалц чинашкахь хилла уьш, яздо "Медиазонас". Талламца а догIуш, дукха эшамаш тIеман дуьххьарчу деношкахь хилла. Беллачийн доккха дакъа – хьал кIезга долу регионашкара нах бу. Уггара дукха байъинарш шина республикера бу: Дагестанера, Бурятера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG