Оьрсийн Украине чугIортарехь дакъа лоцуш болу Нохчийчуьра бахархой "ислам дин лардеш бу", аьлла дIахьедина Кадыров Рамзанан телеграмерчу канале хIоттийначу видео тIехь республикан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада.
Видео тIехь хьаькам оьрсийн, нохчийн зорбанийн векалшна а, шайлахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан латархой болчу нохчийн эскархошна а юккъехь лаьтташ ву. Видеон кIелахь хьахийна украинхойн Лисичанск гIала ю.
"Президент Владимир Владимирович Путин, Кадыров Рамзан Ахматович, хIорш бу вайн вежарий – цара уггар хьалха ислам дин лардо, мехаллаш а, Делан сийлалла а ларйо", - дIахьедина Даудовс.
Цо иштта Украинера тIом "джихIад" ду аьлла, тIетоьхна, "Владимир Владимирович Путино [кадыровхой] саца ца бахь", уьш "Берлине кхачалц дIагIур бу".
И дIахьедар рогIера хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу каналехь арахецначарлахь.
Охан-баттахь Кадыровс зарратан герзаца а, "ерриг гIаланаш схьаяхарца" а Украинана кхерам тессира. Стигалкъекъа-баттахь цо Путин Владимире кхайкхам бира, Украинаца болчу тIеман "шолгIа этап" йолайе, Киев, Харьков, Херсон схьа а яккха, аьлла. Оцу юкъанна ши бутт а бара 300 эзар стаг вехаш йолу Украинан къилбера Херсонна Оьрсийчсоьнан эскарша дола ден.
Украинан президента Зеленский Владимира хьалхо комментари йира украинхойн эскарш Лисичанскера арадахарх лаьцна, элира, эскаро меттахIоттор ду гIалана тIехь дола дар, керла герзах, тактикех пайда а оьцуш. Мангал-беттан 3-хь ВСУ-н коьртачу штабо дIахьедира, и сацам бан дийзира, "оккупантийн артиллерин, кеманийн, реактиван тохарш ден системийн, лелхийтаран гIирсан, эскаран" терахь масийттаза сов хиларна. ГIала йоккхуш кхин дIа тIемаш даро вуно бохаме тIаьхьалонаш йийр яра, аьлла хета украинхойн коьртачу штабехь.
- Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыров оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан агIоне язбеллачийн терахь 60 эзарна тIера шиъ а, ах миллионе кхаччалц лакхадаьлла. Эксперташа масийттаза тидам бира, цуьнан каналехь арахоьцучу фейкашна.
- Украинан агIо а лаьцна тIом беш болу Шейх Мансуран цIарах йолчу батальонан эскархой Ичкерин билгалонаш тIехь йолу шевронаш, седарчий охьа а кхуьссуш, "тIепаза бов", кадыровхой гучубевлча, аьлла бехк баьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана мангал-бутт болалуш. Батальонехь Кавказ.Реалиига дийцина, шайн эскархой Запорожьен меттигашкахь биссинера, Лисичанск ларъеш дакъа ца лаьцнера – цигахь яьккхина хила тарло Кадыровс арахецна видео.