ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн векал? Гуьржийчохь Ӏедалехь йолчу партин декъашхошца цхьаьнакхетта нохчийн латархо Чимаев


Чимаев Хьамзат а Тбилисин мэр Каладзе Каха, 2024 шеран гIуран-бутт, сурт Чимаевн инстаграм агIонера
Чимаев Хьамзат а Тбилисин мэр Каладзе Каха, 2024 шеран гIуран-бутт, сурт Чимаевн инстаграм агIонера

UFC-н латаран лигера нохчийн латархо Чимаев Хьамзат хилла Гуьржийчохь – цигахь иза цхьаьнакхийтира Ӏедалехь йолчу "Грузинская мечта" партин векалшца, цуьнан инарла секретарь а, Тбилисин мэр а волу Каладзе Кахаца. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, Кадыров Рамзанна, уллора кхин болу наха а санна, Чимаевс лечкъа ца дора ша вар. Кавказ.Реалии сайтан эксперташа теллира Гуьржийчу вахар хIун бахьана хила тарло.

Ша Гуьржийчу вахарх лаьцна шен Инстаграмехь дийцира Чимаев Хьамзата – гIура-беттан 23-чу дийнахь, Тбилисин мэраца Каладзе Кахаца даьккхина сурт зорбане хIоттийра, "Эхо Кавказа" сайто тидам тӀебахийтира цу постана.

Хетарехь, спортхо а политик а цхьанакхеттира мэран офисехь - Каладзес Чимаевна шен цӀе а, ловзаран номер а, автограф а йазйина футболка йелира. Хьалха Гуьржийчоьнан коьртачу шахьаран мэр кхиаме футболхо вара, тӀаьхьо политике вахара иза, Ӏедалехь йолчу "Грузинская мечта" политикан партин инарла секретарь хIоттира. Цуьнан парти йу, гуьржийн оппозицис бехке йеш, Оьрсийчоьнца гергарло лелорна а, низамехь боцу харжамаш дӀабахьарна а, репрессиван низамаш тӀеэцарна а.

Цул совнаха, Чимаев иштта цхьаьнакхийтира "Грузинская мечта" партин депутатца Петриашвили Геноца а, партин агӀончаца, дзюдоистца Бекаури Лашаца а – ший а Олимпан чемпион ву.

ХIинца веача нохчийн латархочунна вевзира Телави гӀалара азербайджанхойн кикбоксер Набиев Ӏали. Иза тренер вара миллиардеран, "Грузинская мечта" парти кхоьллинчу а Иванишвили Бидзинан жимахволчу кӀентан Иванишвили Цотне, йаздо "Эхо Кавказа" агенталло. Чимаев иштта цхьаьнакхийтира UFC-н декъашхоца Куталадзе Гурамца а, Гуьржийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а гражданалла долчу коллекционерца Микава Сабаца а.

Мел хан йаккхина, йа хӀун Ӏалашо йара, йа Чимаевс "Грузинская мечта" векалшца динчу къамелашкахь политикан темаш хьахийна хилар, хууш дац.

Политикан темаш йийцина аьлла хета, хIунда аьлча Чимаевн Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца гергара йукъаметтиг хиларо – люкс совгӀаташ дина ца Ӏаш, спортхочунна карьера йолалуш политикера гӀортор а хилла Чимаевн. Иштта Кадыровс ахча а делла, латархочунна зуда йалор дерзийра, шен йуккъерчу кӀентан Ӏалин (Ӏелин) тренер хӀоттийра иза. Бакъонашларъйархойн организацеша дIахьедора гӀараваьллачу спортхочунна а, нохчийн куьйгалхочунна а йукъахь кхуьуш догIучу гергарлонах – кхузахь доккха дакъа лоцуш дара Чимаев Швецин вахархо хиларо а. ТӀаьхьо спортхочун менеджеро дӀахьедира, нохчийн латархочо Швецин пасорт эцна ца хилар, Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмиратийн гражданналла даккхархьама.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо лечкъа ца до шен Гуьржийчоьнца интерес хилар. Оьрсийчоь Украинина тӀелеттачул тӀаьхьа а, Гуьржийчу керла некъ бан беза бохуш, чӀагӀдо цо.

Стохка гурахь Панкисехь скандал иккхира, цигахь цхьана маьждигна куьйгалле хIоттира Дуишвили Тахир - цуьнах "Кадыровн агент" ву олу. Меттигерчу бахархошна Дуишвили оцу даржехь хIотторехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Гуьржийчохь Ӏаткъам чӀагӀлуш хилар билгало гира.

Кадыровн нах тӀаьххьара Гуьржий махка бахар, шуьйра дийцаре дира хаамийн гӀирсашкахь. Стохка аьхка Гуьржийчу йаханчу пхеа машенах кортежна 40 сов гӀуда тоьхнера, дерриг а 7450 лари (2800 доллар) барамехь, некъан низамаш дохийна аьлла. Гуьржийчоьнан оппозицино ира критика йира, Ӏедалан парти бехке йеш, "Гуьржийчоьнах Оьрсийчоьнан провинце йарна". "Грузинская мечта" партин векалша дIахьедар дира, иза шен бизнесан хьокъехь веана, нохчийн бизнесхочун Ахметханов Асламбека цуьнан нах бара аьлла. Гуьржийчоьнан "Формула" телеканалан хьостано хаам бора, Батумерчу отелехь кадыровхой "Грузинская мечта" кхоьллинчу Иванишвили Бидзина тIеэцна хилар. Гуьржийчура, машенан кортеж дIайахара Туркойчу – церан Ӏалашо ца хууш йисира.

2018-чу шарахь Соьлж-ГӀалин мэр хилла волу Хучиев Муслим ваханера Гуьржийчу, Ӏалашо билгал а ца йоккхуш. Тбилисера а, Батумера а цхьаболчу хьаькамашца цхьаьнакхийтира иза – цара элира хьакаман Гуьржийчу вар "шен лаамехь" дара аьлла.

Иза гуьржийн оппозицина "хаам" бара 

Чимаев Хьамзат цига вахар къаьсташ ду. Ша цигахь хилар а, Ӏедалан партин политикашца хилла цхьаьнакхетарш къайладаккха ца гӀерта иза. И тайпа демонстративалла Гуьржийчоьнан Ӏедалехь йолчу партина а, цуьнан Кадыровн чоьхьарчу гонца йолчу зӀенашна а "реклама" хила тарло, бохуш дуьйцу Францерчу эксперто, Жак Делоран цӀарахчу институтан аналисто, Политологин Ӏилманийн институтан хьехархочо Гордадзе Торнике. Цуьнца цхьаьна спортхо Гуьржий махка варна башха тидаме эца деза аьлла ца хета цунна.

"Оьрсийчохь, Кадыров Оьрсийчоьнан президентан интересийн хьалхарчу могӀарехь волу стаг санна гойтуш ву. Дерриг а дуьненна гуш ду, муха дуьйцу регионан куьйгалхочо бен воцчу Шемана гӀо дарх лаьцна, Украинин оккупаци йинчу территорешкахь дӀахьочу акцех лаьцна, Гуьржий махкаца йукъаметтиг нисулуш хилар, цига боьду некъ бар дуьйцуш. Нагахь санна, Чимаев санна волу спортхо Гуьржийчу веъча, массанхьа а шен нохчийн куьйгалхочуьнца гергара зӀе хиларан реклама йеш волу, тӀаккха хӀара гуьржийн оппозицина а кхерам гойтуш бу: цара боху, хьажал, нагахь санна цхьаъ нислахь, тхан ишттачу нахана тӀетовжа аьтто бу. Гуьржийчоь хӀинцале а "спортсменизацин" некъаца йоьдуш йу: Ӏедалан партин хьалхарчу могӀарехь итт спортхо ву, шолгIачу могIарехь кхоъ-виъ спортхо ву. Ур-аттала президентан кандидат а ву спортхо. Гуьржийчоь ша йу, Оьрсийчохь зераш динчух дуккха а хӀума схьаоьцуш", -элира французийн аналисто.

Бирмингемерчу университетан Къилбаседа Кавказан эксперто Квахадзе Александра цхьана декъехь тӀечӀагӀдо Горгадзес дина дӀахьедар.

"Къилбаседа Кавказера спортхой кест-кеста хьеший бу Гуьржийчохь, спортхой санна а, туристаш йа бизнесменаш санна. Чимаев, хьалханча вац. И тайпа (спортхой) хьеший тӀейогӀучу хенахь и кхиа гур бу вайна."

Чимаев Гуьржийчу вар, цигахь Малхбузехьара Ӏаткъам гӀелбалар ду

Словакера, Стратегин толлучу центран эксперт Баранец Томас а тешна ву, Чимаев Гуьржийчу спортхо санна веана хилар.

"Хаъа деза, Чимаев [Тбилисин мэрца] Каладзеца цхьаьнакхетар хиллера, цунна ца хаъа йиш йацара спортхочун Кадыровца йолчу зӀенах лаьцна. Аьлча а, Каладзан иза коьрта дац, амма ала йиш йац, цхьа хан йаьлча Тбилисин мэр ша Кадыровца цхьаьнакхетар ву аьлла. Иза хила йиш йолуш ду аьлла ца хета суна. Амма вайна го, Гуьржийчоьнан Малхбузехьа долу хьежар мелла а гӀеллуш хилар. Дипломатехь, нагахь санна цхьанхьа гӀеллуш хилча, вукху агӀор чӀагӀлуш ду, бохург ду. Ткъа Гуьржийчоьнна дуккха а аьттонаш бу йукъаметтигаш лело, Оьрсийчоьнца хилла ца Ӏаш, Китайца а, ГӀажарийчоьнца, Туркхошца а. Суна Чимаевн Гуьржийчу вар, Малхбузенан Ӏаткъам гӀелбалар билгало го ", - хьесап до эксперто.

Соьлжа-ГӀаларчу хьехархойн университетера нохчийн политолог (редакторша цуьнан дӀахьедар анониман дуьту кхерамазаллин бахьана - Билгалдаккхар) тешна ву, Гуьржийчоьнан Ӏедало Нохчийн куйгалхочунца гергарло лелочу спортхочуьнца, шаьша лело йукъаметтигаш гайтар логика йоцуш хилар.

"Стенна гойту шайн зӀе? Оцу хаттарна луш долчу жоьпех цхьаъ, суна хетарехь - Гуьржийчохь шайн Iедал чӀагӀделла аьлла тешам, цхьана а хӀумано дуохор доцуш», - аьлла хета нохчийн политологна?.

  • Лахьан-беттан 28-чу дийнахь Гуьржийчоьнан премьер-министро Ӏедалехь йолчу "Грузинская мечта" партин декъашхочо Кобахидзе Ираклийс дӀахьедар дира, Евробертаца дийцарш сацор а, 2028-чу шаре кхаччалц церан гранташ 'эцар дехкар а. Пачхьалкх Евробертана а, НАТО-на а йукъайахар Гуьржийчоьнан Конституцехь билгалдаьккхина ду.
  • 20 де сов хан ю Гуьржийчохь Ӏедалша дӀакхайкхийна йолу Евроинтеграци сацорна дуьхьал протестан акцеш дӀайоьлху. Хьалхарчу деношкахь уьш, дукхачу хьолехь, полисхоша дӀасалаьхкира, бӀеннаш нах лецна йа лазийнера. ТӀаьхьо лецарш а протестан акцехь дакъалоцурш а лахаделла, амма хӀинца а хӀора дийнахь дуккха а нах арабовлу Руставелин проспекте.
  • Гуьржийчоьнан президенто Зурабишвили Саломе кӀира хан йелира мехкан Ӏедална керла парламентан харжамаш кхайкхо. Хьалха хилла харжамаш харцонца дӀабаьхьна лору цо. ГIура-беттан 29-чу дийнахь чекхйолу Зурабишвилин даржехь йолу хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG