ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн вешин кIентан метта министр хIоьттина цуьнан ненайишин кIант


Ибрагимов Турпал-Iела

Нохчийчоьнан физкультурехула а, спортан а, кегийрхойн политикехула а керла министр хIоьттийна республикан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а администрацин куьйгалхочуьнан хьалхара когаметтаниг хилла Ибрагимов Турпал-Iела.

Цо хийцина оцу даржехь Радыров Рамзанан вешин кIант, 24 шо долу Кадыров Хьамзат (2004-чу шарахь веллачу Кадыров Рамзанан воккхаха волчу вешин Зелимханан кIант). Нохчийчоьнан куьйгаллехь хиллачу хийцамех лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Белхалошна керла министр вовзуьйтуш республикан премьер-министро Хучиев Муслима дIахьедина, Ибрагимовс "министраллан болх керлачу диккаллин тIегIане боккхур бу" аьлла.

Ибрагиомв Турпал-Iела Гермачигахь вина ву. Шелан кIоштан куьйгалхо а, республикан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а администрацин куьйгалхочуьнан хьалхара когаметтаниг а болх бина ву иза. Кадыров Рамзанан ненайишин кIант Ибрагимов Турпал-Iела вевзаш ву республикехь "Бастрый" тиллинчу цIарца.

  • Кадыровн полкехь сержант хиллачу Оьрсийчуьра веддачу Гезмахмаев Сулеймана дIахьедира, 2017 шарахь Дечкен-баттахь Ибрагимовс дакъалецира аьлла лецна нохчий, бина талллам а, йина кхел а йоцуш, байъарехь.
  • 2018-чу шарахь ГIура-беттан 8-хь буса Аргунера Соьлжа-ГIала чувулучехь тIетIакхеттера Шелан кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас урхалла дон Mercedes а, кхо адам чохь долу "Жигули" а машенаш. Жигулина чохь хилла зуда а, цуьнан йоI елира оццу меттехь, доьзалан да велира тIаьхьо дарбанан хIусамехь. Ибрагимовн гIаролхоша телефонаш схьаяьхнера и бохам хуьлуш гинчу тешашкара, ткъа ша иза къайлавала гIоьртинера некъахьовзам хиллачу меттера. ТIаьхьо цо Оьрсийчоьнан низамаш тергоне ца оьцуш дIанисдира некъахьовзамца доьзна хаттар кхелхинчу нехан гергарчаьрца.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG