ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн йишин кIант хIоттийна Оьрсийчохь Danone компанин куьйгалле


Закриев ИбрахIим а, Кадыров Рамзан а
Закриев ИбрахIим а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йишин кIанта, махкара йуьртбахаман министраллин хьаькама Закриев Якъуба урхалла дийр ду ООО "Данон Россия" компанин, Оьрсийчоьнан бахаман министраллин урхалле иза дIайеллачул тIаьхьа.

Цунах лаьцна хаамбина ЧГТРК "Грозный" телеканало, информаци тIечIагIйина иштта The Bell ресурсо а, СПАРК системина тIетевжина.

Оьрсийчуьра францхойн Danone концернан акцеш "цхьана ханна урхалла дан" Оьрсийчоьнан бахаман министралле дIалуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира товбеца-беттан 16-чохь куьгйаздинчул тIаьхьа хIоттийна ву иза. Ма-дарра аьлча, билгалдоккху The Bell хьосто, компанина национализаци йар ду дуьйцург

Ресурсан хьасташа чIагIдо, "Нохчийчохь интерес йерш бу" Danone компанин активашна национализаци йарна.

Иштта датхойн Carlsberg концернан долахь хилла йий ден "Балтика" компанин активаш а йелла Оьрсийчоьнан бахаман министралле "ханна урхалла дан". Цуьнан куьйгалла дийр ду Къилбаседа ХIирийчуьра Боллоев Таймураза, 2000-чу шерашкахь "Балтикан" урхаллехь вара иза.

  • Закриев Якъуб (ИбрахIим) – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхаха йолчу йишин Кадырова Зулайн кIант ву. 2018-чу шарахь шен 27 шо долчу хенахь Соьлжа-ГIалин мэр хIоттийра иза, пачхьалкхера гIаланашкахь уггар а къона урхалхо вара иза. Шина шарахь оцу даржехь а Iийна, 2020-чу шеран чиллин -баттахь Закриевна керла дарж делира – мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхо хIоттийра иза. Оццу шеран лахьан-баттахь министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовс вира цунах, иштта йуьртбахаман министр а. Пачхьалкхан МГУ аудитан Лаккхара школа чекхйаьккхина цо, экономист ву иза.
  • Стохка гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзана "Нохчийн Республикин 100 шо кхачарна" лерина мидалш йала омрана куьйг йаздира. Мел кIезиг а, республикехь а, Соьлжа-ГIалин мэрихь а кеп-кепара даржашкахь болчу цуьнан 12 гергарчу стагана кхечира уьш. Царлахь вара Закриев Якъуб а.
  • Мосвахь "Соколиное гнездо" олучу элитан меттигехь 122,6 квадратан метаршкахь петар йу Закриев Якъубан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG