Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоӀарша Ӏайшата а, Хадижата а, ХутIмата а, Табарика а шайн визажистана Хачукаева Дианина совгӀат дина бриллиантан Cartier хIозца. Цуьнан мах бу кхо миллион сов сом– политикан йоӀаршна оццул ахча стенгара даьлла, хууш дац.
Хачукаевас шен инстаграмерчу блогехь зорбане йаьккхина совгIат гойтуш видео а, КадыровгӀеран доьзало куьг йаздина декъалдаран кехат а. Цуьнан терго йина тхан редакцино.
Табарикан а, Ӏайшатан а аккаунташ билгалйохуш, шен терго йарна йижаршна баркалла аьлла цо. Видео тIехь гуш ду, Cartier хIоз Love (Medium) коллекцера хилар. Иза йина кӀайн деших, 237 бриллиант йукъа а дуьллуш. Ювелирийн цӀийнан официалан сайта тӀехь йаздина ду, цу тайпа браслетан мах 39 эзар еврона тIера дӀаболалуш бу. Товбеца-беттан 31-чу дийнахь хиллачу курсаца кхо миллион сов сом хуьлу и.
Хачукаева Дианас кест-кеста кечйо Кадырова Ӏайшат мехалчу барамашка йоьдуш. Оцу йукъанна билгалдаккха догIу, Кадыров Рамзанан йоӀарий официалехь балхахь цахилар. Церан долахь цхьана а кепара активаш йу йа йац а, официалехь дуьйцуш дац. Церах лаьцна хаамаш йоллу официалан реестрашкахь хьулбина бу. Юридикан субъектийн Цхьаьнатоьхначу пачхьалкхан реестран (USRLE) кехата тIехь хьалхо Кадыровн доьзалхошца йоьзначу компанийн "Дакъалацархойх/кхоьллинчарех лаьцна информаци" хIинца къайлайаьккхина йу, йаздора "Версткас".
Нохчийчоьнан Ӏедалан куьйгалхочун гӀовс а, йуьртабахаман министр а волчу Мацуев Висханехь марехь йу Кадырова Ӏайшат. Табарик - Висмурадов Рамзанан хӀусамнана йу – иза ву кегийрхойн гӀуллакхашкахула йолчу министраллан куьйгалла деш. Кадырова Хадижатан хIусамда ву Алханов Адам, иза республикин могашаллин министран даржехь ву, ткъа ХутIмат йу Садулаев Лом-Iелигахь. Нохчийчоьнан медицинан страхованин фондан директоран хьалхара гӀовс ву иза.
Лакхахь билгалбаьхна Кадыровн йоьӀарийн хIусамдай берриш а цуьнан уггар а уллорчу бIанакъостийн кIентий бу. Официалехь царна тIебогIу пайда мел бу, хууш дац, Украинехь тIом болийчхьана хьаькамех лаьцна хаааш ца бовзийта йиш йу церан. 2020-чу а, 2021-чу а шерийн декларацешца а догIуш, нохчийн министраша шарахь оьцу алапа кхаа миллионал сов ца долура. Республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна 2022-чу шарахь хилла пайда 26,5 миллион сом дара.
- Тхан редакцино хьалхо йаздира, суьранна цхьана кхача бууш вовшахкхетачу хенахь Iайшата шен доттагIашна хIоранна а можачу дешех дина Cartier хIазарш даларх. Цхьана хьозан мах бара 3,6 эзар доллар сов.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама видео Iорайаьккхира шен кабинет чохь дIайазйина, цу тIехь иза ловзуш ву Louis Vuitton брендан бильярдах. Йуккъерчу барамехь цуьнан мах бу 113 эзар доллар, Оьрсийчоьнан соьмашца дагардича и хуьлу 8,6 миллион.
- Мехкан урхалхочун воккхаха волчу кIанта-20 шо долчу республикин вице-премьера Кадыров Ахьмада лелош ду пхьаьрсах 92 миллион сом мах болу сахьт. Цуьнан терго йира "Верстка" хаамийн гIирсо.