ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна а, Оьрсийчуьрчу кхечу нахана а дуьхьал санкцеш яьхна Японино


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, кхин а Оьрсийчоьнан 19, Беларусин 12 стагана а, цхьа могIа шина а пачхьалкхашкарчу компанешна а дуьхьал санкцеш яьхна Японино.

Тептарехь нисвлелла Ротенберг Аркадий а, Борис а, Песков Дмитрий а Усманов Алишер а, Пригожин Евгенийн ЧВК Вагнер а, "троллийн фабрика" -"Интернет-талламаш бен агенталла" а. Беларусин агIор дозанаш тоьхначарлахь ву иштта Лукашенкон ши воI Виктор а, Дмитрий а.

Японин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамехь яздина, "Украинех хьакхалучу таханалерачу дуьненаюкъарчу хьолаца доьзна а, дуьненчуьрчу халкъашна юкъара машарна а, кхерамзаллина а тIехIуттуш а, дуьненаюкъарчу пачхьалкхаша лелочунна юкъахь дакъа лацархьама" тIеэцна бу и барамаш аьлла.

Хьалхо Японино санкцеш дуьхьалъехира Оьрсийчоьнан куьйгалхошна, пачхьалкхан президентана Путин Владимирна а цхьана. Санкцийн тептарехь вара МИД-н хьалханча Лавров Сергей а, тIеман министр Шойгу Сергей а, кхерамзалин кхеташонан урхалхо Патрушев Николай а, Совбезан куьйгалхочун гIовс Медведев Дмитрий а, кхинберш а.

Иштта санкцешна бухахь нисъелла оьрсийн 49 урхалла а, банкаш а, компанеш а, шайлахь ФСБ, ГРУ, АО "Компания "Сухой", АО "РСК "МиГ", пачхьалкхан корпораци "Ростех", Оьрсийчоьнан ЦБ, ВЭБ, "Промсвязьбанк".

Санкцеша дIакъовлуш ю оцу нехан а, банкийн а активаш, "Оьрсийчоьнан тIеман потенциал чIагъIен продукцина экспорт яр" а сацош ду.

Castellum проектан хаамашца, шина кIиранчохь Оьрсийчоь дуьненан лидер яьлла, шена дуьхьал яьхна санкцеш бахьана долуш. Церан боллу барам бу 5 532. Царех 2 778 санкци туьйхира тIаьххьарчу деношкахь. Санкцеш дукха тоьхна хиларца шолгIачу меттигехь ю ГIажарийчоь, кхоазза лахара ю цунна дуьхьалъяьхнарш – 3 616.

Чиллан-беттан 24-чу буса Украине чугIоьртира Оьрсийчоь. Зазадокху-беттан 8-чохь – кхойттолгIа де-буьйса ду цигахь тIом бен. Кхочучу информацица, де хьалха лаьттахула тIемаш бина а бац. Оьрсийчоьнан гIалийн а, регионийн а куьйгалхоша хаамбо, Украинехь лечу эскархойх – шайн махкахойх. Цхьа могIа бIостане тоьшаллаш доллушехь, Путин Владимира дIахьедо, эскаре цхьана ханна гIуллакх дан кхайкхина салтий а, резервисташ а Украинехь бац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG