Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна лийна аьлла, Санкт-Петербургехь лаьцна сепаратистийн "ДНР-н" хилла депутат Васьковский Александр. Цуьнан хьокъехь эскар "сийсаздина" аьлла, протокол хIоттийна.
Васьковский лацарх лаьцна де хьалха дийца долийра. Цуьнан гIуллакхах лаьцна кIорггера йаздо ASTRA интернет-гIирсо. Протоколаца а догIуш, цунна тIаьхьабовларан бахьана ду, цо зорбане хIоттийна ши публикаци. Цхьанна тIехь экс-депутато латкъам бо, Донбассан дIалецначу дозанаш тIехь "коррупцин-къуйн элита" йу бохуш. ЧIагIдарехь, "Цхьааллин парти" йуьйцуш хилла цо "бахархой бацон гIирс" бу аьлла.
ШолгIачу постехь Васьковскийс йаздина, украинхойн йийсархошна дуьхьал шен гергарчу нахана дуьхьалйаьхна санкцеш дIайаха аьлла, Кадыровс дина дIахьедарш –"къоман интересаш дIайалар" ду аьлла.
ASTRA гIирсо билгалдаккхарехь, Васьковскийс шен телеграм-каналехь боху БПЛА-н эскаршка студенташ ийзорах гIуллакх ца хилла, йаздина "ДНР-ехь" божарий "бертаза леца а лоьцуш", царна хаддаца "мобилизаци йу йеш", цо йемалдо Оьрсийчохь интернетан белхана когаш тийсар а.
- Нохчийчоьнан урхалхочун виъ бIанакъост цхьанакхийтира "ДНР-н" куйгалхо ву бохучу Пушилин Денисаца, цо "турпалхойн" седарчий а делира царна. Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа кадыровхойн кара кхечира оккупаци йинчу Мариуполера йаккхийн заводаш, цигара беза гIирс арабаьккхира цара.