Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан президентан Путин Владимиран омраца инарла-лейтенантан чине ваьккхина.
И хаам шен "ВКонтактерчу" агIонехь бина республикан парламентан хьалханчаса Даудов Мохьмада, цо билгалдаьккхина, Кадыровс "Нохчийчуьра дуьненаюкъара терроризмана тIехь толам баккхарехь, Оьрсийчоьнан цхьаалла ларъярехь лаьцначу дакъанна сов маххадон йиш яц". Информацин хаам иштта гIарбаьккхина ИА "Чечня сегодня" сайтехь. ХIара хаам язбечу юкъанна президентан сайтехь и омра арахецна дац.
- Нохчийчоьнан хаамийн министра Дудаев Ахьмада дIахьедира, Зазадоккху-беттан 28-хь Кадыров Мариуполе кхечира эскархойн тIеман доьналла айдархьама, хаамбо ТАСС-о. Дудаевс бахарехь, меттигехь Кадыров цхьанакхийтира 8-чу эскаран куьйгалла дечунца, Нохчийн республикерчу леринчу тIеман тобанийн командирашца а, цаьрца кхеташо дIаяьхьира цо.
- Хьалххо хаамбора Кадыровн кхечу Украине вахарх лаьцна – Зазадоккху-беттан 13-хь иза, дийцарехь, Гостомель гIалана йистехь хилла. Амма, Кадыровс лелочу телефонан геолокацина тIе а тевжаш Украинерчу хьостанаша бинчу хаамца, и дIахьедарш ца догIу бакъдолчу хьолаца. Кремло бакъ ца дина цуьнан цига вахар, ткъа Украинехь яьккхина ю бохуш юьйцу и видео нохчийн оппозиционераш фейк ю элира.
- Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа баьллачу баттахь тIамах лаьцна 250 гергга арахецар дина Кадыровс шен телеграм-каналехь. Царна юккъехь цо масийттаза кхерамаш тийсина Украинерчу тIемалошна а, мехкан куьйгаллина а. ТIеман тийсадаларшца йоьзна шортта цуьнан посташ хIиттийна фейкаш ю элира эксперташа. Политологаша бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо жигара лелаво оьрсийн пропагандо кхерамаш тийсаран дакъалг санна, ткъа ша Кадыров шена пиар еш хьийза.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочунна саццанза кхочу керла мидалш, даржаш. Инарла-майор вина цунах шозза, амма 2009-чу шарахь цунна МВД-н инарла-майоран чин дIакхачоран омра хIинца а дац гIардаьккхина. Кадыровн ткъе итт сов пачхьалкхан совгIаташ ду, йиъ академин сийлахь декъашхо ву иза.