ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровна гонахара кхераман пен бохор". Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал ву Яшин Илья


Оппозиционер Немцов Борис вийначу меттигехь ву политик Илья Яшин, архивера сурт
Оппозиционер Немцов Борис вийначу меттигехь ву политик Илья Яшин, архивера сурт

Кху кIиранах Оьрсийчоьнан политико Яшин Ильяс Change.org платформи тIе хIоттийра, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржера ваккха тIедожош петици. Кхаа дийнахь 180 стага куьйгъяздира цунна, амма Кремль дуьхьал хилира петицих лаьцна ала, ооцу платформи тIехь верификаци ца хиларна а, боташ куьйгаш язйина хила а тарло аьлла.

"15 шо а ду Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгаллехь волу. Оцу хеначохь регионах Оьрсийчоьнан Федерацин чохь къаьстина пачхьалкх йина цо. Нохчийчохь шен къепе ю латтош, Оьрсийчоьнан низамаш цу чохь болх беш а дац. Регионехь эскарш вовшахтоьхна Кадыровс, шена бен муьтIахь а доцуш. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара баьхкина, нохчийн Iедалхошца дага а ца буьйлуш, шен дозана тIехь лелачу ницкъахошна тIе герз тоха бохуш, омранаш дора цо", - аьлла ду петицихь яздина.

Иштта Яшина билгалдоккху, Кадыровс а , цуьнан агIончаша а кест-кеста журналисташна а, бакъонашларъярхошна а, блогершна а, церан доьзалхошна а кхерамаш туьйсуш хилар, "чIир хьейийр ю", бойъур бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Оцу юкъанна, Нохчийчоьнан куьйгалхо ледара хилла хьаькаман даржехь, - Кадыровс ша элира, регионера экономикан проблемаш ерза ца ло шега, ткъа федералан центро ахча ца лахь, Нохчийчоь "кхаа батте а ер яц" бохуш.

Цуьнца цхьаьна оппозицин политико Кадыровга лерина 11 минотехь видео дIаязйина, ша хIунда гулдеш ду куьйгаш хоуьйтуш. Шина дийнахь ролике хьаьжна кхо миллион стаг.

Дуьххьара дац Яшина Нохчийчохь хуьлучух лаьцна тема юьйцу. 2016-чу шеран Чиллан-баттахь цо йовзийтира республикана лерина "Къоман кхерамзаллина кхерам" аьлла рапорт. Бакъду, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хьалххе каракхаьчна хиларна, дуьххьара цо ша зорбане яьккхира иза, "даьсса хабар ду" аьлла, комментарий а язъеш. Цул а ши бутт хьалха Кадыровс комментарий йира Яшинан критикана "беламе чувак" ву иза аьлла.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Яшин Ильяс дийцира, петицигара ша стенга сатуьйсу а, Оьрсийчоьнна кхераме хилла ца Iаш, Кадыров доллу дуьненна а кхераме хIунда ву а, Кремлан сайтехь стенограмман кепехь цхьанакхетарх ца дуьйцуш, вовшахкхеттачу Путина а, Кадыровс а хIун дийцина хир ду а.

- Песковс жоп ца луш дитина хаттар. Кадыровх кхоьрий Путин?

Шо шаре мел долу Кадыров кхета шегарчу ницкъах а, уггар коьрта — таIзар хир доцийла хаьа

- Суна хетарехь, Путин кхеташ ву, хьал шен контролера долуш хиларх. Кадыровн къамелаша а, цуьнан леларо а кхерам тосу цунна. Шо шаре мел долу Кадыровн ницкъ тIекхеташ бу, политикехь зеделларг а гулдо, шегарчу ницкъах кхеташ ву иза, уггар коьрта - таIзар хир доцийла хаьа. ХIоразза а цунна гуш ду, Оьрсийчоьнан Iедалхойн, Путинан а цхьаьна, ша сацон цхьана а кепара ницкъ боций. Билггал дикка ницкъ болуш ву Кадыров. Суна хета, Путин цунах дика кхеташ ву.

- Петици бахьана долуш Оьрсийчоьнан Iедалхошкара муьлхачу реакцицга сатуьйсуш ву хьо?

Кху заманан Нохчийчохь болх беш йа Конституци а, йа Оьрсийчоьнан низамаш а дац

– Оха тIейожийна реакци ю — Кадыров дIавакхар а, шен хенахь Путина ма-аллара, Нохчийчохь конституцин къепе дIанисъяр а. И хаттар нийса ду, хIунда аьлча, кхузаманан Нохчийчохь болх беш яц йа Конституци а, йа Оьрсийчоьнан низамаш а. Кхин хаттар ду, ма-дарра аьлча, и кхочушхиларх тамаш вай бар. Делахь а, сан петици, формалехь адресат Оьрсийчоьнан президент велахь а, Оьрсийчоьнан юкъаралле хьажийна ю. Iаламат коьрта ду аьлла хета суна, хIокху дискуссина юкъаралла юкъахь хилар, хIунда аьлча, тахана оцу хаттарца доьзна юкъараллана хетарг доцуш санна ду. Цхьацца бакъонашларъярхоша а, журналисташа а олург ду, амма юкъаралло шена хетарг цкъа а аьлла дац.

Хетарехь, петицина бухахь массара а куьйгаш яздеш кампани - дуьххьарлера коллективан кехат ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнашна а, леларна а реза ца хилар дIахоуьйтуш. Суна хетарехь, хIара саннарг хьалха хилла дац, хIунда аьлча, Кадыровс кхерамаш туьйсура нахана. Шен позици йовзийта кхийрина ца Iаш, адам кхоьрура цунна критика ечу постана лайк йилла а.

- Реакци цахилар цхьана кхерамца доьзна ду? Йа Челябинскан, Волгоградан, Рязанан юккъерчу статистикан вахархочунна бен-башха дац Нохчийчохь хуьлург?

- Сан кхайкхам бахьанехь гIаьттинчу резонансе хьаьжча а, петицина куьйгаш яздечеран болар гича а, хаало, интерес юкъараллин йоккха ю. Нохчийчохь хуьлуш долчо а, Кадыровн леларо а дуккхаъчийн сингаттам меттахбаьккхина. Республикан дозанашкахь Кадыровна готта хилар чоьте эцча, муххале а. Луларчу регионашка кхийда волавелла иза. Масала, дукха хенахь дуьйна конфликт ю цуьнан ГIалгIайчонца. Цуьнан бIаьхоша спецоперацеш дIахьо, Нижний Новгородера федералан суьдхочун зуда а юьгуш.

Кхоьруш хиларна дIоггара шайна хетарг ала ца баьхьара Оьрсийчоьнан бахархой. Кадыровс жим-жима кхерош, шога Iадийна юкъаралла. Лаа ма дац гечдарш дехийтар а: цхьаммо цхьаъ аьлла, ши де даьлча инстаграмехь а, "Грозный" телевизионехь а гечдаршца видеош гучуюьйлу. Иштта болх бо муьлххачу террористо а- ахь цхьа стаг, шиъ, итт кхераво, миллионашкахь хьайх ийзабалийта.

Петицин маьIна ду — Кадыровна гонахара кхераман пен охьахарцор. Нагахь санна, кхуьнца иттаннашкахь, бIеннашкахь Оьрсийчоьнан бахархой реза белахь, массо кхерийна а, массеран а коьртеш даьхна а, бага лакъийна а вера вац. Кхера мегар ду герзах воьттинчу зуламхочунна дуьхьал хьо нисвеллехь. Амма хьоьца иттаннашкахь, бIеннашкахь нах белахь, и боккха ницкъ бу.

- Нохчаша — Абурахманов Тумсос, 1АДАТ канало шена критика яр Кадыровс чIогIа дера тIеоьцу, амма тергал ца ян гIерта, нагахь санна, массарна хезаш оьрсийн политикаша а, бакъонашларъярхоша а критика яхь...

- Цунна реза хуьлийла дац сан. Политковскаян, Милашинан, Каляпинан, "Эхо Москвы" радиостанцин, "Дождь" телеканалан, "Новая газетан" масалш ду. Къоман билгалонца критика Кадыровс луьсту аьлла ца хета суна. Муьлхха а критика йинчу стагана тIаьхьабовлу. Дагаваийтахьа, ша цунах лаьцна аьллачух цуьнга гечдар дехна Красноярск гIалин кхеташонан депутат Сенченко Константин. Нохчийн критикашна тIекховда атта ду цунна - и блогер Европехь велахь а, махкахь цуьнан гергарнаш ма бу биссина, уьш закъалте эца аьтто бу. Тумсон гергарчаьрца ма хиллара а, хIинца Мусаева Заремица а санна.

- Кадыровс реакци яре хьоьжуш вуй хьо?

- Кхин хьоьжуш вац. Иттаннашкахь, бIеннашкахь эзарнашкахь болчу нахана хетарг цунна дIа а хезна, иза жимма а адеквате хила лаьа суна. Кадыровн хьокъехь цхьа а иллюзеш яц сан, со дика кхета, цо дечух а, и стенна леладо а. ХIара, важа аьлла, цуьнгара ас сатуьйсуш хIума дац.

– Кадыров – Кремлан продукт юй?

- Ю ала мегар ду, доккхачу декъанна. 2007-чу шарера схьа дуьйна Кремло лелош ма ву иза. Гуш ду, шен Путинан иштта сацам буйла. Тахана Нохчийчохь хуьлуш долчух жоьпалла уггар а хьалха Путинна тIехь ду, хIунда аьлча, цуьнан кхетам боллуш сацам бара Кадыровца пакт тIечIагIъеш: доллу Iедал дIало хьоьга, федералан бюджетера транш а латтор ю, ткъа ахь цигахь тIом ца хуьлу агIо бе аларца.

Нагахь санна, Нохчийчуьра маьрша хьал, Кремлана ма-хеттара, Путинна а, Кадыровна юкъахь хиллачу бертаца лаьтташ делахь, цкъа мацца а хьал эгIар ду

ДIоггара ойла йина бина сацам бац хIара. Нагахь санна, Нохчийчуьра маьрша хьал, Кремлана ма-хеттара, Путинна а, Кадыровна юкъахь хиллачу бертаца лаьтташ делахь, цкъа мацца а хьал эгIар ду. Оцу 15 шерашкахь Кадыровс Iаламат дукха административан а, финансийн а, уггар коьрта, ницкъаллин а ресурсаш гулйина. Гуш ду, Оьрсийчоьнан къоман кхерамзаллина кхерам бохьу цо, хIунда аьлча, цунна цхьаъ бен доцу, иза юхаийзоран бахьана ду — Путинан авторитет.


- Кадыровн раж Оьрсийчоьнна кхераме хилла ца Iаш, Евросоюзехь а, критикаш бойъучу оццу Туркойчохь а кхераме хуьлу-кх...

- Хьан хаттарехь жоп ду. Къайле яц, Кадыровн киллерш шекбоцуш Европе а лелаш, цигахь Кадыровн критикаш бойъуш, царна тIелетарш деш хьийзар. Кадыров аьтту куьйг, "Палач" олу Делимханов Адам Интерполехула лехамашка велира, Дубайхь ЯмадаевгIеран цхьахволу ваша вийначул тIаьхьа. Вайна хууш ду Австрехь нах байъарх, Скандинавехь кIелоярх а. Пачхьалкхан тIегIанехь бандитизмана легализаци йина хилча, рак цамгар санна, лоьраш юкъа ца гIортахь, яржа йолало, доллу хьан дегIаца дийна долчу хIуманна кхерам а бохьуш.

- ЯнгулбаевгIара Европан Iедалхошна а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна а тIедожийна, Кадыров дуьненаюкъара террорхо хилар къобалде аьлла. И хир ду аьлла хетий хьуна?

- Хезна суна оцу кампанех. Амма сан приоритеташ кхин ю, со Оьрсийчоьнан юкъараллана тIетовжу. Нохчийчохь къепе дIахIотто ерг америкхой бац, европхой бац, Оьрсийчоьнан бахархой бу. ХIунда аьлча, хIара вайн цIа ду. Шайн хIусамашкахь цIано адамаша шаьш латтон езаш ю.

- Интервью кечъечу хенахь ас хаьттира бакъоларъярхочуьнга Янгулбаев Абубакаре, хIун хаттар лур дара ахь Яшине аьлла. Кадыров Оьрсийчоьнан Турпалхо волчуьра дIаваккха аьлла, петици йолаяр хьийхира цо. Оший-те?

- Дукха наха гIо лоцур дара оцу тIехь. Оьрсийчоьнна дуьхаьл тIемаш бина, тIемало лелла, дас Оьрсийчоьнна джихIад кхайкхийна, Басаевца суьрташ дохуш, леллачунна Оьрсийчоьнан Турпалхо аьлла седа баларо дискредитаци йо, шайн доьналлица Оьрсийчоьнан Турпалхочун мидалш елларш сийсазбар санна ду иза.

Тамаш бу, юридикехь перспектива хила оцу инициативан, амма билггал дуккхаъчу наха куьйгаш яздийр дара. Оцу тIехь сан шеко яц.

- Собчакан "Чеченизация" цIарца гайта йолийначу филмо нохчашлахь — республикехь а, диаспорехь а йоккха дискусси гIаттийна. 2000-гIа шерийн юьххьера схьа дуьйна Нохчийчохь кхел йоцуш бойъуш, лечкъош нах бу, духьалдоху бехкзуламан гIуллакхаш, Iедалан оппоненташ хIаллакбеш бу. Жимма тIаьхьо йоллу пачхьалкхехь а даьржира и дерриг а. Тахана дIайоьдуш Оьрсийчоьнан чеченизаци а, кадыровизаци а ю, вуьшта аьлча, 2000-чу шерийн юьххьехь Путинан Оьрсийчоь кхечира Нохчийчу, шен харц арсеналца, и дара хьалхара бахьана.

ТIе мел оьцу сацамаш цхьана стагах боьзна а болуш, шен цхьаннан Iедалан раж дIахIоттийна Путина Оьрсийчохь

- Вовшийн воьзна процесс ю иза. ТIе мел оьцу сацамаш цхьана стагах боьзна а болуш, шен цхьаннан Iедалан раж дIахIоттийна Путина Оьрсийчохь. Кадыровс кхоьллина изза система Нохчийчохь, амма къоман башхаллица. Муьлххачу а диктатурин бухехь цхьана стеган эго хуьлу. Цуьнан эго кхачушъен гIирс хуьлу пачхьалкхах, ткъа юкъаралла цуьнан закъалтхой хуьлу. ХХI-чу бIешерашкахь инзаре хета хIара.

- ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал яьккхинчу митингехь, майданашкахь портреташ дагош, гIожмаш етташ, когашца уьш хьоьшуш санна.

- И гуттар йоккха эрчо ю. Ас ма-аллара, шайн специфика ю кхузахь. Кадыровн киллерш 30-чу шерашкахь гангстераш ма леллара хьийза, Iаьржачу машенашкахь схьа а богIий, тIехьашхула герз а тухуш. Путинан нахбойъучийн мел а хьекъале кепаш ю, цара дIавш кечдо, ларамза велча санна нисдо. Кадыровн а, Путинан а рожийн цхьатерра долу маьIна кепаша а, стилистико а къайладоккху.

- Путина а, Кадыровс а Кремлехь цхьанакхетча стенах лаьцна дийцира, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхо ЯнгулбаевгIарна кхерамаш туьйсучура юха а воьрзуш, ткъа мехкан Iедалхоша арахьарчу нохчийн критикех лаьцна кхин жоьпаш лур дац аьлла, чIагIо а еш?

- Путин гIоьртина хир ву Кадыров юхаозон. Амма, Кремлера араваьллачу Кадыровн къежарца, къамел кхин дIоггара шога а ца хилла. Хетарехь, Путина кIеда дехар дина хир ду, ткъа Кадыровс президентана томана санна, тIеэцна.

***

Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородехь бехачу бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да-нана дехачу хIусамчу лилхинчу Нохчийчуьрчу Чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша бертаза Соьлжа-ГIала дIайигира цуьнан нана Мусаева Зарема, теше санна хеттарш дан аьлла. Юьхьанца чохь даккха 15 дей-буьйсий хан туьйхира цунна, полисхочуьнга бага лейина аьлла, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакх диллира - протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а, доьзалхочуьнгара цхьаъ далахь цIийнах мел верг жоьпе озош хиларх а дийцира дуьненаюкъарчу организацийн хаамашкахь, масала, Amnesty International юкъаралло. Иштта далхийра цунах Европан союзо а, Европан Кхеташонан Парламентан ассмамблейно а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG