ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровна хеставалар деза". Стенна оьшу Нохчийчоьнна йиъ керла батальон?


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Гайтаман сурт

Украинехь тIом болабелчхьана Оьрсийчоьнан цхьа могIа субъекташкахь вовшахъйетташ ю цIераш тохкуш батальонаш, цу юкъахь бу регионера бахархой а. Гена яьлла йоьду Нохчийчоь – цигахь Iедалхоша дIакхайкхийна диъ дакъа кхуллуш ду шаьш аьлла. Къайлаха мобилизаци ю иза элира Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа

Украине хьовсон "лаамхойн" батальонаш хIинцале а вовшахтоьхна евлла ю ГIезалойчохь, Башкортостанехь, Чувашехь, Пермскан а, Кировн а кIошташкахь а. Хьалхарчу шина субъектехь иштта шишша дакъа кхоьллина, вукху регионашкахь цхьацца.

Виъ миллин гергга шена чохь нах бехачу Татарстано «Алга» а, «Тимер» а (оьрсийн матте даьккхича «Хьалхахьа», «аьчкан» бохург ду иза. - Редакцин билгалдаккхар.)цIераш йолу ши батальон вовшахтоьхна. ХIора батальонехь ву 350-нна тIера 400 стагана тIекхаччалц. Церан алапа ду 150 эзар сом, цу тIе тIамехь де-буьйса даккхарна – 8 эзар сом а ду тIелуш. Церан могIаршка дIаоьцуш бу комиссариаташкахула а, ветеранийн юкъараллашкахула а.

Виъ миллин волчу Башкортостанехь ши батальон кхуллуш ю Шаймуратовн а, Достоваловн а цIерашца – формалехь уьш вовшахту "Башкортостанан спецназан а, десантан а эскарийн ветеранаша".

Кхо миллион нах къаьмнаш дехачу Дагестанехь кхуллуш ю кхийсархойн рота, Буйнаксехь дислокаци йолчу 136-чу бригадин бази тIехь. Ишшта роташ вовшахтоха сацамбина ГIалгIайчохь а, ГIалмакхойчохь а.

Оцу юккъехула Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, 1,4 миллион вахархо вехачу махкахь дийнна йиъ цIерашца йолу батальон гулйийр ю аьлла – «Север-Ахмат», «Юг-Ахмат», «Запад-Ахмат», «Восток-Ахмат».

Кадыровс чIагIдо, "эскархойн контингентехь беккъа нохчий хир бу", цо бахарехь, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин "дакъош дузур долу". Муьлш бу и эскархой – говза тIемалой бу, йа лаамхой олурш бу – цо билгал ца даьккхира, дIахьедира, керла дакъош вовшахтоха дийзира, "регионерчу кегийрхошна юкъахь патриотийн дог-ойла хиларца" аьлла. Кадыровс иштта хаамбира, "дикка ницкъ болу нах юкъахь болуш хир ю" и батальонаш, тIетуьйхира тIаьхьо, республикехь 1800 белхан меттиг цара нисбийр бу аьлла.

Кремлана хьалха, даим санана, хеставала ма дезий Кадыровн

"Запад-Ахмат" хьалхара батальон вовшахтуьйхира Мангал-бутт бовш, цуьнан куьйгалле хIоттийра, Куьрчала кIоштахь полицин хьаькам лаьттина Агуев Исмаил – цуьнан метта полицин дарже охьахаийра цуьнан ваша Агуев Рустам. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре даьккхина и полицин дакъа, кест-кеста адамийн бакъонаш талхорна а, тIехь ницкъбарна а, шайггара бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал ийдарна а.

"Восток-Ахматан" урхалле хIоттийра, кхул а хьалха МВД-н ГИБДД-н ДПС-н полкан хьалханча лаьттина Салиев Асламбек. Кадыровна уллорчех командир лоруш ву иза.

ХIара материал зорбане йоккхучу заманчохь къастанза дара, мила хир ву йисинчу шина батальонан – «Юг-Ахматан» а, «Север-Ахматан» а куьйгаллехь.

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин гIовса Ирасханов Аслана («Новая газетан» талламаца а догIуш, 2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь нах бойуш дакъалаьцна ву иза) дIахьедира, Кадыровн "муьлхха а омра кхочушдан" батальонаш кийча хиларх. Формалехь уьш Оьрсийчоьнан тIеман министраллан куьйгакIел хир йолуш ду, делахь а, царна гIишлош йеш ю Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан ахчанах. Нохчийчуьра ницкъаллин дакъош Кадыровна муьтIахь хилар масийттазза дIахъедира эксперташа а. Иштта, батальонаш вовшахтохар дирзинчул тIаьхьа, мехкан республикан куьйгалхочун долахь кхин а тIе тIеман ницкъаш хир бу, федералан структураша ахчанца латтош.

Керла батальонаш гулъеш ю, махкарчу бахархоша аьрзнаш дечу юкъанна – нохчийн бакъонашларъяран организацеша а, блогерша а хаамбо, «лаамхой» санна Украинан дуьхьал тIемаш бан дIахьийсон нах лечкъош бу аьлла. Цхьахволчу лачкъийначунна, Эна-Хишкарчу Сасламбеков Шемална ультиматум хIоттийнера: йа тIамтIе воьду, йа шаьш дуьхьалдоккур долчу гIуллакхца набахте воьду хьо аьлла. ТIамтIе вахар гIоле хийтира цунна, цигахь кхалхар а нисделира.

Нохчийчуьра тIамтIе хьийсийначу «лаамхошлахь» нисбелира ишшта криминалан нах а, набахтехь яккха тоьхна хан чекхъяланза а, иштта хьаькамашна товш боцу нах а, оппозиционерийн гергарнаш а.

Бертаза мобилизацин альтернатива ю керлачу батальонашка нах ийзо, аьлла хета нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсонна: "Даим а санна, Кремлана хьалха хеставала ма дезий Кадыровн, цундела массарчул а дукха [батальонаш] вовшахъйетташ ву".

Цо бохучунна тIетов Гергарчу Малхбалехь талламаш бечу Киеверчу Центран директоран гIовс Данилов Сергей.

"Вовшашца йохьебийларан меттигаш а бу кхузахь – Оьрсийчоьнан цхьайолчу субъекташа вовшашца къийсаболуьйту, хьан цIерашца батальонаш вовшахтуху, маса стаг хир ву цу юкъахь бохуш. Дицдийр дац вай, цхьана хIуманна тIера хIара схьадохьуш хилар а, хIокху кепара дакъош ма хилла паччахьан заманахь Оьрсийчохь. Шаьш оьрсел а тешаме хилла, империна юкъадогIучу къаьмнех вовшахтоьхна тобанаш", - дерзийра къамел Даниловс.

***

Карарчу хенахь Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а Украинерчу тIамехь вийнарг 846 бIахо хилар къаьстина Кавказ.Реалиина; Къилбаседа Кавказера беллачийн терахь ду 93. Йиллинчу хьосташкара гулбина бу и хаамаш, билггал аьлча, кхин а дуккха а алсам хила тарло церан терахь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG