ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс "20 миллиард" ахча дайина тIамна. Муьлхачу валютехь, стенгара даьлла ахча – хууш дац


Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан эскархойн могIаршкахь Нохчийчуьра тIемаш бечу дакъошна 20 миллиард ахча дайина Кадыров Рамзана, дIахьедина республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь. Юьйцург муьлха валюта ю, цо билгал ца даьккхина, хууш дац иштта, регионан куьйгалхочо доьхкина ахча стенгара даьлла а- Нохчийчоьнан бюджетера йа шен кисанара.

"ХIокху эха шерачохь, пачхьалкхо латториг а, вайн вежарша дийриг а доцург…вайн паччахьо – Дела реза хуьлийла цунна - ахчанца гIо латтийна [ницкъаллин структурашна] 20 миллиард соьмана", - дIахьедира Даудовс Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь.

Дайинчу ахчанах дуьйцучу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун хилла реакци гайтина яц, кхеташонера видео зорбане яьккхинчу ЧГТРК «Грозный» канало – Даудовс 20 миллиардах лаьцна дIахьединчул тIаьхьа, видеон озе лаьдоьгIча, гуш ду монтажца вовшахтоьхна юй.

  • Оцу Соьлжа-ГIаларчу цхьанакхетарехь нохчийн парламентан куьйгалхочо дийцина, къенчу доьзалашкара божаршна керлачу кадыровхойн полке язбала ца лаьа бохуш. Цунна жоп лучу мехкан урхалхочо тIедожийна федералан низамца таро йоцчу нахана хIиттийначу хьелех а, ахчанех а дIахедабе уьш аьлла.
  • Официалан хаамашца, стохкалерачу шеран жамIащца Нохчийчоьнан куьйгалхочо даьккхина 26 миллион ах миллион ахча, ткъа цуьнан хIусамнанас ахмиллион.
  • ТIеман юьххьехь Кадыров Рамзанан тергойира Соьлжа-ГIалахь дIахIиттийначу эскархошлахь 125 эзар сом мах болу Prada мачаш йоьхна. ХIетахь политико дIахьедира, церан мах шена ца хаьара – йишин кIанта совгIатна еанера уьш аьлла.
  • Оппозицин политикан Навальный Алексейн тобано кино яьккхира Кадыровн сахьтех лаьцна – церан мах бара 500 миллион сом.
  • «Украинская правда» газетан талламашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Дубайхь вилла ю, пальмин куьцехь болчу гIайри тIехь ю иза, пхи седа болчу отелашна юкъа а йогIуш.
  • Укриане чугIоьртичхьана тIеман пропаганда коьрта политикан гIирс хилла дIахIоьттина Кадыровна. Охан-баттахь жоьпалла тIеийцира цо шена, хIора кIиранах тIамтIе 200 "лаамхо" хьажон – уьш вовшахбетта йоллу Оьрсийчухула. Нохчийчуьра хаамаш кхочура бертаза тIемаш боьлхучу меттигашка хьийсадо шаьш бохуш, иштта дуьйцура, "лаамхошлахь" зуламаш дина, хенаш йиттина хилла нах а бу бохуш.
  • Марсхьокху-беттан 17-чохь Украинан тIеман министраллин талламхойн урхалло дIахьедира, Нохчийчохь вовшахтухучу керлачу йеа батальонашкахь ницкъахоша лечкъийна бигина нах бу аьлла. Киевн хаамашца, доккхачу декъанна бу уьш нохчийн ярташкара бахархой – царна кхерамаш туьйсу бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даха йа къизаллаш лелор ю олий. Украинхойн таллархоша мах хадабо цуьнан, Оьрсийчохь тIом бан луурш кIезиг хиларца. Оцу чIагIдарех лаьцна комментариш ца ло йа Москвахь а, йа Соьлжа-ГIалахь а.
  • Товбеца-баттахь украинхойн агIоно дIахьедира, Нохчийчохь вовшахдиттина тIеман дакъош Херсонан кIошта дехьадахарх, дезертиралла лелочу салташца къийсам латторехь пайдаоьцур бу царах аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG