ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс бакъдина Украинехьа тIом беш нохчий хилар, царна кхерамаш тийсина цо


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

ТIеман барзакъ доьхна, шайлахь герзаш долуш нах гойту видео гIаръяьккхина Кадыров Рамзана, оцу кIелахь Украинехьа тIомбечарна кхерамаш тийсина цо, шен декъехь Нохчийчуьра схьабоьвллачарна а. Хьалхо Оьрсийчоьнан регионан хьалханчас бакъ ца дора тIаьххьарнаш Киевн агIо лаьцна тIемашкахь дакъа лоцуш бу бохург.

Украинехьа тIом бан бахначу Евробертан пачхьалкхашкара нохчашлахь кIезга бац хьалхара а, шолгIа а оьрсийн-нохчийн тIемашкахь дакъалаьцнарш, аьлла Кавказ.Реалиига Венера Kulturverein Ichkeria-н ("Культуран центр "Ичкерия") куьйгалхочо Исханов Хьусайна.

Цо бахарехь, Львов гIалахь вовшахтухуш ю Оьрсийчоьнан агрессина духьал лата кийча йолу нохчийн шайн лаамехь отряд: "Шайн лаамехь арабевлла нохчий кийча бу украинхошка гIодаккха хIокху вуно халчу муьрехь. Тхуна диц ца делла украинхоша Ичкерин суверинитет ларъеш тIетар".

Хьалхо Британехь веха нохчийн политик, тIе ца эцначу Ичкерин цхьахволчу хьалханчас Закаев Ахьмада "Настоящее время" телеканалан эфирехь дIахьедира, Европехь беха нохчийн кийча хиларх Оьрсийчоьнан тIелатарах Украина ларъеш тIом бан.

  • Украинан президенто Зеленский Владимира кхайкхамбира, оьрсийн эскаршна дуьхьал тIом бан схьакхета луучу арахьарчу мехкийн бахархошка, Украине а дуьлий, дозанаш чIагIдан луучийн могIарш дуза аьлла.
  • Кавказ.Реалиино дийцира Украинехь тIомбечу нохчех лаьцна: оьрсийн тIеман ницкъийн декъехь а (шайх "кадыровцаш" олурш), Шейх Мансуран а, Дудаев ДжовхIаран а цIарахчу батальонийн декъехь Украинан латтанаш лардечех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG