ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс гамо ма лелайе бохучу юкъанна питане видеош ю яржош


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь Iедалшкахьа йолчу социалан машанашкарчу агIонаш тIехь зорбане йохуш видеош ю 05 регионера (Дагестан) машенашца, нохчийн ницкъахоша машенийн куьзганаш тIера схъадоху Iаьржа пардонаш. Питане йоьрзур йолу акци йолийна, мехкан урхалхо тIетайна хиларца евзаш йолчу, "бехкалабахначу" меттигерчу бахархоша шайна гечдар доьхуш видеош зорбанашка йохучу цхьа могIа яккхийчу аккаунташа.

АгIонийн администраторша шаьш дIахьедарца, хетарехь, Дагестанехь яьккхинчу видеона йина реакци яра и "флешмоб". Цу тIехь бакъоларъяран органийн белхахоша бехкаш доху 95-чу регионера (Нохчийчоь) машенашлелорхошкара цара "мигалкаш" лелорна.

Оцу юкъанна регионан куьйгалхо дуьхьал велира и конфликт марсаяккха, цо дIахьедира некъашца хIуьттаренаш лелош яц аьлла.

"Нохчийн а, дагестанхойн а машенашлелорхошна дуьхьал питана лело гIертачаьрга дIахаийта лаьа суна…[…] Оцу кепарчу хIуманийн Нохчийчохь тидам хилла бац. Тхан некъаш тIехь цхьанна гIуда тохахь а, некъан низамаш дохорна бен тухуш дац. Оцу хаттарца хIуьттаренаш, озабезамаш лелош бац", - яздина Кадыровс.

Хьалхо нохчийн хьаькамаша "кхетийра" меттигера спортхой-блогерш, "къоман сий дойуш, маьтттаза лелар" могуьйтур цахиларх. И къамел долоран бахьана дара, хетарехь, ийначу кепехь латарийн спортхочун Тамаев Асхьабан дагестанхойн спортхочуьнца довдалар. Кадыровс бахарехь, спортхойн конфликто машенлелорхошна юкъара хьал эгIийнера

  • "Кхеторан болх" дIабахьале масех де хьалха конфликт иккхира нохчийн спортхо-блогер, Халк цIе лелон Тамаев Асхьаб юкъахь а волуш. Дагестанехь масийттазха бетах хIума туьйхира цунна – машен нийса дIахIоттийна яц аьлла.
  • Хьалхо Кадыров Рамзанан омра дира, шена гергахь бехкала бахначу, дозанал арахьа бехачу Нохчийчуьрчу бахархошна таIзар ден практика юха йолон еза аьлла. Цо дIахьедира, уьш цIа а балош, "швабрашца горгамаш хьоькхуьйтур ю" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG