ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс гIортор йина Оьрсийчохь йихкинчу "Талибанна"


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана мах хадийна, Афганистанехь Iедал дIалаьцначу Оьрсийчохь бихкиначу "Талибан" терроран боламна. Шен хетарг цо довзийтина инстаграм аккаунтехь, яздо Кавказ.Реалиино.

"Нагахь уьш баккъалла а, шаьш дIакхийкхош йолу, шайн ерриг дика идейш дахарехь кхочун ян дагахь белахь, ас гIортор йо царна", - яздина Кадыровс.

Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхина, иза дуьненаюкъара хаттар хилар, ткъа ша иза лууш ву "берриг а бусалбанаш машарехь а, кхечу къаьмнашца а, динашца а барт болуш бехийла".

Кадыровс билгалдаккхарехь, талибаш дуьхаьл бу "ерриг а терроран тобанашна, цаьрца къийсам дIабахьаре а кхойкху цара". Амма цуьнаца цхьаьна Кадыровс дагадаийтира "Талибан" Оьрсийчохь йихкина хилар.

  • Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.
  • ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG