ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсехь ечу Iаморан центран долахой билгалбевлла


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзанан Гуьмсара хIусам, Гезгамашан бутт 11, 2008
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзанан Гуьмсара хIусам, Гезгамашан бутт 11, 2008

Ницкъаш Iамо лерина Гуьмсехь ян йолийна дуьненаюкъара Iаморан центр Iалвиев Мовсадин чоьтах еш ю, ткъа иза Кадыров Ахьмадан фондаца болхбеш ву, хааме доккху “Дождь” телегойтийло. И центр тIехь ен латта а ду Алвиевн доларчу “Мастер” фирман. И фирма ю “Грозный-сити” компанехула Кадыровца уьйр йолуш. 2007-чу шарахь Кадыровн фондо кхоьллира “Лидер-авто” компани, ткъа 2014-чу шарахь оцу фирман 40 процент Алвиевн дола елира.

Republic зорбано хаамбарехь, “Альфан” ветеран Чудан Алексей а ву и центр ечу долахойн декъехь. Иза а ву “Мастер” центран долахо а, Кадыров Рамзанца уьйрашкахь.

Центр йина яла езаш ю 2018-чу шарахь. Иза хьалаеш ю 400 гектар латта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG