ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс кхерамаш тийсарх махкахвала дагахь вац бакъонашларъярхо Каляпин


Каляпин Игорь
Каляпин Игорь

Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхо Каляпин Игорь дагахь вац пачхьалкхера дIаваха, иза а, журналист Милашина Елена а лаца еза "террорхойн гIоьнчаш" уьш хиларна аьллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерамаш теснера аьлла, хаам бо Кавказ.Реалиино.

"Кадыровс дуьххаьра ца вина со бехке террорхошна гIо дарна аьлла, Кадыровс дуьххьара ца вина со бехке мостагI ву аьлла. Цкъа а цавахна дIа, ваха план а яц сан", - дIахьедина бакъонашларъярхочо "Газете.ru" зорбан гIирсана еллачу интервьюхь.

Каляпинна хетарехь, Кадыров Рамзанна хетачунна реза воцург муьлхха а "титул лелош ву террористан". "Цхьа а тамаша бан хIума дац. Цуьнан реакцеш ю 5 шо кхаьчначу беран санна, кемпет дIаяьккхинчу", - дIахьедина бакъонашларъярхочо.

  • Де хьалха, Кадыров Рамзана дIахьедар дира шен телеграм-каналехь, "террорхойн гIоьнчаш" леца беза аьлла. Иштта олу Кадыровс "Iазап лелорна дуьхьал Комитетан" (организаци юкъатоьхна ю НКО-"иноагентийн реестрна"), Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхочух Каляпин Игорах а, "Новая газетан" журналистах Милашина Еленех а лаьцна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, нохчашна тIехь ахча доккхуш бу уьш, "сценареш кхуллуш а, шайн персонажашна лерга тексташ а, муха лела деза дуьйцуш а". "Нагахь Оьрсийчохь низам а, низамашлардон органаш а елахь, цаьрга боху ас: схьалийца и террорхойн гIоьнчаш", - яздина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG