Украинерчу тIеман агIончашна хетарехь, патриот санна тIамах лаьцна вист ца хиллачу Оьрчийчоьнан президентан пресс-секретарьна Песков Дмитрийна телефонехула кхерамаш тийсина. Цунах лаьцна яздо "Медуза" ресурсо президентан администрацина уллера шина анониме хьостанна тIе а тевжаш.
Иза хилла Украинаца тIом саца ма бе бохучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, "Единая Россия" партин коьртачу кхеташонан секретара Турчак Анатолийс а хьаькамна критика йиначул тIаьхьа.
"[Песковца] лаккхара нах телефонехула зIене бевллера – Кадыров вац, Турчак вац муххале а. ЗIене бевллачарна цхьанхьара Песковн телефон кара ма йиний?" - аьлла "Медузаца" цхьахволчу къамелдинчо. Песковс, Кадыровс, Турчака а хIара текст арахоьцучу юкъанна материална комментарий ца йина.
ТIом болабелча Оьрсичуьра дIабахнарш ямарт нах, пхоьалгIа колонна а ца хета шена аьлла Песковс дIахьедича, йира цунна Кадыровс критика. Турчака – Путинан пресс-секретара Москва дийцарш дан кийча ю аьлча а, тIом боьдуш шортта зенаш хилар тIелаьцча а.
"Медузан" хьостанаша билгалдоккху, Песковна тIе кечйина атака яц еш, амма Путина иза йар ца магош а дац. ГIирсаца къамелдинарш тешна бу, президент публикехь пресс-секретарна тIехIуттур вац, хIунда аьлча, Украинаца дийцарш даран хаттаро цуьнан рейтингана тIе тохар дан мега.
Амма Песковн даржанна кхераме хIумма а дац, тIечIагIдо гIирсо: Путинна иза шен уллорчу гонера стаг хета, иза воьлла дукха хенахь дуьйна ца хийцалучу гонах. Путинан пресс-секретарь шен даржехь ву 2008-чу шарахь дуьйна.