Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело террорхойн лерина ГIалгIайчуьра батIалхьажойн динан йукъаралла. Кеп-кепарчу хьесапашца, цу йукъахь ву 20 эзар стаг, бу царлахь баккхийн нах а, бераш а. Тхан редакцино къастийра, оцу сацамна бухахь хIун ду а, вежараллин декъашхойх кхин дIа хIун хир ду а.
Суфийн шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхьалонех хета шаьш батIалхьажошна. ГIалгIайчохь уггар а къевлинчех а, Iаткъаме йолчех а йукъаралла йу и. Цуьнан декъашхо хила йиш йу дуьненчу воллушехь, ткъа цхьана заманчохь шайна йукъара ваьлларг вуьйш Iедал дара церан.
БатIалхьажошна тӀехь гӀело йан йолийра 2010-гIа шо йуккъе даьллачу хенахь. 2016-чу шарахь республикерчу экстремизмаца къийсам латточу центран куьйгалхо Хамхоев Тимур лецира оцу вирдаца уьйрашкахь хиларна. Талламаш бина шо даьлча, вежарийн динан хьалханча Белхороев Султан даге лазар иккхина кхелхира. 2018-чу шарахь вийра цуьнан вешин кӀант Белхароев ИбрехӀим. Цунна дуьхьал бекхам беш вийра Москвахь гӀалгӀайн "Э" Центран керла куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехӀим а, цуьнан ваша а.
ХIетахь дуьйна батIалхьажой, шайлахь пачхьалкхаца йоьзна махкара структураш а цхьаьна, бехкебан болийра кеп-кепарчу иттанашкахь бехкзуламан гIуллакхашкахула.
Советан заманара чекистийн "йазадаран ламастах" кхиъна норма йу и
2023-чу шарахь ФСБ-но шен террорхойн организацийн тептаре йазйира вирдан тӀеман гара; 2024-чу шарахь цуьнан декъашхой буьйзира «Крокус Сити Холлехь» динчу тӀелатарца а, Оьрсийчоьнан эскаран инарла-лейтенант Кириллов Игорь верца а, ткъа ишта 2026-чу шеран аьхка «Кавказан Имарат» террорхойн организацица а.
Кху бIаьста батIалхьажойн керла хьалханчана, хьалхо «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин цIарах ГIалгIайчоьнан парламентан депутат лаьттинчу, социалан страхованин Фондан куьйгаллехь хиллачу Белхороев Якъубна чохь даккха 10 шо хан кхайкхийра.
Важа, БатIал-Хьаьжин тIаьхьенех волу Белхороев Илес 2026-чу шеран аьхка велира, Польшехь лаьцна латточу заманчохь. 2014-чу шарера схьа дуьйна иза вехаш вара Украинехь, цигахь пачхьалкх Iалашйечу эскархойх дIа а кхеттера иза. Оцу тIехула Оьрсийчохь цунна дуьхьал айдина гIуллакх теллира, герзашца вовшахтоьхначу тобанахь а, террорхойн йукъараллехь а дакъалацарна бехке а вина. Иштта бехкевира иза Оьрсийчоьнан эскаран "сий дайъина" аьлла а. Белхороев ша винчу махкахь дIаволла везаш вара, амма цуьнан дакъа ницкъахоша дIадаьхьнера.
Ур-атталла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца йолчу уьйраша а гӀо ца дира маьрша бисинчу батIалхьажошна. 2022-чу шарахь, рогӀера йуха а вирдан декъашхой лецначул тӀаьхьа, Кадыровс кхайкхам бира, царна гӀортор йеш. Цул тӀаьхьа республикера Украинана дуьхьал тӀом бан хьажийра, дийцарехь, 31 стагах лаьтташ йолу БОБР (БатIалхьажойн сихачу гӀоьнан дакъа).
Амма тӀаьххьара Кадыровс хьахийна и тоба диъ шо гергга хьалха, ткъа тӀамехь дакъалацаро хӀинца а кӀелхьара ца баьхна батIалхьажой террорхойн статусах. ХӀинца, йукъараллин куьйгалхошна а, декъашхошна а ахча латторна, церан урхалла дарна, йа кхин муьлхха а гӀо дина меттиг хаалахь, таӀзар дийр долуш ду йаккхий хенаш йетташ, йа белла дIабовллалц чохь йаккха хан тухуш.
Лакхарчу кхело дӀахьедина, цу тобано лелош дерг "терроризм йаржон а, иза бакъъйан а, цунна гӀортор йан а лерина ду", ткъа цуьнан декъашхоша зуламаш лелийна боху терроризмах а, низамехь йоцчу герзаца йолчу тобанехь дакъалацарх а лаьттачу артиклашкахула.
Талламан комитето охьадагардира батIалхьажой билггал стенна бехке беш бу. Полисхо Эльджаркиев ИбрехIим а, инарла Кириллов Игорь вер а, «Крокусехь» дина теракт а доцург, цара Ичкерин дакъошлахь 2004-чу шарахь ГIалгIайчохь Iедалхойн белхахошна тIелетарш а цхьана дина боху. Дуьйцург ду 2009-чу шарахь «Невский экспресс» цIерпошт эккхийтар, талораш дар, стаг лачкъор, документашца харцо лелор а.
Пачхьалкхан ТАСС хаамийн агенталло тӀетоьхна ишта "Украинан герзахойн тобанашна гӀо дар", дуьненаюкъарчу терроризмца уьйраш хилар а, Москван кӀоштахь а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а зуламан Ӏаткъам баржор а, цхьа могӀа йаккхий объекташ шайн Ӏуналле эцар а. Дуьйцург ду шайна йукъахь мехала металлаш доккху меттигаш а йолуш, ишта долара тIеман компаний у бохуш, шайлахь герзашца тоба вовшахтоха гIортарна а.
Ницкъахой кхеташ бац лелочух?
Тхан редакцица къамел дан реза хиллачу ГӀалгӀайчуьрчу хьостано билгалдоккху, батIалхьажой Евкуров Юнус-Бекан куьйга кӀел йолчу республикерчу Ӏедалан а, ницкъаллин а структурашна а йукъа интеграци йина хилар. Цуьнан куьйга кӀел вирдан декъашхой болчу хенахь, цхьана агӀор, ахча тIедогIура царна, шайн долахь тайп-тайпана бизнесаш а йолуш бара уьш, ишта гӀишлошъйарца йоьзна бизнес а цхьана. Вукху агӀор, цара кхиндӀа а ийза а ца луш шайн зуламаш леладора, полисхошна а, прокурорашна а, ур-атталла суьдхошна а цхьана кхаьънаш а луш.
Цуьнца цхьаьна, билгалдоккху хьостано, берриг а батIалхьажой террорхой бу аьлла дӀакхайкхор бух боцуш хӀума ду. Цкъа делахь, йоллу вежараллина жоьпалла тIедожор ду и, ткъа царлахь доккха дакъа берхIийтта шаре а довланза бераш ду. ШолгӀа делахь, талламехь тоъал тоьшаллаш ду, вирдан куьйгалхоша а, "тӀеман гарано" а лело гӀуллакхаш "мафих тера" ду аьлла талла. Вуьшта аьлча, зуламан йукъаралла вовшахтохаран хьокъехь долчу низамашца талла. Терроризман гIуллакхаш аьлла харжам бар пайден ду царна, лаккхарчу федералан ницкъахошна оцу тIехула премеш кхочур ду, керла седарчий а лур ду, аьла хета хьастана.
Цо дийцарехь, цу гӀуллакхо батIалхьажойн хьокъехь керла гайтаме гIуллакхаш ийдан тарло, амма царна массарна а тIаьхьабевр бу аьлла ца хета шен бохура цо, республикехь протесташ хиларна кхоьруш. И бохург ду, вирд довр цахилар, цу тIе цуьнан дуккха а декъашхой ГӀалгӀайчура дӀабахана: цхьаберш Туркойчу, ткъа уггаре а Ӏаткъаме берш- Нохчийчу. Цул сов, вежаралла дӀатаса сацам бинчунна хӀинца а Iожаллин кхерам лаьтташ бу.
"Царех дукхахберш- цхьа могIарера миска къинхьегамхой бу", - бохура къамелдечо.
Цу гӀуллакхо йукъаийзор болчу 99,99% нах кхеташ бац хуьлуш долчух
«Крокусехь» хиллачу терактех дерг аьлча, хьостано йукъара ца доккху, вежараллин декъашхоша концертан залехь тӀелатар динчу нахана герз доьхкина хила тарлуш хилар. Амма, бохура цо, тамаш бу-кх, царна и герз стенна оьшуш хилла ГIалгIайчохь болчу кхарна хууш хиллехь. Ичкерих уьш боьзна бохург а шеконе хета къамелхочунна, Iедалхоша сепаратизм лоручу гIуллакхца церан бала ца хилла, уьш шайн бизнес лелош, коррупци а, криминал а лелош лелла нах бу.
Оцу йукъанна къамелдечунна хетарехь, республикера хьал дIатен а тарло: нагахь санна низамехь доцуш герз чукхоьхьу некъаш ницкъахоша дIакъовлахь, нахана йукъахь герзаш а детташ, девнаш къестор а сацадайтахь.
Нохчийчоьнан урхалхо хIинца йукъагIуртур вуй-те царна, йа къайлах батIалхьажошна бовдуш гIо дийр дуй-те? Оцу хаттарна жоп дала ца хIоьттира редакцин хьаста, амма, бохура цо, вирд "кадыровхойн ГIалгIайчуьра пхоьалгIа колонна йу".
Нохчийн историко Вачагаев Майрбека тидам тIебохуьйту Кадыровн батIалхьажошца йолу йукъаметтигаш и вирд кхоьллинчуьнца йоьзна хиларна. Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь ур-атталла шейх Белхароев БатIал-Хьаьжин цӀарах маьждиг а ду. Цуьнан сий деш цIе тиллина, Оьрсийчохь цхьаъ бен доцу маьждиг ду и, бохура цо.
Амма цу альянсах пайда хуьлучул а, алсам проблемаш лаьттина Нохчийчоьнан урхалхочунна аьлла хета Вачагаевна. Цунна хетарехь, Кадыровн гӀортор оьшуш берш бара шаьш батIалхьажой, цунна ца оьшура цаьргара хIуммаъ а. Царех цхьаберш, шаьш Соьлжа-ГӀала дӀабоьлхучу заманчохь цо тIетовжийла а хуьлуьйтур йу, цо шаьш Iалашдийр ду аьлла, ойла йолуш дина хIума дара.
Нохчийчоьнан куьйгалхо батIалхьажойх террорхой алар дIадаккха гIуртур ву, Оьрсийчоьнан Ӏедалша бина сацам нийса бац а бохуш, аьлла хета историкна,
"И сацам тIеоьцуш хилларг кхеташ ца хилла, ша лелочух. И сацам бале бер болчарех 99,99% нах кхеташ бац хилларг хIун ду, шаьш цIеххьана оцу тохарна бухахь стенна нисделла а", - кхетадо Вачагаевс.
Иза а тешна ву, советан заманахь а санна, и вирд дуьсур ду аьлла: вежараллехь шаьш доцуш санна "кеп хIиттор йу цара", ткъа цара лелориг а мел а къайлах хир ду.
БатIалхьажоша Украинан эскарна "гӀо" дина бохучух лаьцна комментари йеш, историко дӀахьедо, шена хууш цхьа а цу тайпа гӀуллакх хааделла дац аьлла. Украинан герзахойн ницкъашкахь тӀом бечу гӀалгӀайх цхьаммо а аьлла дац, ша цу вирдца уьйр йолуш ву аьлла. Цул сов, тамаш бу-кх, йукъараллин декъашхойх цхьаъ украинхойн дакъошлахь тIаме гIуриг хиларх, вукху агIор шайна дуьхьал тIом беш шайн вирдера "БРБР-н" декъашхой хир буйла а хууш.
"Иза хиллане а хила йиш йоцург ду", - дерзийра къамелхочо ша дуьйцург.
Къилбаседа Кавказан эксперто, дIайохийначу «Мемориал» организацин кхеташонан куьйгалхо хиллачу бакъонашларъйархочо Черкасов Александра а билгалдоккху, батIалхьажой террорхой бу аьлла, дIакхайкхийначу официалан версица харцонаш хилар. Къаьсттина, бохура цо, цара радикалан исламисташца, «Кавказан Имаратца», йа «Крокусна» тIелеттачу даIишан тIемалошца йукъарлонаш лелийна бахар.
Бакъонашларйархочо дийцарехь, Къилбаседа Кавказехь герзаца йолчу къайленан радикалан лидерша а, Кавказан Имарат (тӀаьхьо «Исламан пачхьалкх» гаранаш) кхоьллинчара а, Йуккъерчу Азин ДАӀИШ-ан гаранан (Хорасан Вилает) декъашхоша а шаьш "Пайхамаран а, Пайхамаран а заманан цӀена исламан" агӀончаш лору. Цара йухатоьхна цул тӀаьхьа "тӀетоьхна кепаш", шайна йукъахь шейх Белхороев БатIал-Хьаьжин мурдаша дӀакхайкхош йолу суфизм а йолуш. Цундела церан цхьаьнаболхбар – хуьлийла иза «Крокус» теракт кечъеш, йа 2004-чу шарахь ГӀалгӀайчоьнна тӀелатар деш – каноникан агӀор хьаьжча абсурд йу, хӀунда аьлча цу кепара цхьаьна болх беш хилча, бухера дуьйна тешам хила беза царан йукъахь.
"2004-чу шеран мангал-беттан 22-чу дийнан хиламашка хьаьжча, цигахь ГIалгIайчуьра ламастин бусалба йукъараллица уьйраш хиларх лар а йац, - бохура Черкасовс.– ХIетахь Басаев Шемил вара, амма йацара цу хенахь «Кавказан Имарат», йанне а йацара «Исламан пачхьалкх» а. 1990-чу шерашкара схьа дуьйна батIалхьажойн цаьрца уьйраш хилла ма бохий къайлахчу сервисийн а, Талламан комитетан а, прокуратурин а йоазанашка хьаьжча. Радикализацигахьа бирзинчу гIалгIашна тIетоьвжира Басаев. Кхерамзаллин сервисаша хӀинца постфактумехь батIалхьажой дӀатоьхна цу тӀелатарх а, 2007-чу шарахь «Имарат» кхолларх а. Тоххара а ишта "бустамаш бохуш, йоруш, тоьгуш говзаллица" цара кхиаме пайдаоьцура "украинхойн лар" йу бохуш, верси кхуллуш, цул тIаьхьа «Крокусехь» батIалхьажойн вирдера декъашхоша дакъалаьцна а бохуш. Шаьш толлуш долу гIуллакх мехала хилийта гIерташ, иза кхечу даккхийчу гIуллакхашца а дузуш, шайггара даим а санна дуьхьалдохуш гIуллакхаш ду. ХIинца хIара норма ма йуй, Советан заманара чекистийн а, НКВД-н а, ГБ-н а "йозанан ламастах" кхиъна йолу.
Бакъонашларйархочо билгалдоккху, 2000-чу шерашкахь батIалхьажойн дукха дика йукъарлонаш дара меттигерчу ницкъахошца, ишта «Э» Центрца а. И гергарло 2010-чу шаре схьадеара цара. Вирдан агIончаш шайн хаза дуьне дууш Iаш бара, гонаха долчуьнца бала а боцуш, Iедалхоша шайн терго йаллалц..
2000-гIа шерийн чакхенехь ГIалгIайчоьнан муфтийтна а, ламастийн суфийн йукъараллашна а, махкарчу лаккхарчу Iедална – Евкуров Юнус-Бекна, йукъахь хьал талха доладелира. Ткъа Эльджаркиев виэрца, къайлахчу сервисаша вирдана дуьхьал шайна марзйелла кепаш йаха йолийра. ХIинца седарчашна а, даржашна а тIаьхьабевлла.
"Низамехь йац аьлла дIакхайкхийна йоллу батIалхьажойн йукъаралла Лакхарчу кхелан сацамца. И бахьана долуш хIинца вовшахкхетта ламазаш деш лацахь а, жоьпалле ийзор бу. Ишта ма нисделира «Иеговн Тешаш» экстремисташ, ткъа 2003-чу шарахь «Хиз бут-ТахIрир» террорхой бу аьлла дIакхайкхорца а, масала. Ишта логика а, регламент а йу "ницкъахойн" белхан. Шайн динца догIу Iадаташ леладо аьлла, йаккхий йукъараллашна тIаьхьабийларо, ницкъбар кхин тIе а чIагIдо. И гойту тIаьххьарчу ткъе итт шерашкахь Оьрсийчоьнан зеделлачо. Амма йа Талламан комитето а, йа ФСБ-но а оцу "школехь" дешначух тера дац", - кхиндIа а дуьйцура Черкасовс.
Къамелдечо билгалдоккху, Лакхарчу кхелан сацамо радикализаци йан тарло батIалхьажойн юкъараллина, иза "хьалха стенна бехкейинехь а", исламан радикализм лелийна аьлла, хаайелла йацра. Амма цуьнца цхьаннан а бала боцчух тера ду.
"Вай марзделла массо а хIумана Кремль а, цуьнан зуламе планаш а бехкейан. Советан заманарчу кехаташца болх бина зеделларг хиларна вай кхеташ ду, иза "Москван логика" йоций, йа логика а йац иза. Кремлехь берш ламанан лакхенехь бисина, дуьненан паччахьаллин Iалашонаш луьстуш, политикан директиваш арахоьцуш, "сигналашца урхалла деш". И сигналаш а, директиваш а каннибалистийн хила тарло, амма политикан пейзажо эххар а лахарчу гIате а йерзош. Цигахь лакхара паччахьалла деш йу низам кхочушдархойн абсурде логико, погонаш лелочу бюрократаша а, могIарерчу нехан духар лелочара а. Изза ма дара коллективизацин а, Йоккхачу Терроран а, халкъаш махках даьхначу а муьрашкахь а. Цара дукха чIогIа къахийгира, шайна тIедиллинчул а алсамдуьйлуш, хIунда аьлча и догIуш дара повесткица, куьйгалхоша хестабора, даржехь лакхабуьйлура. Вайна гуш ма-хиллара, и заманаш йуха йаькхина: Лакхарчу кхело бечу сацамийн тIаьхьалонаш хьаькамийн коьрташ чу ца йаькхинчух тера ду",- дерзйира бакъонашларйархочо.
- Шайн тIеман гара террорхойн ларарна дуьхьал батIалхьажоша чуделла арз листа дуьхьало йар тIечIагIдира гIадужу-беттан 20-чохь Москва гIалин кхело.
- Къилбаседа Кавказехь 2026-гIа карадеачхьана теракташ кечйарна, терроримзана ахча латторна, цунна пропаганда йарна, иза бакъйарна 260 стаг лаьцна. Царех дукхахберш 20 шаре бевлла а бац, бу царлахь кхиазхой а цхьана. Цунах лаьцна дIахьедира ФСБ-н директоро Бортников Александра.
- Пачхьалкхана а, бахархошна а дуьхьал зуламаш дина олий, Оьрсийчохь кест-кеста бехкебо кхиазхрй. Оцу гIуллакхех лаьцна хаамбо бакъоларйаран органаша а, кхайлахчу сервисаша а. Дукха меттигашкахь, цхьана а кепара тоьшаллаш ца далош, дIахьедо, лецнарш "Украинерчу кураторийн Iалашонаш" кхочушйеш бара олий. Тхан редакцино къамел динчу бакъонашларйархоша дийцарехь, дукха хьолахь кхиазхошна тIаьхьабуьйлу, ницкъахоша шайгара провокацеш а лелайой.
- Социалан-экономикан гайтамашца бовзуьйтуш хIоттийначу рейтингехь Къилбаседа Кавказ сих-сиха тIаьххьарчу могIаршкахь нисло. Тхан редакцино къастийра, и регонаш аутсайдерш стенна йуьсу а, адамийн дахарна цо мел Iаткъам бо а.